Loading surah...
Back to Chechen Quran
99 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓر ۚ تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ وَقُرْءَانٍۢ مُّبِينٍۢ
Алиф-лам-ра. Уьш жайнан а‚ билгалчу КъурIанан а аяташ ду.
رُّبَمَا يَوَدُّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَوْ كَانُوا۟ مُسْلِمِينَ
Цатешнарш хила мега шаьш бусулбанаш хила лууш.
ذَرْهُمْ يَأْكُلُوا۟ وَيَتَمَتَّعُوا۟ وَيُلْهِهِمُ ٱلْأَمَلُ ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро юкъахбоху уьш /иманах/‚ тIаьхьа хуур ду царна.
وَمَآ أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍ إِلَّا وَلَهَا كِتَابٌۭ مَّعْلُومٌۭ
Цхьа а юрт хIаллак ца йина Оха цуьнан /хIаллак ян/ хьалха тоьхна билгала хан йолуш бен.
مَّا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَـْٔخِرُونَ
Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалха дер ма дац‚ тIаьхьа дуьсур а ма дац.
وَقَالُوا۟ يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِى نُزِّلَ عَلَيْهِ ٱلذِّكْرُ إِنَّكَ لَمَجْنُونٌۭ
Цара элира: "ХIай, хьайга кхерам тасар доссош хилларг! Хьо жинийх ву!
لَّوْ مَا تَأْتِينَا بِٱلْمَلَٰٓئِكَةِ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ
Маликаш хIунда ца даладо ахьа тхуна‚ хьуо бакълуьйчарех хиллехь?"
مَا نُنَزِّلُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةَ إِلَّا بِٱلْحَقِّ وَمَا كَانُوٓا۟ إِذًۭا مُّنظَرِينَ
Маликаш ца доссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /Iазапах/ тIехьатеттинарш хир бацара.
إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا ٱلذِّكْرَ وَإِنَّا لَهُۥ لَحَٰفِظُونَ
Оха боссийна и хьехам (КъурIан). Оха и Iалашбийр а бу.
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ فِى شِيَعِ ٱلْأَوَّلِينَ
Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/.
وَمَا يَأْتِيهِم مِّن رَّسُولٍ إِلَّا كَانُوا۟ بِهِۦ يَسْتَهْزِءُونَ
Цхьа а элча ца веъна цаьрга, уьш иза сийсазвеш хуьлуш бен.
كَذَٰلِكَ نَسْلُكُهُۥ فِى قُلُوبِ ٱلْمُجْرِمِينَ
Иштта дуьллу Оха къинош дечийн дегнашка /иза/.
لَا يُؤْمِنُونَ بِهِۦ ۖ وَقَدْ خَلَتْ سُنَّةُ ٱلْأَوَّلِينَ
Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а.
وَلَوْ فَتَحْنَا عَلَيْهِم بَابًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ فَظَلُّوا۟ فِيهِ يَعْرُجُونَ
Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьала бовлуш,
لَقَالُوٓا۟ إِنَّمَا سُكِّرَتْ أَبْصَٰرُنَا بَلْ نَحْنُ قَوْمٌۭ مَّسْحُورُونَ
Цара эр ма дара: "Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуанчалла дина нах ду".
وَلَقَدْ جَعَلْنَا فِى ٱلسَّمَآءِ بُرُوجًۭا وَزَيَّنَّٰهَا لِلنَّٰظِرِينَ
Стиглахь гIаланаш йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна.
وَحَفِظْنَٰهَا مِن كُلِّ شَيْطَٰنٍۢ رَّجِيمٍ
Массо тIулгашца эккхош долчу шайтIанах и лар а йина Оха.
إِلَّا مَنِ ٱسْتَرَقَ ٱلسَّمْعَ فَأَتْبَعَهُۥ شِهَابٌۭ مُّبِينٌۭ
Ша къайлах ладугIуш доцучух – цуьнан тIехьа болу билгала болу седа.
وَٱلْأَرْضَ مَدَدْنَٰهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَٰسِىَ وَأَنۢبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ شَىْءٍۢ مَّوْزُونٍۢ
Латта а даржийна Оха‚ цу чу лаьмнаш а кхиссина‚ цу чохь далийтина Оха хIора барам болчу хIуманах.
وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَٰيِشَ وَمَن لَّسْتُمْ لَهُۥ بِرَٰزِقِينَ
Оха цу чохь бахам хилийтина шуна а‚ аша шайна рицкъа луш ца хиллачарна а /аккхарой, олхазарш,../.
Page 1 of 5 (99 ayahs)