Loading surah...
Back to Chechen Quran
54 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى لَهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ وَلَهُ ٱلْحَمْدُ فِى ٱلْءَاخِرَةِ ۚ وَهُوَ ٱلْحَكِيمُ ٱلْخَبِيرُ
Хастам бу Далла‚ Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза хьукаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.
يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنزِلُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۚ وَهُوَ ٱلرَّحِيمُ ٱلْغَفُورُ
Цуна хаьа лаьттан чу гIош дерг а‚ цунах схьа долуш дерг а‚ стиглара охьадогIуш дерг а‚ цига ирх долуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш верг а ву.
وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَا تَأْتِينَا ٱلسَّاعَةُ ۖ قُلْ بَلَىٰ وَرَبِّى لَتَأْتِيَنَّكُمْ عَٰلِمِ ٱلْغَيْبِ ۖ لَا يَعْزُبُ عَنْهُ مِثْقَالُ ذَرَّةٍۢ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَلَا فِى ٱلْأَرْضِ وَلَآ أَصْغَرُ مِن ذَٰلِكَ وَلَآ أَكْبَرُ إِلَّا فِى كِتَٰبٍۢ مُّبِينٍۢ
Ца тешачаьра элира: "Сахьт вайна догIур а дац". Ахьа ала: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнах дуй боу аса‚ къайлах дерг хууш волчу: догIур долуш ду иза шуна". Цунах /Делах/ къайладер дац мискъала зарратал хIума стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайнан чохь долуш а бен.
لِّيَجْزِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُم مَّغْفِرَةٌۭ وَرِزْقٌۭ كَرِيمٌۭ
Иман диллинчаьрна‚ дика Iамалш йиначаьрна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицIкъ а дерш.
وَٱلَّذِينَ سَعَوْ فِىٓ ءَايَٰتِنَا مُعَٰجِزِينَ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ عَذَابٌۭ مِّن رِّجْزٍ أَلِيمٌۭ
Тхан аяташ талхо къахоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ - царна Iазап ду лазош долчу таIзарех.
وَيَرَى ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ ٱلَّذِىٓ أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ هُوَ ٱلْحَقَّ وَيَهْدِىٓ إِلَىٰ صِرَٰطِ ٱلْعَزِيزِ ٱلْحَمِيدِ
Шайна Iилма деллачаьрна хаьа хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу везза волчун‚ хастаме волчун /Делан/ новкъа.
وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ هَلْ نَدُلُّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍۢ يُنَبِّئُكُمْ إِذَا مُزِّقْتُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ إِنَّكُمْ لَفِى خَلْقٍۢ جَدِيدٍ
Цатешначаьра элира: "Оха нисдой шу цхьана стагана тIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу массо кийсагана декъаделча шу керлачу кхолларчохь хир ду /духа дендийр ду/‚ бохуш?
أَفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا أَم بِهِۦ جِنَّةٌۢ ۗ بَلِ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ فِى ٱلْعَذَابِ وَٱلضَّلَٰلِ ٱلْبَعِيدِ
Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду". ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш Iазапан чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу.
أَفَلَمْ يَرَوْا۟ إِلَىٰ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ ۚ إِن نَّشَأْ نَخْسِفْ بِهِمُ ٱلْأَرْضَ أَوْ نُسْقِطْ عَلَيْهِمْ كِسَفًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ لِّكُلِّ عَبْدٍۢ مُّنِيبٍۢ
Царна ца го-те шайна хьалхахь а, тIехьахь а дерг, стиглара а, лаьттара а? Тхуна лууш хиллехьара Оха лаьтте худийтар бара уьш‚ я стиглара кийсагаш егор яра царна тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша воьрзуш волчу /Деле тоба дарца/ лена.
۞ وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا دَاوُۥدَ مِنَّا فَضْلًۭا ۖ يَٰجِبَالُ أَوِّبِى مَعَهُۥ وَٱلطَّيْرَ ۖ وَأَلَنَّا لَهُ ٱلْحَدِيدَ
Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат‚ /элира/: "ХIай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца цхьана‚ /аша а/ олхазарш". Оха кIаддийра цуна эчиг:
أَنِ ٱعْمَلْ سَٰبِغَٰتٍۢ وَقَدِّرْ فِى ٱلسَّرْدِ ۖ وَٱعْمَلُوا۟ صَٰلِحًا ۖ إِنِّى بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ
"ГIаьгIнаш е‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аша дийриг гуш ву".
وَلِسُلَيْمَٰنَ ٱلرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌۭ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌۭ ۖ وَأَسَلْنَا لَهُۥ عَيْنَ ٱلْقِطْرِ ۖ وَمِنَ ٱلْجِنِّ مَن يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِۦ ۖ وَمَن يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ ٱلسَّعِيرِ
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха ирабира цуна цIестан хьоста. Жинех ду шаьш цуна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царех Тхан омрах дIатилначаьрна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах.
يَعْمَلُونَ لَهُۥ مَا يَشَآءُ مِن مَّحَٰرِيبَ وَتَمَٰثِيلَ وَجِفَانٍۢ كَٱلْجَوَابِ وَقُدُورٍۢ رَّاسِيَٰتٍ ۚ ٱعْمَلُوٓا۟ ءَالَ دَاوُۥدَ شُكْرًۭا ۚ وَقَلِيلٌۭ مِّنْ عِبَادِىَ ٱلشَّكُورُ
Цара еш цуна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш черманаш санна‚ чIогIа яйнаш а. Хам бе‚ Давудан доьзал. КIеззиг бу Сан лайх хам беш берш.
فَلَمَّا قَضَيْنَا عَلَيْهِ ٱلْمَوْتَ مَا دَلَّهُمْ عَلَىٰ مَوْتِهِۦٓ إِلَّا دَآبَّةُ ٱلْأَرْضِ تَأْكُلُ مِنسَأَتَهُۥ ۖ فَلَمَّا خَرَّ تَبَيَّنَتِ ٱلْجِنُّ أَن لَّوْ كَانُوا۟ يَعْلَمُونَ ٱلْغَيْبَ مَا لَبِثُوا۟ فِى ٱلْعَذَابِ ٱلْمُهِينِ
Оха цуна /Сулейманна/ Iожалла тIехIоттича цуна валаран тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза охьавоьжча билгалделира жинашна шайна къайле хууш хиллехьара лаьттар ца хилар шаьш сийсазаллин Iазапехь.
لَقَدْ كَانَ لِسَبَإٍۢ فِى مَسْكَنِهِمْ ءَايَةٌۭ ۖ جَنَّتَانِ عَن يَمِينٍۢ وَشِمَالٍۢ ۖ كُلُوا۟ مِن رِّزْقِ رَبِّكُمْ وَٱشْكُرُوا۟ لَهُۥ ۚ بَلْدَةٌۭ طَيِّبَةٌۭ وَرَبٌّ غَفُورٌۭ
Хилира сабаашна шайн гIишлошкахь делил: ши беш аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицъкех‚ хам бе Цуна! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-кхобург /хилира царна/.
فَأَعْرَضُوا۟ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ سَيْلَ ٱلْعَرِمِ وَبَدَّلْنَٰهُم بِجَنَّتَيْهِمْ جَنَّتَيْنِ ذَوَاتَىْ أُكُلٍ خَمْطٍۢ وَأَثْلٍۢ وَشَىْءٍۢ مِّن سِدْرٍۢ قَلِيلٍۢ
Юьстах белира уьш /Далла хам барна/‚ Оха доссира царна тIе дуккха Iовраш‚ церан шина бешан меттана хилийтира ши беш къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих а‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидрех а йолуш.
ذَٰلِكَ جَزَيْنَٰهُم بِمَا كَفَرُوا۟ ۖ وَهَلْ نُجَٰزِىٓ إِلَّا ٱلْكَفُورَ
Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой ца тешачаьрна а бен?
وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ ٱلْقُرَى ٱلَّتِى بَٰرَكْنَا فِيهَا قُرًۭى ظَٰهِرَةًۭ وَقَدَّرْنَا فِيهَا ٱلسَّيْرَ ۖ سِيرُوا۟ فِيهَا لَيَالِىَ وَأَيَّامًا ءَامِنِينَ
Царна юкъахь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу яртийн юкъахь Оха йира гуш йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: "Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а кхерам боцуш!"
فَقَالُوا۟ رَبَّنَا بَٰعِدْ بَيْنَ أَسْفَارِنَا وَظَلَمُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ فَجَعَلْنَٰهُمْ أَحَادِيثَ وَمَزَّقْنَٰهُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّكُلِّ صَبَّارٍۢ شَكُورٍۢ
Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар". Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царех /нахана/ дийцарш‚ хедийра уьш массо а кийсаг хилла. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо собаре волчунна а‚ хам бечунна а.
وَلَقَدْ صَدَّقَ عَلَيْهِمْ إِبْلِيسُ ظَنَّهُۥ فَٱتَّبَعُوهُ إِلَّا فَرِيقًۭا مِّنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Иблисо бакъ дайтара цаьрга шена моттар‚ уьш цуна тIаьхьахIоьттира муъма нахах цхьа тоба йоцург.
Page 1 of 3 (54 ayahs)