Loading surah...
Back to Chechen Quran
123 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓر ۚ كِتَٰبٌ أُحْكِمَتْ ءَايَٰتُهُۥ ثُمَّ فُصِّلَتْ مِن لَّدُنْ حَكِيمٍ خَبِيرٍ
Алиф-лам-ра. Ша хьукаме волчуьнгара‚ ша сов хууш волчуьнгара Шен аяташ хьукаме дина долу‚ тIаккха къастийна жайна /КъурIан ду хIара/.
أَلَّا تَعْبُدُوٓا۟ إِلَّا ٱللَّهَ ۚ إِنَّنِى لَكُم مِّنْهُ نَذِيرٌۭ وَبَشِيرٌۭ
Аша Iибадат ца дархьама Далла бен. "Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча а ву"‚- аьлла.
وَأَنِ ٱسْتَغْفِرُوا۟ رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوٓا۟ إِلَيْهِ يُمَتِّعْكُم مَّتَٰعًا حَسَنًا إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى وَيُؤْتِ كُلَّ ذِى فَضْلٍۢ فَضْلَهُۥ ۖ وَإِن تَوَلَّوْا۟ فَإِنِّىٓ أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍۢ كَبِيرٍ
Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аша тоба де Цуьнга – Цо шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ массо дозалла долчунна шен дозалла а лур ду. Шу духадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах.
إِلَى ٱللَّهِ مَرْجِعُكُمْ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌ
"Деле ду шун дIадерзар. И массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву".
أَلَآ إِنَّهُمْ يَثْنُونَ صُدُورَهُمْ لِيَسْتَخْفُوا۟ مِنْهُ ۚ أَلَا حِينَ يَسْتَغْشُونَ ثِيَابَهُمْ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُۥ عَلِيمٌۢ بِذَاتِ ٱلصُّدُورِ
Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш хьийзош, Цунах хьулдархьама. Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг.
۞ وَمَا مِن دَآبَّةٍۢ فِى ٱلْأَرْضِ إِلَّا عَلَى ٱللَّهِ رِزْقُهَا وَيَعْلَمُ مُسْتَقَرَّهَا وَمُسْتَوْدَعَهَا ۚ كُلٌّۭ فِى كِتَٰبٍۢ مُّبِينٍۢ
Цхьа а дийнат дац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъа долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дIагIойла а, – массо а билгалчу жайнан чохь ду.
وَهُوَ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ وَكَانَ عَرْشُهُۥ عَلَى ٱلْمَآءِ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًۭا ۗ وَلَئِن قُلْتَ إِنَّكُم مَّبْعُوثُونَ مِنۢ بَعْدِ ٱلْمَوْتِ لَيَقُولَنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِنْ هَٰذَآ إِلَّا سِحْرٌۭ مُّبِينٌۭ
И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ Цуьнан Iарш хи тIехь яра‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца мелхо а диканиг. Ахьа аьлча: "Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа"‚ керстанаша аллане а эр ду: "Иза-м билггала бозбуанчалла ма дуй?"
وَلَئِنْ أَخَّرْنَا عَنْهُمُ ٱلْعَذَابَ إِلَىٰٓ أُمَّةٍۢ مَّعْدُودَةٍۢ لَّيَقُولُنَّ مَا يَحْبِسُهُۥٓ ۗ أَلَا يَوْمَ يَأْتِيهِمْ لَيْسَ مَصْرُوفًا عَنْهُمْ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا۟ بِهِۦ يَسْتَهْزِءُونَ
Оха царех Iазап тIаьхьатеттича цхьа масийтта ханна‚ цара алаза дуьтур дац: "Стено сацийна и /Iазап/?" Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царех дIатилар ма дац! Уьш шех цабешаш хилларг царех дIа ма хьаьрчира.
وَلَئِنْ أَذَقْنَا ٱلْإِنسَٰنَ مِنَّا رَحْمَةًۭ ثُمَّ نَزَعْنَٰهَا مِنْهُ إِنَّهُۥ لَيَـُٔوسٌۭ كَفُورٌۭ
Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича – и догдуьллург а‚ (Делан ниIматана) керста а ма хуьлу.
وَلَئِنْ أَذَقْنَٰهُ نَعْمَآءَ بَعْدَ ضَرَّآءَ مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ ذَهَبَ ٱلسَّيِّـَٔاتُ عَنِّىٓ ۚ إِنَّهُۥ لَفَرِحٌۭ فَخُورٌ
Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу баланал тIаьхьа‚ цо алаза ма ца дуьту: "Къинош дIадахна соьх". Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу.
إِلَّا ٱلَّذِينَ صَبَرُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُم مَّغْفِرَةٌۭ وَأَجْرٌۭ كَبِيرٌۭ
Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш – царна гечдар а‚ йоккха ял а ю.
فَلَعَلَّكَ تَارِكٌۢ بَعْضَ مَا يُوحَىٰٓ إِلَيْكَ وَضَآئِقٌۢ بِهِۦ صَدْرُكَ أَن يَقُولُوا۟ لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْهِ كَنزٌ أَوْ جَآءَ مَعَهُۥ مَلَكٌ ۚ إِنَّمَآ أَنتَ نَذِيرٌۭ ۚ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ وَكِيلٌ
Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца вехьиш дуьтуш‚ цуьнца хьан дог гатлеш цара олуш хиларна: "Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цуьнца". Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо хIуманна тIехь векал ву.
أَمْ يَقُولُونَ ٱفْتَرَىٰهُ ۖ قُلْ فَأْتُوا۟ بِعَشْرِ سُوَرٍۢ مِّثْلِهِۦ مُفْتَرَيَٰتٍۢ وَٱدْعُوا۟ مَنِ ٱسْتَطَعْتُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Я цара аларна: "И цо кхоьллина". Ахьа ала: "Аша даладел делахь цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу‚ кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.
فَإِلَّمْ يَسْتَجِيبُوا۟ لَكُمْ فَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّمَآ أُنزِلَ بِعِلْمِ ٱللَّهِ وَأَن لَّآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَهَلْ أَنتُم مُّسْلِمُونَ
Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла‚ И воцург кхин дела воцийла. Шу бусулбанаш хуьлий (шу Далла муьтIахь хуьлий)?
مَن كَانَ يُرِيدُ ٱلْحَيَوٰةَ ٱلدُّنْيَا وَزِينَتَهَا نُوَفِّ إِلَيْهِمْ أَعْمَٰلَهُمْ فِيهَا وَهُمْ فِيهَا لَا يُبْخَسُونَ
Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а езаш хиллачунна – церан /дикачу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха‚ уьш цу (дуьнена) чохь/рицкъах/ эшор бац.
أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ لَيْسَ لَهُمْ فِى ٱلْءَاخِرَةِ إِلَّا ٱلنَّارُ ۖ وَحَبِطَ مَا صَنَعُوا۟ فِيهَا وَبَٰطِلٌۭ مَّا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе а бен йоцурш. ХIаллакьхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг /пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикачух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь/.
أَفَمَن كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍۢ مِّن رَّبِّهِۦ وَيَتْلُوهُ شَاهِدٌۭ مِّنْهُ وَمِن قَبْلِهِۦ كِتَٰبُ مُوسَىٰٓ إِمَامًۭا وَرَحْمَةً ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِۦ ۚ وَمَن يَكْفُرْ بِهِۦ مِنَ ٱلْأَحْزَابِ فَٱلنَّارُ مَوْعِدُهُۥ ۚ فَلَا تَكُ فِى مِرْيَةٍۢ مِّنْهُ ۚ إِنَّهُ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّكَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Ткъа шен Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг‚ шена тIаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а /хиллачу хьолехь – тера ву кхечаьрга?/ – уьш цунах /КъурIанах/ тешаш бу. Тобанех цунна керсталла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунах шеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна‚ делахь а дукхахболу нах ца теша.
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ ٱفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ يُعْرَضُونَ عَلَىٰ رَبِّهِمْ وَيَقُولُ ٱلْأَشْهَٰدُ هَٰٓؤُلَآءِ ٱلَّذِينَ كَذَبُوا۟ عَلَىٰ رَبِّهِمْ ۚ أَلَا لَعْنَةُ ٱللَّهِ عَلَى ٱلظَّٰلِمِينَ
Мила ву, ткъа, алсам зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла хьалха хIоттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: "ХIорш ма бу шайн Дела харцвинарш‚ Делан неIалт яц, ткъа, зуламхошна?!
ٱلَّذِينَ يَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًۭا وَهُم بِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ كَٰفِرُونَ
Шаьш Делан новкъах /нах/ дIатилош хилла болчу‚ шаьш и талхо лууш болчу‚ – эхартана уьш керстанаш хилла".
أُو۟لَٰٓئِكَ لَمْ يَكُونُوا۟ مُعْجِزِينَ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا كَانَ لَهُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ مِنْ أَوْلِيَآءَ ۘ يُضَٰعَفُ لَهُمُ ٱلْعَذَابُ ۚ مَا كَانُوا۟ يَسْتَطِيعُونَ ٱلسَّمْعَ وَمَا كَانُوا۟ يُبْصِرُونَ
Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийцо/, Дела воцург доттагIий ца хилира царна‚ тIеттIа Iазап ду царна‚ ладогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш.
Page 1 of 7 (123 ayahs)