Loading surah...
Back to Chechen Quran
78 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ ٱتَّقُوا۟ رَبَّكُمْ ۚ إِنَّ زَلْزَلَةَ ٱلسَّاعَةِ شَىْءٌ عَظِيمٌۭ
ХIай нах! Кхера шайн Кхиош-кхобучух. Баккъалла а, Сахьт дегар доккха-деза хIума ду.
يَوْمَ تَرَوْنَهَا تَذْهَلُ كُلُّ مُرْضِعَةٍ عَمَّآ أَرْضَعَتْ وَتَضَعُ كُلُّ ذَاتِ حَمْلٍ حَمْلَهَا وَتَرَى ٱلنَّاسَ سُكَٰرَىٰ وَمَا هُم بِسُكَٰرَىٰ وَلَٰكِنَّ عَذَابَ ٱللَّهِ شَدِيدٌۭ
Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚ массо /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚ охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчо шен мохь /хеназа/‚ хьуна гур бу нах бехна – бехна бац уьш‚ делахь а Делан Iазап чIогIа ду.
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يُجَٰدِلُ فِى ٱللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍۢ وَيَتَّبِعُ كُلَّ شَيْطَٰنٍۢ مَّرِيدٍۢ
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Iилма доцуш‚ ша тIаьхьахIуттуш верг массо кIоршаме шайтIанна.
كُتِبَ عَلَيْهِ أَنَّهُۥ مَن تَوَلَّاهُ فَأَنَّهُۥ يُضِلُّهُۥ وَيَهْدِيهِ إِلَىٰ عَذَابِ ٱلسَّعِيرِ
Цунна /шайтIанна/ язделла шеца доттагIалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цIеран Iазапе дIанисвийр а ву‚ аьлла.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ إِن كُنتُمْ فِى رَيْبٍۢ مِّنَ ٱلْبَعْثِ فَإِنَّا خَلَقْنَٰكُم مِّن تُرَابٍۢ ثُمَّ مِن نُّطْفَةٍۢ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍۢ ثُمَّ مِن مُّضْغَةٍۢ مُّخَلَّقَةٍۢ وَغَيْرِ مُخَلَّقَةٍۢ لِّنُبَيِّنَ لَكُمْ ۚ وَنُقِرُّ فِى ٱلْأَرْحَامِ مَا نَشَآءُ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ثُمَّ نُخْرِجُكُمْ طِفْلًۭا ثُمَّ لِتَبْلُغُوٓا۟ أَشُدَّكُمْ ۖ وَمِنكُم مَّن يُتَوَفَّىٰ وَمِنكُم مَّن يُرَدُّ إِلَىٰٓ أَرْذَلِ ٱلْعُمُرِ لِكَيْلَا يَعْلَمَ مِنۢ بَعْدِ عِلْمٍۢ شَيْـًۭٔا ۚ وَتَرَى ٱلْأَرْضَ هَامِدَةًۭ فَإِذَآ أَنزَلْنَا عَلَيْهَا ٱلْمَآءَ ٱهْتَزَّتْ وَرَبَتْ وَأَنۢبَتَتْ مِن كُلِّ زَوْجٍۭ بَهِيجٍۢ
ХIай нах! Шу хиллехь юха дендина /гIовтторах/ шекончохь – Оха шу кхоьллина поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха цIийнан улхах‚ тIаккха жижиган кийсаках‚ хорма йолуш долчух а‚ хорма йоцуш долчух а шуна билгала даккхархьама /Тхан ницкъ гайтар/. Оха дIанисдо /шу/ беран цIийна чохь Тхайна ма луъу цIе тоьхна хан тIеккхаччалц‚ тIаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъана. Шух лешверг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тIеверзош верг а ву‚ шена Iилмал тIаьхьа хIумма ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла. Оха шена тIе хи доссийча и деттало‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо хаза шишша тайпа /яраш/.
ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلْحَقُّ وَأَنَّهُۥ يُحْىِ ٱلْمَوْتَىٰ وَأَنَّهُۥ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо хIуманна тIехь ницкъберг.
وَأَنَّ ٱلسَّاعَةَ ءَاتِيَةٌۭ لَّا رَيْبَ فِيهَا وَأَنَّ ٱللَّهَ يَبْعَثُ مَن فِى ٱلْقُبُورِ
/Иза ду/ – Сахьт догIург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна юха денбина гIовттор болуш кешнийн чохь берш.
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يُجَٰدِلُ فِى ٱللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍۢ وَلَا هُدًۭى وَلَا كِتَٰبٍۢ مُّنِيرٍۢ
Нахах ву ша Делехьа къуьйсуш верг‚ шегахь Iилма а доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуьре долу жайна доцуш.
ثَانِىَ عِطْفِهِۦ لِيُضِلَّ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ ۖ لَهُۥ فِى ٱلدُّنْيَا خِزْىٌۭ ۖ وَنُذِيقُهُۥ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ عَذَابَ ٱلْحَرِيقِ
/Куралла ярца/ шен лаг дIагIертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Iовшуьйтур ду цуьнга Къематдийнахь цIеран Iазап.
ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ يَدَاكَ وَأَنَّ ٱللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّٰمٍۢ لِّلْعَبِيدِ
/Цуьнга эр ду/: "И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь‚ Дела цахиларна а зуламаш дийриг лешна".
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَعْبُدُ ٱللَّهَ عَلَىٰ حَرْفٍۢ ۖ فَإِنْ أَصَابَهُۥ خَيْرٌ ٱطْمَأَنَّ بِهِۦ ۖ وَإِنْ أَصَابَتْهُ فِتْنَةٌ ٱنقَلَبَ عَلَىٰ وَجْهِهِۦ خَسِرَ ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةَ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ ٱلْخُسْرَانُ ٱلْمُبِينُ
Нахах ву ша Далла Iибадат деш верг уьраллин юьхьига тIехь волчух тера: шех кхиъча диканиг – цуьнца паргIатволу иза‚ шех питана (бала) кхиъча – шен юьхь тIе дIавоьрзу и /цатешарна тIе/ – дуьне а‚ эхарт а дайна цуьнан. Иза билггала эшар ду-кх!
يَدْعُوا۟ مِن دُونِ ٱللَّهِ مَا لَا يَضُرُّهُۥ وَمَا لَا يَنفَعُهُۥ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ ٱلضَّلَٰلُ ٱلْبَعِيدُ
Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза ду-кх генара тилар!
يَدْعُوا۟ لَمَن ضَرُّهُۥٓ أَقْرَبُ مِن نَّفْعِهِۦ ۚ لَبِئْسَ ٱلْمَوْلَىٰ وَلَبِئْسَ ٱلْعَشِيرُ
Цо кхойкху шена зен герга долчуьнга‚ шена /хуьлучу/ пайданал – ма вон эла ву-кх‚ ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/!
إِنَّ ٱللَّهَ يُدْخِلُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ
Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашна‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луъург.
مَن كَانَ يَظُنُّ أَن لَّن يَنصُرَهُ ٱللَّهُ فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ فَلْيَمْدُدْ بِسَبَبٍ إِلَى ٱلسَّمَآءِ ثُمَّ لْيَقْطَعْ فَلْيَنظُرْ هَلْ يُذْهِبَنَّ كَيْدُهُۥ مَا يَغِيظُ
/Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гIодийр дац моьттуш хилларг – цо муш дIатосийла тхов тIе ирх оллавала‚ тIаккха хададойла /шен лаг/‚ тIаккха хьожийла шена‚ дIадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгIазвохуьйтург /Делан элчанан мостагIий цунна хуьлучу кхиамашна оьгIазбовлахь – шайн тховтIе муш кхозийн ирх оллойла уьш – лойла уьш, Дала Шен элчанна гIо дийр ду/.
وَكَذَٰلِكَ أَنزَلْنَٰهُ ءَايَٰتٍۭ بَيِّنَٰتٍۢ وَأَنَّ ٱللَّهَ يَهْدِى مَن يُرِيدُ
Иштта доссийра Оха и /КъурIан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна нисвеш Шена луург.
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَٱلَّذِينَ هَادُوا۟ وَٱلصَّٰبِـِٔينَ وَٱلنَّصَٰرَىٰ وَٱلْمَجُوسَ وَٱلَّذِينَ أَشْرَكُوٓا۟ إِنَّ ٱللَّهَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ شَهِيدٌ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ яхIудийш а‚ сабиинаш а‚ насараш а‚ цIеран гIуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а... Баккъалла а, Дала къастор ду царна юккъехь Къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо хIуманна тIехь теш ву.
أَلَمْ تَرَ أَنَّ ٱللَّهَ يَسْجُدُ لَهُۥ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ وَٱلشَّمْسُ وَٱلْقَمَرُ وَٱلنُّجُومُ وَٱلْجِبَالُ وَٱلشَّجَرُ وَٱلدَّوَآبُّ وَكَثِيرٌۭ مِّنَ ٱلنَّاسِ ۖ وَكَثِيرٌ حَقَّ عَلَيْهِ ٱلْعَذَابُ ۗ وَمَن يُهِنِ ٱللَّهُ فَمَا لَهُۥ مِن مُّكْرِمٍ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يَفْعَلُ مَا يَشَآءُ ۩
Хьуна ца го Далла сужд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚ батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхахболчара а? Дукхахболчарна Iазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ – ма вац цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург.
۞ هَٰذَانِ خَصْمَانِ ٱخْتَصَمُوا۟ فِى رَبِّهِمْ ۖ فَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ قُطِّعَتْ لَهُمْ ثِيَابٌۭ مِّن نَّارٍۢ يُصَبُّ مِن فَوْقِ رُءُوسِهِمُ ٱلْحَمِيمُ
ХIокху шина мостагIчо шайн Кхиош-кхобучуьнгахь къийсира. Цатешнарш – царна бедарш хадор ю цIарах‚ церан кортошна тIе дагийна хи дуттур ду.
يُصْهَرُ بِهِۦ مَا فِى بُطُونِهِمْ وَٱلْجُلُودُ
Дагор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а.
Page 1 of 4 (78 ayahs)