Loading surah...
Back to Chechen Quran
69 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓمٓ
Алиф-лам-мим.
أَحَسِبَ ٱلنَّاسُ أَن يُتْرَكُوٓا۟ أَن يَقُولُوٓا۟ ءَامَنَّا وَهُمْ لَا يُفْتَنُونَ
Нахана моьтту-те шаьш дуьтур ду ала "Оха иман диллина"‚ шаьш питане ца лоцуш?
وَلَقَدْ فَتَنَّا ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۖ فَلَيَعْلَمَنَّ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ صَدَقُوا۟ وَلَيَعْلَمَنَّ ٱلْكَٰذِبِينَ
Оха питане ма лаьцна царел хьалха хилларш а. Далла хууш ма бу хьуна бакълина хилларш а‚ Цуна хууш ма бу хьуна харцлуьйш берш а (Дала къастор бу иманца бакъхилларш харцхиллачарел).
أَمْ حَسِبَ ٱلَّذِينَ يَعْمَلُونَ ٱلسَّيِّـَٔاتِ أَن يَسْبِقُونَا ۚ سَآءَ مَا يَحْكُمُونَ
Вониг деш берш моьттуш бу-те шаьш Тхоьл хьалха дер ду? Ма вон хьукам деш бу-кх уьш!
مَن كَانَ يَرْجُوا۟ لِقَآءَ ٱللَّهِ فَإِنَّ أَجَلَ ٱللَّهِ لَءَاتٍۢ ۚ وَهُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
Милла хиллехь Делаца цхьанакхетаре дог дохуш - Делан тоьхна хан йогIур йолуш ма ю! Иза хозуш верг а‚ хууш верг а ма ву!
وَمَن جَٰهَدَ فَإِنَّمَا يُجَٰهِدُ لِنَفْسِهِۦٓ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَغَنِىٌّ عَنِ ٱلْعَٰلَمِينَ
Милла велахь а /Делан гIуллакхна тIехь/ къахьоьгуш - цо къахьоьгу шена. Баккъалла а, Дела ма вац Шен хьашташ долуш Iаламашкахь.
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَنُكَفِّرَنَّ عَنْهُمْ سَيِّـَٔاتِهِمْ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَحْسَنَ ٱلَّذِى كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Иман диллина берш а‚ дика Iамал йинарш а - царех айдийр ма ду Оха церан вонаш‚ бекхам бийр ма бу Оха царна шаьш деш хиллачул а мелхо а хазачуьнца.
وَوَصَّيْنَا ٱلْإِنسَٰنَ بِوَٰلِدَيْهِ حُسْنًۭا ۖ وَإِن جَٰهَدَاكَ لِتُشْرِكَ بِى مَا لَيْسَ لَكَ بِهِۦ عِلْمٌۭ فَلَا تُطِعْهُمَآ ۚ إِلَىَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
Оха весет дина адамна шен деца-ненаца дика хилар. Нагахь санна цу шиммо къахьегахь Соьца хьоьга накъост лацийтархьама‚ хьуна шеца цхьа а Iилма доцуш‚ - тIаккха ахьа цу шиннега ла ма догIалахь! Суна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Аса шуьга дуьйцур ду аша деш хилларг.
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَنُدْخِلَنَّهُمْ فِى ٱلصَّٰلِحِينَ
Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - уьш бохуьйтур бу Оха дикачаьрна юкъа.
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَقُولُ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ فَإِذَآ أُوذِىَ فِى ٱللَّهِ جَعَلَ فِتْنَةَ ٱلنَّاسِ كَعَذَابِ ٱللَّهِ وَلَئِن جَآءَ نَصْرٌۭ مِّن رَّبِّكَ لَيَقُولُنَّ إِنَّا كُنَّا مَعَكُمْ ۚ أَوَلَيْسَ ٱللَّهُ بِأَعْلَمَ بِمَا فِى صُدُورِ ٱلْعَٰلَمِينَ
Нахах бу шаьш олуш берш: "Оха иман диллина Деле"‚- шайна бохам хилча Делан дуьхьа цара лору нехан питна Делан Iазапах тера‚ хьан Кхиош-кхобучуьнгара толам беъча цара олу: "Баккъалла а,‚ тхо шуьца ма дара". Ткъа Дела вац дика хууш Iаламийн дегнашкахь дерг?
وَلَيَعْلَمَنَّ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَلَيَعْلَمَنَّ ٱلْمُنَٰفِقِينَ
Банне а бевзаш бу хьуна Далла иман диллинарш а‚ бевзаш бу хьуна Цуна мунепакъаш а (Дала гучадоккхур ду нахана церан а, вакхеран хьал).
وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّبِعُوا۟ سَبِيلَنَا وَلْنَحْمِلْ خَطَٰيَٰكُمْ وَمَا هُم بِحَٰمِلِينَ مِنْ خَطَٰيَٰهُم مِّن شَىْءٍ ۖ إِنَّهُمْ لَكَٰذِبُونَ
Ца тешна хиллачаьра элира иман диллинчаьрга: "ТIаьхьахIотта тхан новкъа‚ оха хьур ду шун къинош". Хьур ма дац цара церан къинойх цхьа а хIума. Баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу!
وَلَيَحْمِلُنَّ أَثْقَالَهُمْ وَأَثْقَالًۭا مَّعَ أَثْقَالِهِمْ ۖ وَلَيُسْـَٔلُنَّ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ عَمَّا كَانُوا۟ يَفْتَرُونَ
Цара хьур ма бу шайн моьхьаш а‚ /кхин/ моьхьаш а шайн моьхьашца. Цаьрга хоттур ма ду къемат дийнахь цара /харц/ кхуллуш хиллачух.
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِۦ فَلَبِثَ فِيهِمْ أَلْفَ سَنَةٍ إِلَّا خَمْسِينَ عَامًۭا فَأَخَذَهُمُ ٱلطُّوفَانُ وَهُمْ ظَٰلِمُونَ
Оха вахийтира Нухь шен къамана тIе. Иза лаьттира царна юкъахь эзар шарахь шовзткъе итт шо тоьхча‚ тIаккха уьш схьалецира тIовфано шаьш зуламхой хилла.
فَأَنجَيْنَٰهُ وَأَصْحَٰبَ ٱلسَّفِينَةِ وَجَعَلْنَٰهَآ ءَايَةًۭ لِّلْعَٰلَمِينَ
Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ кеманан дай а‚ хилийтира цунах Iаламашна делил.
وَإِبْرَٰهِيمَ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ وَٱتَّقُوهُ ۖ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌۭ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
ИбрахIим а /вахийтира Оха шен къамана тIе/‚ цо ма элира шен къаме: "Далла Iибидат де‚ Цунах кхера. Иза дика ду шуна шу хууш хиллехь.
إِنَّمَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ أَوْثَٰنًۭا وَتَخْلُقُونَ إِفْكًا ۚ إِنَّ ٱلَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ لَا يَمْلِكُونَ لَكُمْ رِزْقًۭا فَٱبْتَغُوا۟ عِندَ ٱللَّهِ ٱلرِّزْقَ وَٱعْبُدُوهُ وَٱشْكُرُوا۟ لَهُۥٓ ۖ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Баккъалла а, шу Iибадат деш ду-кх Дела а витина цIушна‚ кхуллуш ду эладита. Баккъалла а, и Дела а витина аша Iибадат дечаьрийн долахь ма дац шун рицIкъ. Аша лаха Далла гергахь рицIкъ‚ Цуна Iибадат де‚ Цуна баркалла а ала. Цуьнан тIе духадерзор ду шу.
وَإِن تُكَذِّبُوا۟ فَقَدْ كَذَّبَ أُمَمٌۭ مِّن قَبْلِكُمْ ۖ وَمَا عَلَى ٱلرَّسُولِ إِلَّا ٱلْبَلَٰغُ ٱلْمُبِينُ
Аша и харцдахь…- харцдира шуна и халкъаша шул хьалха а. Элчанна тIехь-м ма дац билгала дIакхачор бен".
أَوَلَمْ يَرَوْا۟ كَيْفَ يُبْدِئُ ٱللَّهُ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥٓ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ يَسِيرٌۭ
Царна ца гина-те‚ муха кхуллу Дала кхоллар‚ тIаккха карладоккху иза. Баккъалла а, иза Далла атта ду.
قُلْ سِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَٱنظُرُوا۟ كَيْفَ بَدَأَ ٱلْخَلْقَ ۚ ثُمَّ ٱللَّهُ يُنشِئُ ٱلنَّشْأَةَ ٱلْءَاخِرَةَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Ахьа ала: "Лела латтахула‚ хьажа‚ муха долийна Цо кхоллар‚ тIаккха Дала кхуьуьйту тIаьхьара кхолладалар. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ кхочуш ву.
Page 1 of 4 (69 ayahs)