Loading surah...
Back to Chechen Quran
9 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ وَيْلٌۭ لِّكُلِّ هُمَزَةٍۢ لُّمَزَةٍ
Боккха бала бу массо /нахах/ луьйш волчунна а‚ /нах/ сийсазбеш волчунна а‚
ٱلَّذِى جَمَعَ مَالًۭا وَعَدَّدَهُۥ
Ша /дуьненан/ хьал гулдеш хиллачу и дагардеш хиллачу‚ /массо хIуманна дуьхьал иза кечдеш хиллачу/.
يَحْسَبُ أَنَّ مَالَهُۥٓ أَخْلَدَهُۥ
Иза метташ ву шен хьоло ша гуттар латтор ву /дуьненахь‚ ца волуьйтуш/.
كَلَّا ۖ لَيُنۢبَذَنَّ فِى ٱلْحُطَمَةِ
ХIан-хIа! Иза кхоссанне кхуссур ву кийсагаш еш йолчу хIумана чу.
وَمَآ أَدْرَىٰكَ مَا ٱلْحُطَمَةُ
Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун кийсагаш еш йолу хIума ю?
نَارُ ٱللَّهِ ٱلْمُوقَدَةُ
Делан цIе ю иза латийна йолу‚
ٱلَّتِى تَطَّلِعُ عَلَى ٱلْأَفْـِٔدَةِ
Ша дегний тIе ер йолу.
إِنَّهَا عَلَيْهِم مُّؤْصَدَةٌۭ
Баккъалла а, иза царна тIехь нартол йолуш хир ю‚
فِى عَمَدٍۢ مُّمَدَّدَةٍۭ
Дахдинчу бIогIамаш тIехь.