Loading surah...
Back to Chechen Quran
17 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ وَٱلسَّمَآءِ وَٱلطَّارِقِ
Стиглах а дуй боу Аса‚ /буьйсана кхетачу / седах а дуй боу Аса.
وَمَآ أَدْرَىٰكَ مَا ٱلطَّارِقُ
Хьоьга стено хаийтина и буьйсана кхетарг хIун ю?
ٱلنَّجْمُ ٱلثَّاقِبُ
Бода хадош болу седа бу иза.
إِن كُلُّ نَفْسٍۢ لَّمَّا عَلَيْهَا حَافِظٌۭ
Цхьа а са ма дац шена тIехь лардархо волуш бен.
فَلْيَنظُرِ ٱلْإِنسَٰنُ مِمَّ خُلِقَ
Хьажал адам‚ стенах ша кхоьллина ду!
خُلِقَ مِن مَّآءٍۢ دَافِقٍۢ
Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих.
يَخْرُجُ مِنۢ بَيْنِ ٱلصُّلْبِ وَٱلتَّرَآئِبِ
Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьIакех.
إِنَّهُۥ عَلَىٰ رَجْعِهِۦ لَقَادِرٌۭ
Баккъалла а, И /Дела/ иза ву вухаверзон ницIкъ кхочуш ву.
يَوْمَ تُبْلَى ٱلسَّرَآئِرُ
Къайленаш толлучу /къемат/ дийнахь.
فَمَا لَهُۥ مِن قُوَّةٍۢ وَلَا نَاصِرٍۢ
Ма бац цуна /къинош диначунна/ ницIкъ а‚ ма вац цуна /къинош диначунна/ гIоьнча а.
وَٱلسَّمَآءِ ذَاتِ ٱلرَّجْعِ
Стигланах а дуй боу Аса‚ шегахь духа дерзар долчу /шен хен-хенахь доьлху догIа долчу/.
وَٱلْأَرْضِ ذَاتِ ٱلصَّدْعِ
Латтах а дуй боу Аса‚ шегахь дадар долчу /орамат схьадолуш/:
إِنَّهُۥ لَقَوْلٌۭ فَصْلٌۭ
Баккъалла а, и /КъурIан/ /диканиг а‚ вониг а/ къастош дош ду-кх!
وَمَا هُوَ بِٱلْهَزْلِ
Иза забар яц-кх!
إِنَّهُمْ يَكِيدُونَ كَيْدًۭا
Баккъалла а, уьш /керстанаш/ мекарло еш бу мекарло ярца.
وَأَكِيدُ كَيْدًۭا
Аса йо /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло ярца.
فَمَهِّلِ ٱلْكَٰفِرِينَ أَمْهِلْهُمْ رُوَيْدًۢا
Бита и керстанаш /сих ца луш цаьргара чIир эца/‚ Аса а буьтур бу цхьа жимма.