Loading surah...
Back to Chechen Quran
49 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ وَٱلطُّورِ
Ламах /дуй боу Аса/.
وَكِتَٰبٍۢ مَّسْطُورٍۢ
Сиз хьаькхна хилла долчу жайнаца а /дуй боу Аса/.
فِى رَقٍّۢ مَّنشُورٍۢ
Ша даржийначу анний тIехь /яздина/ хилла долчу.
وَٱلْبَيْتِ ٱلْمَعْمُورِ
Шена зиярат дечу цIийнаца а /дуй боу Аса/.
وَٱلسَّقْفِ ٱلْمَرْفُوعِ
Айбина хилла болчу тховаца /стигал/ а /дуй боу Аса/.
وَٱلْبَحْرِ ٱلْمَسْجُورِ
Буьззана болчу хIоьрдаца а.
إِنَّ عَذَابَ رَبِّكَ لَوَٰقِعٌۭ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волчун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду).
مَّا لَهُۥ مِن دَافِعٍۢ
Ма дац цуна ша духатухург.
يَوْمَ تَمُورُ ٱلسَّمَآءُ مَوْرًۭا
Стигал дIатохалер йолчу /къемат/ дийнахь тохаяларца.
وَتَسِيرُ ٱلْجِبَالُ سَيْرًۭا
Лаьмнаш а дIадоладелча дIадоладаларца.
فَوَيْلٌۭ يَوْمَئِذٍۢ لِّلْمُكَذِّبِينَ
Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харц диначаьрна.
ٱلَّذِينَ هُمْ فِى خَوْضٍۢ يَلْعَبُونَ
Шаьш харцона чохь ловзуш болчу.
يَوْمَ يُدَعُّونَ إِلَىٰ نَارِ جَهَنَّمَ دَعًّا
Оцу дийнахь уьш кхойкхур бу жоьжахатин цIарга кхайкхарца.
هَٰذِهِ ٱلنَّارُ ٱلَّتِى كُنتُم بِهَا تُكَذِّبُونَ
/Эр ду цаьрга/: "ХIара ю и цIе‚ шу ша харц еш хилла долу.
أَفَسِحْرٌ هَٰذَآ أَمْ أَنتُمْ لَا تُبْصِرُونَ
Бозбуанча ду хIара я шу ца гуш ду?
ٱصْلَوْهَا فَٱصْبِرُوٓا۟ أَوْ لَا تَصْبِرُوا۟ سَوَآءٌ عَلَيْكُمْ ۖ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
Дага цу чохь‚ собар де я ма де /цIарна/ - цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу аш еш хиллачу Iамалшца".
إِنَّ ٱلْمُتَّقِينَ فِى جَنَّٰتٍۢ وَنَعِيمٍۢ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш - бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а ма бу
فَٰكِهِينَ بِمَآ ءَاتَىٰهُمْ رَبُّهُمْ وَوَقَىٰهُمْ رَبُّهُمْ عَذَابَ ٱلْجَحِيمِ
Зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна деллачуьнца‚ шаьш Кхиош-кхобуш волчо жоьжахатин Iазапах хьалхадахарца.
كُلُوا۟ وَٱشْرَبُوا۟ هَنِيٓـًٔۢا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ мала шайна шаьш еш хиллачу Iамалш бахьанехь".
مُتَّكِـِٔينَ عَلَىٰ سُرُرٍۢ مَّصْفُوفَةٍۢ ۖ وَزَوَّجْنَٰهُم بِحُورٍ عِينٍۢ
Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганий тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха балор бу царна хьурал Iинаш.
Page 1 of 3 (49 ayahs)