Loading surah...
Back to Chechen Quran
8 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ أَلْهَىٰكُمُ ٱلتَّكَاثُرُ
Шу духа тоьхна /Далла гIуллакх дарах/ шуна /дехница а‚ доьзалшца а/ алсам хилар лааро‚
حَتَّىٰ زُرْتُمُ ٱلْمَقَابِرَ
Шу кешнашка дерзалц /дIакхалхар тIехIотталц Дела дага ца вогIу шуна/.
كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!
ثُمَّ كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
ТIаккха хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!
كَلَّا لَوْ تَعْلَمُونَ عِلْمَ ٱلْيَقِينِ
ХIан-хIа! Шу хууш делхьара бакъ долу Iилма
لَتَرَوُنَّ ٱلْجَحِيمَ
Шуна ганне гур ма яра жоьжахати.
ثُمَّ لَتَرَوُنَّهَا عَيْنَ ٱلْيَقِينِ
ТIаккха шуна гур ма яра иза баккъалла а, /шайн/ бIаьрга.
ثُمَّ لَتُسْـَٔلُنَّ يَوْمَئِذٍ عَنِ ٱلنَّعِيمِ
ТIаккха шуьга хаттанне хоттур ма ду оцу дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ниIматех.