Loading surah...
Back to Chechen Quran
60 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓمٓ
Алиф-лам-мим.
غُلِبَتِ ٱلرُّومُ
Эшинера румой /парисаша/.
فِىٓ أَدْنَى ٱلْأَرْضِ وَهُم مِّنۢ بَعْدِ غَلَبِهِمْ سَيَغْلِبُونَ
Лаьттан мелхо /шайн махкана/ гергахь‚ уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлар болуш бу.
فِى بِضْعِ سِنِينَ ۗ لِلَّهِ ٱلْأَمْرُ مِن قَبْلُ وَمِنۢ بَعْدُ ۚ وَيَوْمَئِذٍۢ يَفْرَحُ ٱلْمُؤْمِنُونَ
Цхьа масийтта шерахь. Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъма нахана.
بِنَصْرِ ٱللَّهِ ۚ يَنصُرُ مَن يَشَآءُ ۖ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верга а ву.
وَعْدَ ٱللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ ٱللَّهُ وَعْدَهُۥ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Делан ваIда ю. Дала йоха ца йо Шен ваIда‚ делахь а нахах дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.
يَعْلَمُونَ ظَٰهِرًۭا مِّنَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَهُمْ عَنِ ٱلْءَاخِرَةِ هُمْ غَٰفِلُونَ
Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIапал бу.
أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا۟ فِىٓ أَنفُسِهِم ۗ مَّا خَلَقَ ٱللَّهُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَآ إِلَّا بِٱلْحَقِّ وَأَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۗ وَإِنَّ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلنَّاسِ بِلِقَآئِ رَبِّهِمْ لَكَٰفِرُونَ
Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел ерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхах берш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керстаналла деш бу-кх.
أَوَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوٓا۟ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةًۭ وَأَثَارُوا۟ ٱلْأَرْضَ وَعَمَرُوهَآ أَكْثَرَ مِمَّا عَمَرُوهَا وَجَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ ۖ فَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِن كَانُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье? Уьш царел мелхо чIогIа ма бара ницIкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚ беха ма баьхна цу тIехь уьш баьхначул мелхо дукха‚ цаьрга ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш.
ثُمَّ كَانَ عَٰقِبَةَ ٱلَّذِينَ أَسَٰٓـُٔوا۟ ٱلسُّوٓأَىٰٓ أَن كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَكَانُوا۟ بِهَا يَسْتَهْزِءُونَ
ТIаккха вон диначаьрийн тIаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш царех ца бешаш хиларна.
ٱللَّهُ يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Дала доладо кхоллар‚ тIаккха Цо иза карладоккха‚ тIаккха шу Цуна тIе духадерзор а ду.
وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يُبْلِسُ ٱلْمُجْرِمُونَ
Сахьт хIоьттинчу дийнахь совцурбу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хIума доцуш/.
وَلَمْ يَكُن لَّهُم مِّن شُرَكَآئِهِمْ شُفَعَٰٓؤُا۟ وَكَانُوا۟ بِشُرَكَآئِهِمْ كَٰفِرِينَ
Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шайн накъосташна керстаналла деш берш.
وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يَوْمَئِذٍۢ يَتَفَرَّقُونَ
Сахьт хIоьттинчу дийнахь - оцу дийнахь уьш бекъалур бу.
فَأَمَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَهُمْ فِى رَوْضَةٍۢ يُحْبَرُونَ
Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш - уьш бошмашкахь хазахеташ хир бу.
وَأَمَّا ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَكَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَلِقَآئِ ٱلْءَاخِرَةِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ فِى ٱلْعَذَابِ مُحْضَرُونَ
Ца тешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартаца а цхьанакхетар а харцдинарш а - уьш Iазапна чубоьхкина хир бу.
فَسُبْحَٰنَ ٱللَّهِ حِينَ تُمْسُونَ وَحِينَ تُصْبِحُونَ
Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьренга даьлча а‚ шу Iуьйрана гIевтича а,
وَلَهُ ٱلْحَمْدُ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَعَشِيًّۭا وَحِينَ تُظْهِرُونَ
Цуна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аша делкъаюкъ хилийтинчу хенахь а /де ламазаш/.
يُخْرِجُ ٱلْحَىَّ مِنَ ٱلْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ ٱلْمَيِّتَ مِنَ ٱلْحَىِّ وَيُحْىِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ وَكَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ
Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/.
وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَنْ خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍۢ ثُمَّ إِذَآ أَنتُم بَشَرٌۭ تَنتَشِرُونَ
Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тIаккха шу адамаш хилла даьржаш.
Page 1 of 3 (60 ayahs)