Loading surah...
Back to Chechen Quran
8 Ayahs • Meccan
بِّسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ وَٱلتِّينِ وَٱلزَّيْتُونِ
Инжирах а дуй боу Аса‚ зайтунах а‚
وَطُورِ سِينِينَ
Синин олучу ламах а дуй боу Аса‚
وَهَٰذَا ٱلْبَلَدِ ٱلْأَمِينِ
ХIоккху тешаме йолчу гIалах а /Макках/ дуй боу Аса‚
لَقَدْ خَلَقْنَا ٱلْإِنسَٰنَ فِىٓ أَحْسَنِ تَقْوِيمٍۢ
Оха кхоьллира адам уггар хазачу хьолехь.
ثُمَّ رَدَدْنَٰهُ أَسْفَلَ سَٰفِلِينَ
ТIаккха Оха дIаверзина иза уггар бухарчу хьоле /къанлой‚ тишлой. Муъма стеган Iамал эшало иза къона хиллачу замане хьаьжча‚ Дала цуьна ял ло Шен дашца/:
إِلَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَلَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍۢ
Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а боцурш - царна ю хедар йоцу ял.
فَمَا يُكَذِّبُكَ بَعْدُ بِٱلدِّينِ
Стено харцдойту хьоьга /хIай керста/ цул тIаьхьа а дин?
أَلَيْسَ ٱللَّهُ بِأَحْكَمِ ٱلْحَٰكِمِينَ
Ткъа Дела вац уггар хьукам нийса деш верг?