Loading surah...
Back to Chechen Quran
34 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓمٓ
Алиф-лам-мим.
تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ٱلْحَكِيمِ
ХIорш хьукаме долчу жайнан аяташ ду.
هُدًۭى وَرَحْمَةًۭ لِّلْمُحْسِنِينَ
Шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечаьрна.
ٱلَّذِينَ يُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُؤْتُونَ ٱلزَّكَوٰةَ وَهُم بِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Уьш бу шаьш ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ эхартах уьш тешаш бу.
أُو۟لَٰٓئِكَ عَلَىٰ هُدًۭى مِّن رَّبِّهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ
Уьш шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбуьйр берш.
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَشْتَرِى لَهْوَ ٱلْحَدِيثِ لِيُضِلَّ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍۢ وَيَتَّخِذَهَا هُزُوًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ عَذَابٌۭ مُّهِينٌۭ
Нахах ву шегахь Iилма доцуш синкъераман хабар оьцуш верг Делан некъах /нах/ тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш - царна сийсаздолу Iазап ду.
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ ءَايَٰتُنَا وَلَّىٰ مُسْتَكْبِرًۭا كَأَن لَّمْ يَسْمَعْهَا كَأَنَّ فِىٓ أُذُنَيْهِ وَقْرًۭا ۖ فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Шена Тхан аяташ доьшуш кураваьлла дIавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен лергашкахь къоралла ерг санна. Ахьа цунна кхаъ баккха лазош долчу Iазапца.
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَهُمْ جَنَّٰتُ ٱلنَّعِيمِ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - царна НаIим /ялсаманин/ бошмаш ю.
خَٰلِدِينَ فِيهَا ۖ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقًّۭا ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Делан бакъ хилла йолу ваIда ю иза. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву.
خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ بِغَيْرِ عَمَدٍۢ تَرَوْنَهَا ۖ وَأَلْقَىٰ فِى ٱلْأَرْضِ رَوَٰسِىَ أَن تَمِيدَ بِكُمْ وَبَثَّ فِيهَا مِن كُلِّ دَآبَّةٍۢ ۚ وَأَنزَلْنَا مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَنۢبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوْجٍۢ كَرِيمٍ
Цо кхоьллира стигланаш цхьа а бIогIам боцуш‚ шуна гуш болу. Лаьттахула лаьмнаш кхиссира Цо и шуьца ца лестийтархьама‚ даржийна Цо цигахь массо а бежана. Оха доссийра стиглара хи‚ Оха кхиийра цу чохь /лаьттахь/ хIора сийлахь шишша /орамат/.
هَٰذَا خَلْقُ ٱللَّهِ فَأَرُونِى مَاذَا خَلَقَ ٱلَّذِينَ مِن دُونِهِۦ ۚ بَلِ ٱلظَّٰلِمُونَ فِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍۢ
Иза Делан кхоллар ду. ХIинца аша Соьга гайтал‚ хIун кхоьллина Иза воцчо. ХIаъ‚ зуламхой билгалчу тиларчохь бу-кх!
وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا لُقْمَٰنَ ٱلْحِكْمَةَ أَنِ ٱشْكُرْ لِلَّهِ ۚ وَمَن يَشْكُرْ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَن كَفَرَ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَنِىٌّ حَمِيدٌۭ
Оха /хьалха/ деллера Лукъманна хьекъал: "Далла шукр де. Шукр дечо - шена шукр деш ду. Керсталла деш верг - Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву".
وَإِذْ قَالَ لُقْمَٰنُ لِٱبْنِهِۦ وَهُوَ يَعِظُهُۥ يَٰبُنَىَّ لَا تُشْرِكْ بِٱللَّهِ ۖ إِنَّ ٱلشِّرْكَ لَظُلْمٌ عَظِيمٌۭ
Лукъмана элира шен кIанте‚ ша цунна хьехар деш: "ХIай сан кIант‚ ахьа Делаца накъост ма лацалахь. /Делаца/ накъост лацар - доккха зулам ду".
وَوَصَّيْنَا ٱلْإِنسَٰنَ بِوَٰلِدَيْهِ حَمَلَتْهُ أُمُّهُۥ وَهْنًا عَلَىٰ وَهْنٍۢ وَفِصَٰلُهُۥ فِى عَامَيْنِ أَنِ ٱشْكُرْ لِى وَلِوَٰلِدَيْكَ إِلَىَّ ٱلْمَصِيرُ
Оха весет дина адамна шен деца-ненаца /дика хилар/: цуьнан нанас /кийрахь/ лелийна иза гIелъяларна тIе а гIелъяларца‚ цуьнан /ненах/ къастар - шина шарахь хилла. Шукр де Суна а‚ хьан дена-нанна а. Соьга ду хьан дIаверзар.
وَإِن جَٰهَدَاكَ عَلَىٰٓ أَن تُشْرِكَ بِى مَا لَيْسَ لَكَ بِهِۦ عِلْمٌۭ فَلَا تُطِعْهُمَا ۖ وَصَاحِبْهُمَا فِى ٱلدُّنْيَا مَعْرُوفًۭا ۖ وَٱتَّبِعْ سَبِيلَ مَنْ أَنَابَ إِلَىَّ ۚ ثُمَّ إِلَىَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
Нагахь санна цу шиммо къахьегахь‚ ахьа Соьца накъост лацарна тIехь хьуна шеца Iилма доцучуьнца - тIаккха ахьа цу шингге ла ма догIалахь. Накъосталла де царна шиннена дуьненахь дикачу хIуманна тIехь. Хьо тIаьхьа ваза Суна тIевирзинчуьнан новкъа. ТIаккха Суна тIе ду шун дIадерзар. Аса дуьйцур ду шуна аша деш хилларг.
يَٰبُنَىَّ إِنَّهَآ إِن تَكُ مِثْقَالَ حَبَّةٍۢ مِّنْ خَرْدَلٍۢ فَتَكُن فِى صَخْرَةٍ أَوْ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ أَوْ فِى ٱلْأَرْضِ يَأْتِ بِهَا ٱللَّهُ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَطِيفٌ خَبِيرٌۭ
"ХIай сан кIант‚ и (вониг) хилахь а цхьа жимма кIоллан буьртигал я тархахь (чарчохь)‚ я стигланашкахь‚ я латтахь а - иза а схьадоккху Дала. Баккъалла а, Дела тIех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.
يَٰبُنَىَّ أَقِمِ ٱلصَّلَوٰةَ وَأْمُرْ بِٱلْمَعْرُوفِ وَٱنْهَ عَنِ ٱلْمُنكَرِ وَٱصْبِرْ عَلَىٰ مَآ أَصَابَكَ ۖ إِنَّ ذَٰلِكَ مِنْ عَزْمِ ٱلْأُمُورِ
ХIай сан кIант‚ хIоттаде ламаз‚ диканиг /нахана/ омра де‚ вочух /нах/ духатоха‚ собар де хьайх хьакхаделлачун тIехь. Иза гIуллакхийн чIогIаллех ду.
وَلَا تُصَعِّرْ خَدَّكَ لِلنَّاسِ وَلَا تَمْشِ فِى ٱلْأَرْضِ مَرَحًا ۖ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍۢ فَخُورٍۢ
Хьан юьхь ма хеба е нахана‚ ма лела латтахула кура. Баккъалла а, Далла ца веза массо кура верг а‚ везаведарг а.
وَٱقْصِدْ فِى مَشْيِكَ وَٱغْضُضْ مِن صَوْتِكَ ۚ إِنَّ أَنكَرَ ٱلْأَصْوَٰتِ لَصَوْتُ ٱلْحَمِيرِ
Юкънеккъара де хьан болар‚ аз а лагIде хьан. Аьзнех уггар ирчаниг виран аз ду".
أَلَمْ تَرَوْا۟ أَنَّ ٱللَّهَ سَخَّرَ لَكُم مَّا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ وَأَسْبَغَ عَلَيْكُمْ نِعَمَهُۥ ظَٰهِرَةًۭ وَبَاطِنَةًۭ ۗ وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يُجَٰدِلُ فِى ٱللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍۢ وَلَا هُدًۭى وَلَا كِتَٰبٍۢ مُّنِيرٍۢ
Шуна ца го-те‚ Дала шуна болх бойтуш хилар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчуьнга‚ Цо шуна шортта делла Шен ниIматаш‚ гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а? Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг цхьа а Iилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуре жайна доцуш.
Page 1 of 2 (34 ayahs)