Loading surah...
Back to Chechen Quran
93 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ طسٓ ۚ تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْقُرْءَانِ وَكِتَابٍۢ مُّبِينٍ
ТIа-син. ХIорш ду КъурIанан – билгалчу жайнан а аяташ.
هُدًۭى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ
Шаьш нийса некъ а‚ муъма нахана кхаъ а хилла болу.
ٱلَّذِينَ يُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُؤْتُونَ ٱلزَّكَوٰةَ وَهُم بِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш‚ закат а луш‚ уьш эхартах а тешаш бу.
إِنَّ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ زَيَّنَّا لَهُمْ أَعْمَٰلَهُمْ فَهُمْ يَعْمَهُونَ
Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш – иштта уьш дIа-схьа уьдуш бу.
أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ لَهُمْ سُوٓءُ ٱلْعَذَابِ وَهُمْ فِى ٱلْءَاخِرَةِ هُمُ ٱلْأَخْسَرُونَ
Уьш бу шайн Iазапан боьханиг шайна хуьлуш дерш‚ эхартахь уьш хир бу тIех эшнарш.
وَإِنَّكَ لَتُلَقَّى ٱلْقُرْءَانَ مِن لَّدُنْ حَكِيمٍ عَلِيمٍ
Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду КъурIан Ша хьукаме а‚ хууш а волчун гергара.
إِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِأَهْلِهِۦٓ إِنِّىٓ ءَانَسْتُ نَارًۭا سَـَٔاتِيكُم مِّنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ ءَاتِيكُم بِشِهَابٍۢ قَبَسٍۢ لَّعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ
Мусас ма элира шен доьзале: "Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIавогIур ву цунах цхьа хабар дахьаш‚ я аса шуна бахьар бу цхьа бегаш болу кIогалг – шу дохдала мегара-кх".
فَلَمَّا جَآءَهَا نُودِىَ أَنۢ بُورِكَ مَن فِى ٱلنَّارِ وَمَنْ حَوْلَهَا وَسُبْحَٰنَ ٱللَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: "Декъала хили цIергахь верг а‚ цуна гонахь верг а‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да.
يَٰمُوسَىٰٓ إِنَّهُۥٓ أَنَا ٱللَّهُ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
ХIай Муса! Баккъалла а, Со веза волу хьукаме волу Дела ву.
وَأَلْقِ عَصَاكَ ۚ فَلَمَّا رَءَاهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَآنٌّۭ وَلَّىٰ مُدْبِرًۭا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَٰمُوسَىٰ لَا تَخَفْ إِنِّى لَا يَخَافُ لَدَىَّ ٱلْمُرْسَلُونَ
Охьатаса хьайн Iаса". Шена иза /Iаса/ гича‚ етталуш текхарг санна‚ и /Муса/ дIаведира‚ вуха а ца вирзира. "ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Сан гергахь элчанаш
إِلَّا مَن ظَلَمَ ثُمَّ بَدَّلَ حُسْنًۢا بَعْدَ سُوٓءٍۢ فَإِنِّى غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Зулам динарг а бен. ТIаккха цо ша динчу вонна метта диканиг дахь – тIаккха баккъалла а, Со гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх.
وَأَدْخِلْ يَدَكَ فِى جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَآءَ مِنْ غَيْرِ سُوٓءٍۢ ۖ فِى تِسْعِ ءَايَٰتٍ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَقَوْمِهِۦٓ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا۟ قَوْمًۭا فَٰسِقِينَ
Хьан че долла хьан куьйг – ахьа схьадоккхур ду иза кIайделла цхьа а хало а йоцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къаме а долчу исс /Iаламатийн/ чохь /цхьа Iаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх нах.
فَلَمَّا جَآءَتْهُمْ ءَايَٰتُنَا مُبْصِرَةًۭ قَالُوا۟ هَٰذَا سِحْرٌۭ مُّبِينٌۭ
Шайга Тхан гучадевлла‚ аяташ деъча‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуанчалла ду!"
وَجَحَدُوا۟ بِهَا وَٱسْتَيْقَنَتْهَآ أَنفُسُهُمْ ظُلْمًۭا وَعُلُوًّۭا ۚ فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلْمُفْسِدِينَ
Царна керстаналла дира цара‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларах/, зулма дарца а‚ куралла ярца а. Хьажал‚ муха хилла вон леллачийн тIаьхье?
وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا دَاوُۥدَ وَسُلَيْمَٰنَ عِلْمًۭا ۖ وَقَالَا ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى فَضَّلَنَا عَلَىٰ كَثِيرٍۢ مِّنْ عِبَادِهِ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу Шен дукхах болчу муъма лел.
وَوَرِثَ سُلَيْمَٰنُ دَاوُۥدَ ۖ وَقَالَ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ عُلِّمْنَا مَنطِقَ ٱلطَّيْرِ وَأُوتِينَا مِن كُلِّ شَىْءٍ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ ٱلْفَضْلُ ٱلْمُبِينُ
Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: "ХIай нах! Тхуна Iимийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду".
وَحُشِرَ لِسُلَيْمَٰنَ جُنُودُهُۥ مِنَ ٱلْجِنِّ وَٱلْإِنسِ وَٱلطَّيْرِ فَهُمْ يُوزَعُونَ
Гулдира Сулейманна цуьнан эскар жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу - тIаккха иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь).
حَتَّىٰٓ إِذَآ أَتَوْا۟ عَلَىٰ وَادِ ٱلنَّمْلِ قَالَتْ نَمْلَةٌۭ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّمْلُ ٱدْخُلُوا۟ مَسَٰكِنَكُمْ لَا يَحْطِمَنَّكُمْ سُلَيْمَٰنُ وَجُنُودُهُۥ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: "ХIай зингаташ! Чудолалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна ца хууш".
فَتَبَسَّمَ ضَاحِكًۭا مِّن قَوْلِهَا وَقَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِىٓ أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ ٱلَّتِىٓ أَنْعَمْتَ عَلَىَّ وَعَلَىٰ وَٰلِدَىَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَٰلِحًۭا تَرْضَىٰهُ وَأَدْخِلْنِى بِرَحْمَتِكَ فِى عِبَادِكَ ٱلصَّٰلِحِينَ
Иза вела къежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: "Сан Дела‚ ахьа суна таро лолахь хам бан Хьайн ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена а делла долчу‚ Хьо шена реза волу‚ дика Iамал ян а‚ со дIатохалахь Хьайн къинхетамца дикачу лешна юкъа".
وَتَفَقَّدَ ٱلطَّيْرَ فَقَالَ مَا لِىَ لَآ أَرَى ٱلْهُدْهُدَ أَمْ كَانَ مِنَ ٱلْغَآئِبِينَ
Иза волавелира олхазарш леха‚ тIаккха элира: "Суна хIуттут хIунда ца го‚ я йоцучарех хили иза?
Page 1 of 5 (93 ayahs)