Loading surah...
Back to Chechen Quran
110 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِىٓ أَنزَلَ عَلَىٰ عَبْدِهِ ٱلْكِتَٰبَ وَلَمْ يَجْعَل لَّهُۥ عِوَجَا ۜ
Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цунна гамо ца йинчу.
قَيِّمًۭا لِّيُنذِرَ بَأْسًۭا شَدِيدًۭا مِّن لَّدُنْهُ وَيُبَشِّرَ ٱلْمُؤْمِنِينَ ٱلَّذِينَ يَعْمَلُونَ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أَنَّ لَهُمْ أَجْرًا حَسَنًۭا
Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам тасийта Шегара чIогIачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъма нахана кхаъ баккхийта, шайна хаза ял хиларца.
مَّٰكِثِينَ فِيهِ أَبَدًۭا
Уьш цу чохь лаьтташ гуттар.
وَيُنذِرَ ٱلَّذِينَ قَالُوا۟ ٱتَّخَذَ ٱللَّهُ وَلَدًۭا
Кхерам таса, шаьш аьллачаьрна: "Дала доьзалхо лаьцна".
مَّا لَهُم بِهِۦ مِنْ عِلْمٍۢ وَلَا لِءَابَآئِهِمْ ۚ كَبُرَتْ كَلِمَةًۭ تَخْرُجُ مِنْ أَفْوَٰهِهِمْ ۚ إِن يَقُولُونَ إِلَّا كَذِبًۭا
Царна цуьнца Iилма дац‚ церан дайшна а. Доккха хили церан багахула долу дош. Харцдерг ма ду цара олуш дерг.
فَلَعَلَّكَ بَٰخِعٌۭ نَّفْسَكَ عَلَىٰٓ ءَاثَٰرِهِمْ إِن لَّمْ يُؤْمِنُوا۟ بِهَٰذَا ٱلْحَدِيثِ أَسَفًا
Хьо хила мега хьайн дог дохош царна тIехь‚ хIокху хабарех а тешац-те уьш‚ бохуш, халахеташ.
إِنَّا جَعَلْنَا مَا عَلَى ٱلْأَرْضِ زِينَةًۭ لَّهَا لِنَبْلُوَهُمْ أَيُّهُمْ أَحْسَنُ عَمَلًۭا
Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цуна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар хазаниг?
وَإِنَّا لَجَٰعِلُونَ مَا عَلَيْهَا صَعِيدًۭا جُرُزًا
Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел ерг декъа латта.
أَمْ حَسِبْتَ أَنَّ أَصْحَٰبَ ٱلْكَهْفِ وَٱلرَّقِيمِ كَانُوا۟ مِنْ ءَايَٰتِنَا عَجَبًا
Я хьо моьттуш вара-те и нокхин дай а‚ ракъим а Тхан аятийн /юккъехь/ тамаше хIума ду?
إِذْ أَوَى ٱلْفِتْيَةُ إِلَى ٱلْكَهْفِ فَقَالُوا۟ رَبَّنَآ ءَاتِنَا مِن لَّدُنكَ رَحْمَةًۭ وَهَيِّئْ لَنَا مِنْ أَمْرِنَا رَشَدًۭا
Цхьа къонахий ма лечкъира нокхи чу‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ Хьан гергара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхайн гIуллакхехь нисдалар".
فَضَرَبْنَا عَلَىٰٓ ءَاذَانِهِمْ فِى ٱلْكَهْفِ سِنِينَ عَدَدًۭا
Оха туьйхира церан лергийх /кирхьа/, нокхин чохь масийтта шо /делира церан/.
ثُمَّ بَعَثْنَٰهُمْ لِنَعْلَمَ أَىُّ ٱلْحِزْبَيْنِ أَحْصَىٰ لِمَا لَبِثُوٓا۟ أَمَدًۭا
ТIаккха Оха уьш денбира, Тхайна /нахана гучадоккхуш/ хаархьама шинан тобанах муьлха ю цара яьккхина хан дика ягаръеш.
نَّحْنُ نَقُصُّ عَلَيْكَ نَبَأَهُم بِٱلْحَقِّ ۚ إِنَّهُمْ فِتْيَةٌ ءَامَنُوا۟ بِرَبِّهِمْ وَزِدْنَٰهُمْ هُدًۭى
Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца.
وَرَبَطْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ إِذْ قَامُوا۟ فَقَالُوا۟ رَبُّنَا رَبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ لَن نَّدْعُوَا۟ مِن دُونِهِۦٓ إِلَٰهًۭا ۖ لَّقَدْ قُلْنَآ إِذًۭا شَطَطًا
Оха чIагIдира церан дегнаш уьш хьалагIевттича‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву хьо‚ Оха кхойкхур ма дац И воцчу Деле, – тIаккха Оха гIалат дерг эр ма дара!
هَٰٓؤُلَآءِ قَوْمُنَا ٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِهِۦٓ ءَالِهَةًۭ ۖ لَّوْلَا يَأْتُونَ عَلَيْهِم بِسُلْطَٰنٍۭ بَيِّنٍۢ ۖ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ ٱفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًۭا
ХIокху тхан къомо Иза воцург делий лаьцна. Цара деънехьара царна тIехь билгала делил! Мила ву, ткъа, вуно зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул?"
وَإِذِ ٱعْتَزَلْتُمُوهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ إِلَّا ٱللَّهَ فَأْوُۥٓا۟ إِلَى ٱلْكَهْفِ يَنشُرْ لَكُمْ رَبُّكُم مِّن رَّحْمَتِهِۦ وَيُهَيِّئْ لَكُم مِّنْ أَمْرِكُم مِّرْفَقًۭا
"Нагахь санна шу царех а‚ цара Дела витина Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ нокхечу дIалачIкъалаш – шуна баржор бу шун Кхиош-кхобучо Шен къинхетамах‚ кечдийр ду шуна шун гIуллакхах гIо".
۞ وَتَرَى ٱلشَّمْسَ إِذَا طَلَعَت تَّزَٰوَرُ عَن كَهْفِهِمْ ذَاتَ ٱلْيَمِينِ وَإِذَا غَرَبَت تَّقْرِضُهُمْ ذَاتَ ٱلشِّمَالِ وَهُمْ فِى فَجْوَةٍۢ مِّنْهُ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ ۗ مَن يَهْدِ ٱللَّهُ فَهُوَ ٱلْمُهْتَدِ ۖ وَمَن يُضْلِلْ فَلَن تَجِدَ لَهُۥ وَلِيًّۭا مُّرْشِدًۭا
Хьуна го малх схьакхетча дIахьаьвзаш церан нокхех аьтту агIорхула‚ дIабуьзча – царех дIатуьлуш аьрру агIорхула уьш цунах, шуьйрачу меттигехь болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг – иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг – цунна карор вац хьуна вали а‚ баьчча а.
وَتَحْسَبُهُمْ أَيْقَاظًۭا وَهُمْ رُقُودٌۭ ۚ وَنُقَلِّبُهُمْ ذَاتَ ٱلْيَمِينِ وَذَاتَ ٱلشِّمَالِ ۖ وَكَلْبُهُم بَٰسِطٌۭ ذِرَاعَيْهِ بِٱلْوَصِيدِ ۚ لَوِ ٱطَّلَعْتَ عَلَيْهِمْ لَوَلَّيْتَ مِنْهُمْ فِرَارًۭا وَلَمُلِئْتَ مِنْهُمْ رُعْبًۭا
Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб еш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агIор а‚ аьрру агIор а. Церан жIаьла шен ши ког а баржийна лаьтта неIсагIехь. Царна тIекхиънехь – вухавер вара хьо ведда‚ вузур вара хьо царех кхерарца.
وَكَذَٰلِكَ بَعَثْنَٰهُمْ لِيَتَسَآءَلُوا۟ بَيْنَهُمْ ۚ قَالَ قَآئِلٌۭ مِّنْهُمْ كَمْ لَبِثْتُمْ ۖ قَالُوا۟ لَبِثْنَا يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍۢ ۚ قَالُوا۟ رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَا لَبِثْتُمْ فَٱبْعَثُوٓا۟ أَحَدَكُم بِوَرِقِكُمْ هَٰذِهِۦٓ إِلَى ٱلْمَدِينَةِ فَلْيَنظُرْ أَيُّهَآ أَزْكَىٰ طَعَامًۭا فَلْيَأْتِكُم بِرِزْقٍۢ مِّنْهُ وَلْيَتَلَطَّفْ وَلَا يُشْعِرَنَّ بِكُمْ أَحَدًا
Иштта денбира Оха уьш, цаьрга вовшашка хеттийтархьама. Царех цхьана олучо элира: "Мел лаьттира шу?" Цара элира: "Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъашкахь?" Цара элира: "Шун Кхиош-кхобург дикахо хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аша вахийта шайх цхьаъ хIокху кехаташца гIала. Лохийла цо уггар цIена кхача – цунах рицкъа дохьийла цо шуна‚ сакх хуьлийла иза‚ цхьаьнгге ма хоуьйтила цо шух лаьцна.
إِنَّهُمْ إِن يَظْهَرُوا۟ عَلَيْكُمْ يَرْجُمُوكُمْ أَوْ يُعِيدُوكُمْ فِى مِلَّتِهِمْ وَلَن تُفْلِحُوٓا۟ إِذًا أَبَدًۭا
Баккъалла а, уьш шуна тIенислахь, цара тIулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине – тIаккха цкъеллига цкъа даккхийдер дац шу!"
Page 1 of 6 (110 ayahs)