Loading surah...
Back to Chechen Quran
227 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ طسٓمٓ
ТIа-син-мим.
تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ٱلْمُبِينِ
ХIорш /хIума/ къастош долчу жайнан аяташ ду.
لَعَلَّكَ بَٰخِعٌۭ نَّفْسَكَ أَلَّا يَكُونُوا۟ مُؤْمِنِينَ
Хьо хила мега хьуо хIаллак веш уьш ца тешаш хиларна.
إِن نَّشَأْ نُنَزِّلْ عَلَيْهِم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ ءَايَةًۭ فَظَلَّتْ أَعْنَٰقُهُمْ لَهَا خَٰضِعِينَ
Тхуна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна /Делан аятана‚ делилна/ муьтIахь хилла.
وَمَا يَأْتِيهِم مِّن ذِكْرٍۢ مِّنَ ٱلرَّحْمَٰنِ مُحْدَثٍ إِلَّا كَانُوا۟ عَنْهُ مُعْرِضِينَ
Цаьрга ца богIу Къинхетамболчуьнгара цхьаа керла хьехам уьш цунах дIабоьрзуш бен.
فَقَدْ كَذَّبُوا۟ فَسَيَأْتِيهِمْ أَنۢبَٰٓؤُا۟ مَا كَانُوا۟ بِهِۦ يَسْتَهْزِءُونَ
Харц бира цара /элчанаш/ - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаам‚ уьш шех ца бешаш хилла болу.
أَوَلَمْ يَرَوْا۟ إِلَى ٱلْأَرْضِ كَمْ أَنۢبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوْجٍۢ كَرِيمٍ
Уьш ца хьоьжу-те латта - мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цуьнах /шиш-шиш/!
إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех дукханаш тешаш.
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.
وَإِذْ نَادَىٰ رَبُّكَ مُوسَىٰٓ أَنِ ٱئْتِ ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Кхайкхира хьан Кхиош-кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламе болчу нахана тIе,
قَوْمَ فِرْعَوْنَ ۚ أَلَا يَتَّقُونَ
ФирIавнан нахана тIе. Уьш кхоьрур бацара-те?”
قَالَ رَبِّ إِنِّىٓ أَخَافُ أَن يُكَذِّبُونِ
Цо /Мусас/ элира: “Сан Кхиош-кхобушверг‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна.
وَيَضِيقُ صَدْرِى وَلَا يَنطَلِقُ لِسَانِى فَأَرْسِلْ إِلَىٰ هَٰرُونَ
Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунан тIе бахийтахь /и соьца вайтан/.
وَلَهُمْ عَلَىَّ ذَنۢبٌۭ فَأَخَافُ أَن يَقْتُلُونِ
Церан суна тIехь къа ду - со кхоьру цара со вен”.
قَالَ كَلَّا ۖ فَٱذْهَبَا بِـَٔايَٰتِنَآ ۖ إِنَّا مَعَكُم مُّسْتَمِعُونَ
Цо /Дала/ элира: “ХIан-хIа! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду ладугIаш.
فَأْتِيَا فِرْعَوْنَ فَقُولَآ إِنَّا رَسُولُ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Шу шиъ дIагIо ФирIавнан тIе‚ аша шиммо дIаала: “Тхо Iаламийн Ден элчанаш ду.
أَنْ أَرْسِلْ مَعَنَا بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ
ДIабаийта тхоьца Исраилан кIентий”.
قَالَ أَلَمْ نُرَبِّكَ فِينَا وَلِيدًۭا وَلَبِثْتَ فِينَا مِنْ عُمُرِكَ سِنِينَ
Цо /ФирIавнас/ элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь /хьо/ бер а долуш‚ ахьа ма дēхира тхан юккъехь хьан дахаран шераш.
وَفَعَلْتَ فَعْلَتَكَ ٱلَّتِى فَعَلْتَ وَأَنتَ مِنَ ٱلْكَٰفِرِينَ
Ахьа ма дийра хьан гIуллакх‚ айхьа дийриг‚ баркалла ца олучех хилли-кх хьо”.
قَالَ فَعَلْتُهَآ إِذًۭا وَأَنَا۠ مِنَ ٱلضَّآلِّينَ
Цо /Мусас/ элира: “И дийра аса иштта‚ со хилира-кх тилабеллачарех.
Page 1 of 12 (227 ayahs)