Loading surah...
Back to Chechen Quran
286 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓمٓ
Алиф-лам-мим.
ذَٰلِكَ ٱلْكِتَٰبُ لَا رَيْبَ ۛ فِيهِ ۛ هُدًۭى لِّلْمُتَّقِينَ
ХIара жайна – цу чохь шеко яц – нийса некъ бу /Делах/ кхоьруш болчарна.
ٱلَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِٱلْغَيْبِ وَيُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَمِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ يُنفِقُونَ
Ишттанаш бу уьш тешаш къайленах /гуш доцчу хIуманех – ялсамани, жоьжахати, сур-тIай и. дI. кх./‚ хIуьттуш ламазна. Оха шайна деллачу рицкъанна тIера сагIа луш.
وَٱلَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِمَآ أُنزِلَ إِلَيْكَ وَمَآ أُنزِلَ مِن قَبْلِكَ وَبِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Ишттанаш а бу уьш – тешаш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух /КъурIанах‚ Товратах‚ Инжилах‚ и. дI. кх./ а‚ эхартах уьш кхоьруш а бу.
أُو۟لَٰٓئِكَ عَلَىٰ هُدًۭى مِّن رَّبِّهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ
Уьш бу шайн Делера нийсачу новкахь‚ уьш бу баккхийбийраш.
إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ سَوَآءٌ عَلَيْهِمْ ءَأَنذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنذِرْهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а. ца тешаш берш – царна бен дац ахьа шайна кхерам тесча а‚ ца тесча а‚ – уьш тешар бац.
خَتَمَ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَعَلَىٰ سَمْعِهِمْ ۖ وَعَلَىٰٓ أَبْصَٰرِهِمْ غِشَٰوَةٌۭ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌۭ
Церан дегнаш а‚ лергаш а мухIар тоьхна дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ – царна хир ду доккха Iазап.
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَقُولُ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ وَبِٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ وَمَا هُم بِمُؤْمِنِينَ
Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: "Тешна тхо Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а"‚ – уьш ма бац тешаш.
يُخَٰدِعُونَ ٱللَّهَ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَمَا يَخْدَعُونَ إِلَّآ أَنفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Iехо гIерта уьш Дела а‚ иман диллинарш а‚ амма цара-м ца Iехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна.
فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ فَزَادَهُمُ ٱللَّهُ مَرَضًۭا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۢ بِمَا كَانُوا۟ يَكْذِبُونَ
Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсам яьккхи и цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Iазап‚ шаьш хиларна харц луьйш.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ لَا تُفْسِدُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ قَالُوٓا۟ إِنَّمَا نَحْنُ مُصْلِحُونَ
Цаьрга аьлча: "Ма леладе лаьтта тIехь телхина дерг"‚ – цара олу: "Тхо-м дика дерг лелош ма ду!"
أَلَآ إِنَّهُمْ هُمُ ٱلْمُفْسِدُونَ وَلَٰكِن لَّا يَشْعُرُونَ
Уьш бац‚ ткъа‚ телхинарш? Мухха делахь а‚ хаа ца ло-кх царна.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ ءَامِنُوا۟ كَمَآ ءَامَنَ ٱلنَّاسُ قَالُوٓا۟ أَنُؤْمِنُ كَمَآ ءَامَنَ ٱلسُّفَهَآءُ ۗ أَلَآ إِنَّهُمْ هُمُ ٱلسُّفَهَآءُ وَلَٰكِن لَّا يَعْلَمُونَ
Цаьрга аьлча: "Тешийша‚ нах ма тешна"‚ – цара олу: "Тхо тешар ду‚ ткъа‚ Iовдалш санна?" Баккъалла а. уьш бац‚ ткъа‚ Iовдалш? Амма ца хаьа-кх царна.
وَإِذَا لَقُوا۟ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا وَإِذَا خَلَوْا۟ إِلَىٰ شَيَٰطِينِهِمْ قَالُوٓا۟ إِنَّا مَعَكُمْ إِنَّمَا نَحْنُ مُسْتَهْزِءُونَ
Иман диллинчаьрца цхьаьнакхетча‚ цара олу: "Тхо тешна". Шайн шайтIанашца цьаьнабисча‚ цара олу: "Баккъалла а. тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш /иман диллинарш/ хьийзош дарий".
ٱللَّهُ يَسْتَهْزِئُ بِهِمْ وَيَمُدُّهُمْ فِى طُغْيَٰنِهِمْ يَعْمَهُونَ
Дала хьийзор бу уьш‚ бахбийр бу уьш шайн тиларчохь‚ дIай-схьай уьдуш.
أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ ٱشْتَرَوُا۟ ٱلضَّلَٰلَةَ بِٱلْهُدَىٰ فَمَا رَبِحَت تِّجَٰرَتُهُمْ وَمَا كَانُوا۟ مُهْتَدِينَ
Уьш бу нийсачу новкъах тилар эцнарш‚ ма са ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь.
مَثَلُهُمْ كَمَثَلِ ٱلَّذِى ٱسْتَوْقَدَ نَارًۭا فَلَمَّآ أَضَآءَتْ مَا حَوْلَهُۥ ذَهَبَ ٱللَّهُ بِنُورِهِمْ وَتَرَكَهُمْ فِى ظُلُمَٰتٍۢ لَّا يُبْصِرُونَ
Уьш тера бу‚ цIе а латийна‚ тIаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дIа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна ган а ца гуш.
صُمٌّۢ بُكْمٌ عُمْىٌۭ فَهُمْ لَا يَرْجِعُونَ
Къора‚ мотт а ца хууш‚ бIаьрса доцуш – уьш буха ца боьрзу-кх /Далла тIе/.
أَوْ كَصَيِّبٍۢ مِّنَ ٱلسَّمَآءِ فِيهِ ظُلُمَٰتٌۭ وَرَعْدٌۭ وَبَرْقٌۭ يَجْعَلُونَ أَصَٰبِعَهُمْ فِىٓ ءَاذَانِهِم مِّنَ ٱلصَّوَٰعِقِ حَذَرَ ٱلْمَوْتِ ۚ وَٱللَّهُ مُحِيطٌۢ بِٱلْكَٰفِرِينَ
Я стигларчу догIанан мархах тера‚ шена чохь бода‚ къовкъар‚ ткъес тухуш – цара лергашчу пIелгаш духку‚ ткъес тоьхна баларх ларлуш. И Дела ма ву гуо бийр болуш цатешачарех.
يَكَادُ ٱلْبَرْقُ يَخْطَفُ أَبْصَٰرَهُمْ ۖ كُلَّمَآ أَضَآءَ لَهُم مَّشَوْا۟ فِيهِ وَإِذَآ أَظْلَمَ عَلَيْهِمْ قَامُوا۟ ۚ وَلَوْ شَآءَ ٱللَّهُ لَذَهَبَ بِسَمْعِهِمْ وَأَبْصَٰرِهِمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Ткъес герга ду церан бIаьрса дIадайа‚ шайна серла ма яьллинехь‚ дIабоьлху уьш цу чохь /серлонгахь/‚ шайна Iарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бIаьрса а дIахьур дара церан: Дела массо хIуманна а ницкъ кхочуш ма ву.
Page 1 of 15 (286 ayahs)