Loading surah...
Back to Chechen Quran
8 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ لَمْ يَكُنِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ وَٱلْمُشْرِكِينَ مُنفَكِّينَ حَتَّىٰ تَأْتِيَهُمُ ٱلْبَيِّنَةُ
Ца хилира жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу кератсанаш къасталуш /шаьш тIехь хиллачу динах/ шайга къеггина делил далц-
رَسُولٌۭ مِّنَ ٱللَّهِ يَتْلُوا۟ صُحُفًۭا مُّطَهَّرَةًۭ
Делера элча /Мухьаммад пайхамар/‚ ша доьшуш /царна/ цIена долу хьарчораш.
فِيهَا كُتُبٌۭ قَيِّمَةٌۭ
Царна чохь мехала долу яздинарш а /жайнаш/ долуш.
وَمَا تَفَرَّقَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ إِلَّا مِنۢ بَعْدِ مَا جَآءَتْهُمُ ٱلْبَيِّنَةُ
Шайга жайна доссинарш бекъа ца белира шайга къеггина долу делил деъначул тIаьхьа а бен‚
وَمَآ أُمِرُوٓا۟ إِلَّا لِيَعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ حُنَفَآءَ وَيُقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُؤْتُوا۟ ٱلزَّكَوٰةَ ۚ وَذَٰلِكَ دِينُ ٱلْقَيِّمَةِ
Цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла бен‚ шаьш цIандеш Цуна дин‚ /бакъ долчунна ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динан/ тIе тижаш‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин.
إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ وَٱلْمُشْرِكِينَ فِى نَارِ جَهَنَّمَ خَٰلِدِينَ فِيهَآ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمْ شَرُّ ٱلْبَرِيَّةِ
Баккъалла а, жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх.
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمْ خَيْرُ ٱلْبَرِيَّةِ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - уьш дика халкъ ду-кх!
جَزَآؤُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ جَنَّٰتُ عَدْنٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَآ أَبَدًۭا ۖ رَّضِىَ ٱللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا۟ عَنْهُ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَشِىَ رَبَّهُۥ
Церан бекхам шаьш Кхиош-кхобучун гергахь Iадн цIе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайн бухахула лелаш татолаш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ Дела реза хили царна‚ уьш а хили Цуна реза. Иза ду ша Кхиош-кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг.