Loading surah...
Back to Chechen Quran
43 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓمٓر ۚ تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ۗ وَٱلَّذِىٓ أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ ٱلْحَقُّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Алиф-лам-мим-ра. ХIорш жайнан аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-кхобучуьнгара доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а дукхахболу нах ца теша.
ٱللَّهُ ٱلَّذِى رَفَعَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ بِغَيْرِ عَمَدٍۢ تَرَوْنَهَا ۖ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ ۖ وَسَخَّرَ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ ۖ كُلٌّۭ يَجْرِى لِأَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۚ يُدَبِّرُ ٱلْأَمْرَ يُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لَعَلَّكُم بِلِقَآءِ رَبِّكُمْ تُوقِنُونَ
Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш бIогIам а боцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла И Iарша тIехь‚ малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо – массо а дIа-схьаоьху тоьхна ханна. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху – шу шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьаьнакхетарх теша мегар-кха.
وَهُوَ ٱلَّذِى مَدَّ ٱلْأَرْضَ وَجَعَلَ فِيهَا رَوَٰسِىَ وَأَنْهَٰرًۭا ۖ وَمِن كُلِّ ٱلثَّمَرَٰتِ جَعَلَ فِيهَا زَوْجَيْنِ ٱثْنَيْنِ ۖ يُغْشِى ٱلَّيْلَ ٱلنَّهَارَ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَتَفَكَّرُونَ
Иза ву латта даржийнарг‚ цунна тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо стоьмах цунна /лаьтта/ тIехь Цо хилийтина ши тайпа‚ буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана.
وَفِى ٱلْأَرْضِ قِطَعٌۭ مُّتَجَٰوِرَٰتٌۭ وَجَنَّٰتٌۭ مِّنْ أَعْنَٰبٍۢ وَزَرْعٌۭ وَنَخِيلٌۭ صِنْوَانٌۭ وَغَيْرُ صِنْوَانٍۢ يُسْقَىٰ بِمَآءٍۢ وَٰحِدٍۢ وَنُفَضِّلُ بَعْضَهَا عَلَىٰ بَعْضٍۢ فِى ٱلْأُكُلِ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ
Лаьттахь ул-уллохь дакъой ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду тухуш царех‚ царех цхьаерш вукхарел язйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана.
۞ وَإِن تَعْجَبْ فَعَجَبٌۭ قَوْلُهُمْ أَءِذَا كُنَّا تُرَٰبًا أَءِنَّا لَفِى خَلْقٍۢ جَدِيدٍ ۗ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِرَبِّهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ ٱلْأَغْلَٰلُ فِىٓ أَعْنَاقِهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: "Тхоьх латта хилча керлачу кхолларна чохь хир ду тхо‚ (юха а денлур ду тхо)?" Уьш бу шайн Кхиош-кхобучунна керсталла динарш‚ церан логийх буржулш ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.
وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِٱلسَّيِّئَةِ قَبْلَ ٱلْحَسَنَةِ وَقَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِمُ ٱلْمَثُلَٰتُ ۗ وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍۢ لِّلنَّاسِ عَلَىٰ ظُلْمِهِمْ ۖ وَإِنَّ رَبَّكَ لَشَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Хьо сихвеш ву цара вочуьнца дикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале таIзарш. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш ву нахана церан зуламна тIехь. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-кхобург чIогIаниг а ву бекхамца.
وَيَقُولُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْهِ ءَايَةٌۭ مِّن رَّبِّهِۦٓ ۗ إِنَّمَآ أَنتَ مُنذِرٌۭ ۖ وَلِكُلِّ قَوْمٍ هَادٍ
Цатешачара олу: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа делил доссинехьара цуьнга!" Хьо дIахоуьйтург ву. ХIора халкъана баьчча ву.
ٱللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَحْمِلُ كُلُّ أُنثَىٰ وَمَا تَغِيضُ ٱلْأَرْحَامُ وَمَا تَزْدَادُ ۖ وَكُلُّ شَىْءٍ عِندَهُۥ بِمِقْدَارٍ
Далла хаьа хIор стен (сева хIуманано) /кийрахь/ хьош дерг‚ беран цIийнан тIераэшар а‚ тIекхетар а‚ массо хIума Цуьнан гергахь барамца ду.
عَٰلِمُ ٱلْغَيْبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ ٱلْكَبِيرُ ٱلْمُتَعَالِ
Къайлах дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза.
سَوَآءٌۭ مِّنكُم مَّنْ أَسَرَّ ٱلْقَوْلَ وَمَن جَهَرَ بِهِۦ وَمَنْ هُوَ مُسْتَخْفٍۭ بِٱلَّيْلِ وَسَارِبٌۢ بِٱلنَّهَارِ
/Цу Далла/ цхьанийсса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буьйсанна хьуллеш верг а‚ дийнахь дIа-схьа уьдуш верг а.
لَهُۥ مُعَقِّبَٰتٌۭ مِّنۢ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِۦ يَحْفَظُونَهُۥ مِنْ أَمْرِ ٱللَّهِ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُغَيِّرُ مَا بِقَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا۟ مَا بِأَنفُسِهِمْ ۗ وَإِذَآ أَرَادَ ٱللَّهُ بِقَوْمٍۢ سُوٓءًۭا فَلَا مَرَدَّ لَهُۥ ۚ وَمَا لَهُم مِّن دُونِهِۦ مِن وَالٍ
Цунна (адамна) шен хьалхахула а‚ шен тIехьахула а шеца цхьаьна леларш ду‚ шаьш и Iалашвеш Делан омрица. Баккъалла а, Дала нахана хIумма а ца хийцадо, цара шаьш шайна хийцадаллац. Далла нахана вониг лиъча, цунна бухатохам бац‚ И воцург урхалча ма вац царна.
هُوَ ٱلَّذِى يُرِيكُمُ ٱلْبَرْقَ خَوْفًۭا وَطَمَعًۭا وَيُنشِئُ ٱلسَّحَابَ ٱلثِّقَالَ
И ву шуна кхерамца а‚ догдахарца а ткъес гойтуьйтуш верг‚ Цо кхиайо еза марха.
وَيُسَبِّحُ ٱلرَّعْدُ بِحَمْدِهِۦ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةُ مِنْ خِيفَتِهِۦ وَيُرْسِلُ ٱلصَّوَٰعِقَ فَيُصِيبُ بِهَا مَن يَشَآءُ وَهُمْ يُجَٰدِلُونَ فِى ٱللَّهِ وَهُوَ شَدِيدُ ٱلْمِحَالِ
Стигал къовкъаро а, Цунна хастам барца‚ маликаша а, Цунах кхерарца, тасбахь до‚ стелахаьштигаш дохуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делехьа къуьйсуш болуш‚ Иза – ницкъанан чIогIаниг ву.
لَهُۥ دَعْوَةُ ٱلْحَقِّ ۖ وَٱلَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِۦ لَا يَسْتَجِيبُونَ لَهُم بِشَىْءٍ إِلَّا كَبَٰسِطِ كَفَّيْهِ إِلَى ٱلْمَآءِ لِيَبْلُغَ فَاهُ وَمَا هُوَ بِبَٰلِغِهِۦ ۚ وَمَا دُعَآءُ ٱلْكَٰفِرِينَ إِلَّا فِى ضَلَٰلٍۢ
Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар. И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьана а хIуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хичахула шайн куьйгаш даржийначух, иза шен бага дахийта. Ткъа и ца гIо цига. Цатешачеран доIа ма дац тиларчохь бен.
وَلِلَّهِ يَسْجُدُ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ طَوْعًۭا وَكَرْهًۭا وَظِلَٰلُهُم بِٱلْغُدُوِّ وَٱلْءَاصَالِ ۩
Далла сужд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг лууш-ца лууш а‚ церан IиндагIаш а /ду Цунна сужд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а.
قُلْ مَن رَّبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ قُلِ ٱللَّهُ ۚ قُلْ أَفَٱتَّخَذْتُم مِّن دُونِهِۦٓ أَوْلِيَآءَ لَا يَمْلِكُونَ لِأَنفُسِهِمْ نَفْعًۭا وَلَا ضَرًّۭا ۚ قُلْ هَلْ يَسْتَوِى ٱلْأَعْمَىٰ وَٱلْبَصِيرُ أَمْ هَلْ تَسْتَوِى ٱلظُّلُمَٰتُ وَٱلنُّورُ ۗ أَمْ جَعَلُوا۟ لِلَّهِ شُرَكَآءَ خَلَقُوا۟ كَخَلْقِهِۦ فَتَشَٰبَهَ ٱلْخَلْقُ عَلَيْهِمْ ۚ قُلِ ٱللَّهُ خَٰلِقُ كُلِّ شَىْءٍۢ وَهُوَ ٱلْوَٰحِدُ ٱلْقَهَّٰرُ
Ала: "Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла?" Ала: "Дела ву". Ала: "Ткъа, Иза а вуьтий, верасаш лоцу аша‚ шайн догIмашна пайда а‚ я зен шайн долахь боцу?" Ала: "Нислой, ткъа, бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я нислой, ткъа, боданаш а‚ нур а?" Я Далла царах накъостий хилийтина‚ цара кхоьллина Цо кхуллуш санна? Кхоллар тарделла царна? Ахьа ала: "Массо а хIуманан кхоллархо ву Дела. И ша цхьа верг а‚ ницкъберг а ву".
أَنزَلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَسَالَتْ أَوْدِيَةٌۢ بِقَدَرِهَا فَٱحْتَمَلَ ٱلسَّيْلُ زَبَدًۭا رَّابِيًۭا ۚ وَمِمَّا يُوقِدُونَ عَلَيْهِ فِى ٱلنَّارِ ٱبْتِغَآءَ حِلْيَةٍ أَوْ مَتَٰعٍۢ زَبَدٌۭ مِّثْلُهُۥ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ ٱللَّهُ ٱلْحَقَّ وَٱلْبَٰطِلَ ۚ فَأَمَّا ٱلزَّبَدُ فَيَذْهَبُ جُفَآءًۭ ۖ وَأَمَّا مَا يَنفَعُ ٱلنَّاسَ فَيَمْكُثُ فِى ٱلْأَرْضِ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ ٱللَّهُ ٱلْأَمْثَالَ
Цо доссийна стиглара хи – тулгIенаш Iоврашца ихира шайн барамехь‚ Iовро яьхьира аййелла чопа‚ цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш лоьхуш ягаечух а, чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал. Чопа эрна дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш.
لِلَّذِينَ ٱسْتَجَابُوا۟ لِرَبِّهِمُ ٱلْحُسْنَىٰ ۚ وَٱلَّذِينَ لَمْ يَسْتَجِيبُوا۟ لَهُۥ لَوْ أَنَّ لَهُم مَّا فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا وَمِثْلَهُۥ مَعَهُۥ لَٱفْتَدَوْا۟ بِهِۦٓ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ سُوٓءُ ٱلْحِسَابِ وَمَأْوَىٰهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ ٱلْمِهَادُ
Шен Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна хазаниг (ялсамани) ду. Цунна жоп ца деллачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (ялсаманих) дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон (дIавуьжу) мотт бу и!
۞ أَفَمَن يَعْلَمُ أَنَّمَآ أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ ٱلْحَقُّ كَمَنْ هُوَ أَعْمَىٰٓ ۚ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
Ткъа хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚
ٱلَّذِينَ يُوفُونَ بِعَهْدِ ٱللَّهِ وَلَا يَنقُضُونَ ٱلْمِيثَٰقَ
Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚
Page 1 of 3 (43 ayahs)