Loading surah...
Back to Chechen Quran
73 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ ٱتَّقِ ٱللَّهَ وَلَا تُطِعِ ٱلْكَٰفِرِينَ وَٱلْمُنَٰفِقِينَ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًۭا
ХIай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукаме верг а.
وَٱتَّبِعْ مَا يُوحَىٰٓ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًۭا
Хьо тIаьхьахIотта хьайга вехьешца хьан Кхиош-кхобучуьнгара деъначунна. Баккъалла а, Дела хили аша дийриг сов дика хууш.
وَتَوَكَّلْ عَلَى ٱللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِٱللَّهِ وَكِيلًۭا
Ахьа таваккал де Далла - кхачо хили Делаца векал.
مَّا جَعَلَ ٱللَّهُ لِرَجُلٍۢ مِّن قَلْبَيْنِ فِى جَوْفِهِۦ ۚ وَمَا جَعَلَ أَزْوَٰجَكُمُ ٱلَّٰٓـِٔى تُظَٰهِرُونَ مِنْهُنَّ أُمَّهَٰتِكُمْ ۚ وَمَا جَعَلَ أَدْعِيَآءَكُمْ أَبْنَآءَكُمْ ۚ ذَٰلِكُمْ قَوْلُكُم بِأَفْوَٰهِكُمْ ۖ وَٱللَّهُ يَقُولُ ٱلْحَقَّ وَهُوَ يَهْدِى ٱلسَّبِيلَ
Ца дина Дала цхьанне стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аша шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болу‚ шун наной‚ аша долабаьхина берийх шуна кIентий ца бина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу некъа.
ٱدْعُوهُمْ لِءَابَآئِهِمْ هُوَ أَقْسَطُ عِندَ ٱللَّهِ ۚ فَإِن لَّمْ تَعْلَمُوٓا۟ ءَابَآءَهُمْ فَإِخْوَٰنُكُمْ فِى ٱلدِّينِ وَمَوَٰلِيكُمْ ۚ وَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌۭ فِيمَآ أَخْطَأْتُم بِهِۦ وَلَٰكِن مَّا تَعَمَّدَتْ قُلُوبُكُمْ ۚ وَكَانَ ٱللَّهُ غَفُورًۭا رَّحِيمًا
Шайн дайшка дIакхайкха уьш - иза ду мелхо нисдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь - шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалат деллачун‚ аша дагалаьцначун бен. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ٱلنَّبِىُّ أَوْلَىٰ بِٱلْمُؤْمِنِينَ مِنْ أَنفُسِهِمْ ۖ وَأَزْوَٰجُهُۥٓ أُمَّهَٰتُهُمْ ۗ وَأُو۟لُوا۟ ٱلْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَىٰ بِبَعْضٍۢ فِى كِتَٰبِ ٱللَّهِ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُهَٰجِرِينَ إِلَّآ أَن تَفْعَلُوٓا۟ إِلَىٰٓ أَوْلِيَآئِكُم مَّعْرُوفًۭا ۚ كَانَ ذَٰلِكَ فِى ٱلْكِتَٰبِ مَسْطُورًۭا
Пайхамар таме ву муъма нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вакхарел таме бу Делан жайнахь муъма нахал‚ хIижар дихкинчарел‚ аша шайн доттагIашна диканиг деш далахь бен. Хили иза жайнахь дIаязделла.
وَإِذْ أَخَذْنَا مِنَ ٱلنَّبِيِّۦنَ مِيثَٰقَهُمْ وَمِنكَ وَمِن نُّوحٍۢ وَإِبْرَٰهِيمَ وَمُوسَىٰ وَعِيسَى ٱبْنِ مَرْيَمَ ۖ وَأَخَذْنَا مِنْهُم مِّيثَٰقًا غَلِيظًۭا
Оха схьаийцира пайхамарашкара чIагIам‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚ Маръяман кIантера Iисагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа чIагIам.
لِّيَسْـَٔلَ ٱلصَّٰدِقِينَ عَن صِدْقِهِمْ ۚ وَأَعَدَّ لِلْكَٰفِرِينَ عَذَابًا أَلِيمًۭا
Цо /Дала/ бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Iазап.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَةَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَآءَتْكُمْ جُنُودٌۭ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًۭا وَجُنُودًۭا لَّمْ تَرَوْهَا ۚ وَكَانَ ٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا
ХIай иман диллинарш! Аша дагадайта Делан ниIмат шайн долу - шуна деара эскар - Оха бахийтира царна тIе мох а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аша дийриг гушверг.
إِذْ جَآءُوكُم مِّن فَوْقِكُمْ وَمِنْ أَسْفَلَ مِنكُمْ وَإِذْ زَاغَتِ ٱلْأَبْصَٰرُ وَبَلَغَتِ ٱلْقُلُوبُ ٱلْحَنَاجِرَ وَتَظُنُّونَ بِٱللَّهِ ٱلظُّنُونَا۠
Уьш баьхкира шуна тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а - бIаьргаш хьен тIе баьлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна моттайолаелира Делах лаьцна цхьацца /нийса йоцу/ моттаргIонаш.
هُنَالِكَ ٱبْتُلِىَ ٱلْمُؤْمِنُونَ وَزُلْزِلُوا۟ زِلْزَالًۭا شَدِيدًۭا
Цигахь зийра муъма нах‚ чIогIа мохк а бегийра.
وَإِذْ يَقُولُ ٱلْمُنَٰفِقُونَ وَٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ مَّا وَعَدَنَا ٱللَّهُ وَرَسُولُهُۥٓ إِلَّا غُرُورًۭا
/Ахьа дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчаьра а элира: "Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац".
وَإِذْ قَالَت طَّآئِفَةٌۭ مِّنْهُمْ يَٰٓأَهْلَ يَثْرِبَ لَا مُقَامَ لَكُمْ فَٱرْجِعُوا۟ ۚ وَيَسْتَـْٔذِنُ فَرِيقٌۭ مِّنْهُمُ ٱلنَّبِىَّ يَقُولُونَ إِنَّ بُيُوتَنَا عَوْرَةٌۭ وَمَا هِىَ بِعَوْرَةٍ ۖ إِن يُرِيدُونَ إِلَّا فِرَارًۭا
/Ахьа хьахаде/: царех цхьана тобано элира: "ХIай Ясрибан бахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ духадерза". Царех кхин йолу тоба пайхамаре пурба деха йолаелира‚ олуш: "Тхан цIенош десса ду". Десса ма дац уьш - царна луург бовдар ду-кх /тIамтIера/.
وَلَوْ دُخِلَتْ عَلَيْهِم مِّنْ أَقْطَارِهَا ثُمَّ سُئِلُوا۟ ٱلْفِتْنَةَ لَءَاتَوْهَا وَمَا تَلَبَّثُوا۟ بِهَآ إِلَّا يَسِيرًۭا
Царна чубаьхкича цуьнан /гIалин/ йисташкахула‚ тIаккха цаьрга питна дийхича - и лур ма дар хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна.
وَلَقَدْ كَانُوا۟ عَٰهَدُوا۟ ٱللَّهَ مِن قَبْلُ لَا يُوَلُّونَ ٱلْأَدْبَٰرَ ۚ وَكَانَ عَهْدُ ٱللَّهِ مَسْـُٔولًۭا
Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда еш‚ шаьш довдур дац /тIамтIера/‚ бохуш. Хили Делан ваIда жоп доьхуш.
قُل لَّن يَنفَعَكُمُ ٱلْفِرَارُ إِن فَرَرْتُم مِّنَ ٱلْمَوْتِ أَوِ ٱلْقَتْلِ وَإِذًۭا لَّا تُمَتَّعُونَ إِلَّا قَلِيلًۭا
Ахьа ала: "Пайда бийр бац шуна довдаро‚ шу довдарах даларх‚ я дайарх кIеззиг бен бахам хир бац шуна".
قُلْ مَن ذَا ٱلَّذِى يَعْصِمُكُم مِّنَ ٱللَّهِ إِنْ أَرَادَ بِكُمْ سُوٓءًا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ رَحْمَةًۭ ۚ وَلَا يَجِدُونَ لَهُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ وَلِيًّۭا وَلَا نَصِيرًۭا
Ахьа ала: "Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг Цуна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цуна шуна цхьа къинхетам лихча. Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а".
۞ قَدْ يَعْلَمُ ٱللَّهُ ٱلْمُعَوِّقِينَ مِنكُمْ وَٱلْقَآئِلِينَ لِإِخْوَٰنِهِمْ هَلُمَّ إِلَيْنَا ۖ وَلَا يَأْتُونَ ٱلْبَأْسَ إِلَّا قَلِيلًا
Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: "Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!" Цхьа къеззиг бен ца беара цара ницIкъ.
أَشِحَّةً عَلَيْكُمْ ۖ فَإِذَا جَآءَ ٱلْخَوْفُ رَأَيْتَهُمْ يَنظُرُونَ إِلَيْكَ تَدُورُ أَعْيُنُهُمْ كَٱلَّذِى يُغْشَىٰ عَلَيْهِ مِنَ ٱلْمَوْتِ ۖ فَإِذَا ذَهَبَ ٱلْخَوْفُ سَلَقُوكُم بِأَلْسِنَةٍ حِدَادٍ أَشِحَّةً عَلَى ٱلْخَيْرِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَمْ يُؤْمِنُوا۟ فَأَحْبَطَ ٱللَّهُ أَعْمَٰلَهُمْ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ يَسِيرًۭا
Шуна бIаьрмециг хуьлуш. Кхерам беъча хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш хьийзаш валан шен дог вон хилларг санна. Кхерам дIабаьлча шух чекхдохур ду цара чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш иман диллина бац хьуна‚ Дала яйана хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта.
يَحْسَبُونَ ٱلْأَحْزَابَ لَمْ يَذْهَبُوا۟ ۖ وَإِن يَأْتِ ٱلْأَحْزَابُ يَوَدُّوا۟ لَوْ أَنَّهُم بَادُونَ فِى ٱلْأَعْرَابِ يَسْـَٔلُونَ عَنْ أَنۢبَآئِكُمْ ۖ وَلَوْ كَانُوا۟ فِيكُم مَّا قَٰتَلُوٓا۟ إِلَّا قَلِيلًۭا
Царна метта и тобанаш дIа ца яхна. И тобанаш еъча царна лаьа Iаьрбийн юккъехь дIасхьалеларш хила‚ шун хабарш хоьттуш. Шун юккъехь хилча а кIеззиг бен тIом бира бацара цара.
Page 1 of 4 (73 ayahs)