Loading surah...
Back to Chechen Quran
77 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ تَبَارَكَ ٱلَّذِى نَزَّلَ ٱلْفُرْقَانَ عَلَىٰ عَبْدِهِۦ لِيَكُونَ لِلْعَٰلَمِينَ نَذِيرًا
Беркате хили Ша къастор доссош хилларг Шен лега‚ и хилийтархьама Iаламашна кхерамча.
ٱلَّذِى لَهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَلَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًۭا وَلَمْ يَكُن لَّهُۥ شَرِيكٌۭ فِى ٱلْمُلْكِ وَخَلَقَ كُلَّ شَىْءٍۢ فَقَدَّرَهُۥ تَقْدِيرًۭا
Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шена дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь‚ Цо кхоьллина массо хIума‚ барам бина цунна /массо хIуманна/ барамца.
وَٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِهِۦٓ ءَالِهَةًۭ لَّا يَخْلُقُونَ شَيْـًۭٔا وَهُمْ يُخْلَقُونَ وَلَا يَمْلِكُونَ لِأَنفُسِهِمْ ضَرًّۭا وَلَا نَفْعًۭا وَلَا يَمْلِكُونَ مَوْتًۭا وَلَا حَيَوٰةًۭ وَلَا نُشُورًۭا
Цара лецира‚ Иза а витина‚ делий‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а.
وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِنْ هَٰذَآ إِلَّآ إِفْكٌ ٱفْتَرَىٰهُ وَأَعَانَهُۥ عَلَيْهِ قَوْمٌ ءَاخَرُونَ ۖ فَقَدْ جَآءُو ظُلْمًۭا وَزُورًۭا
Элира цатешачара: "ХIара /КъурIан/ харцдерг ду‚ ша цо /пайхамара/ кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а". Цара деана зулам а‚ харцдерг а.
وَقَالُوٓا۟ أَسَٰطِيرُ ٱلْأَوَّلِينَ ٱكْتَتَبَهَا فَهِىَ تُمْلَىٰ عَلَيْهِ بُكْرَةًۭ وَأَصِيلًۭا
Цара элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду. Цо /Мухьаммада/ яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а".
قُلْ أَنزَلَهُ ٱلَّذِى يَعْلَمُ ٱلسِّرَّ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ غَفُورًۭا رَّحِيمًۭا
Ахьа ала: "Иза /КъурIан/ доссийна Шена стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла гечдеш верг а‚ къинхетам беш верг а".
وَقَالُوا۟ مَالِ هَٰذَا ٱلرَّسُولِ يَأْكُلُ ٱلطَّعَامَ وَيَمْشِى فِى ٱلْأَسْوَاقِ ۙ لَوْلَآ أُنزِلَ إِلَيْهِ مَلَكٌۭ فَيَكُونَ مَعَهُۥ نَذِيرًا
Цара элира: "ХIун ду хIокху элчанна? Даар доу цо‚ базаршкахула лела иза. Доьссина хиллехьарацуьнга малик – и хир дара цуьнца кхерамча.
أَوْ يُلْقَىٰٓ إِلَيْهِ كَنزٌ أَوْ تَكُونُ لَهُۥ جَنَّةٌۭ يَأْكُلُ مِنْهَا ۚ وَقَالَ ٱلظَّٰلِمُونَ إِن تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًۭا مَّسْحُورًا
Я кхоьссинехьара цуьнга хазна‚ я хир яра цунна беш цо цу чуьра юуш". Элира зуламхоша: "Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуанчалла динчу стагана".
ٱنظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا۟ لَكَ ٱلْأَمْثَٰلَ فَضَلُّوا۟ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًۭا
Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш – тилабелла уьш‚ некъ ца карабо царна.
تَبَارَكَ ٱلَّذِىٓ إِن شَآءَ جَعَلَ لَكَ خَيْرًۭا مِّن ذَٰلِكَ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ وَيَجْعَل لَّكَ قُصُورًۢا
Декъала хили Иза‚ Шена лиъча хуьлуьйтур ю хьуна цул диканиг – бошмаш‚ шена бухахула татолаш лелаш йолу‚ Цо хуьлуьйтур ю хьуна гIаланаш.
بَلْ كَذَّبُوا۟ بِٱلسَّاعَةِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لِمَن كَذَّبَ بِٱلسَّاعَةِ سَعِيرًا
ХIаъ‚ цара харцдина сахьт. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе.
إِذَا رَأَتْهُم مِّن مَّكَانٍۭ بَعِيدٍۢ سَمِعُوا۟ لَهَا تَغَيُّظًۭا وَزَفِيرًۭا
Цунна /жоьжахатина цIарна/ уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угIар а.
وَإِذَآ أُلْقُوا۟ مِنْهَا مَكَانًۭا ضَيِّقًۭا مُّقَرَّنِينَ دَعَوْا۟ هُنَالِكَ ثُبُورًۭا
Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хIаллакьхиларе /и атта хир дара царна/.
لَّا تَدْعُوا۟ ٱلْيَوْمَ ثُبُورًۭا وَٰحِدًۭا وَٱدْعُوا۟ ثُبُورًۭا كَثِيرًۭا
/Эр ду цаьрга/: "Аша ма кхайкха тахана цхьана хIаллакьхиларе‚ кхайкха дуккха а хIаллакьхиларшка!"
قُلْ أَذَٰلِكَ خَيْرٌ أَمْ جَنَّةُ ٱلْخُلْدِ ٱلَّتِى وُعِدَ ٱلْمُتَّقُونَ ۚ كَانَتْ لَهُمْ جَزَآءًۭ وَمَصِيرًۭا
Ахьа ала: "ХIара тоьлу‚ я гуттаренан беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ чугIойла - хIусам а".
لَّهُمْ فِيهَا مَا يَشَآءُونَ خَٰلِدِينَ ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ وَعْدًۭا مَّسْـُٔولًۭا
Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /уьш/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-кхобучун жоьпаллин ваIда.
وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ فَيَقُولُ ءَأَنتُمْ أَضْلَلْتُمْ عِبَادِى هَٰٓؤُلَآءِ أَمْ هُمْ ضَلُّوا۟ ٱلسَّبِيلَ
Ша уьш а‚ цара И воцчу шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: "Аша тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?"
قَالُوا۟ سُبْحَٰنَكَ مَا كَانَ يَنۢبَغِى لَنَآ أَن نَّتَّخِذَ مِن دُونِكَ مِنْ أَوْلِيَآءَ وَلَٰكِن مَّتَّعْتَهُمْ وَءَابَآءَهُمْ حَتَّىٰ نَسُوا۟ ٱلذِّكْرَ وَكَانُوا۟ قَوْمًۢا بُورًۭا
Цара эр: "Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лаца‚ делахь а Ахьа зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хIаллакьхилла нах".
فَقَدْ كَذَّبُوكُم بِمَا تَقُولُونَ فَمَا تَسْتَطِيعُونَ صَرْفًۭا وَلَا نَصْرًۭا ۚ وَمَن يَظْلِم مِّنكُمْ نُذِقْهُ عَذَابًۭا كَبِيرًۭا
/Эр ду Дала/: "Цара шу харцдира аша дуьйцучуьнца‚ шуна ца могу духатоха а /шайх Iазап/‚ гIо хилийта а. Милла велахь а‚ шух зулам деш‚ – цуьнга Iовшуьйтур ду Оха доккха Iазап".
وَمَآ أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنَ ٱلْمُرْسَلِينَ إِلَّآ إِنَّهُمْ لَيَأْكُلُونَ ٱلطَّعَامَ وَيَمْشُونَ فِى ٱلْأَسْوَاقِ ۗ وَجَعَلْنَا بَعْضَكُمْ لِبَعْضٍۢ فِتْنَةً أَتَصْبِرُونَ ۗ وَكَانَ رَبُّكَ بَصِيرًۭا
Оха ца ваийтина хьоьл хьалха а элчанех цара кхача бууш‚ уьш базаршкахула лелаш хуьлуш бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аша собар дой? Хилира хьан Кхиош-кхобург гуш верг.
Page 1 of 4 (77 ayahs)