Loading surah...
Back to Chechen Quran
182 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ وَٱلصَّٰٓفَّٰتِ صَفًّۭا
/Аса дуй боу/ могIаршкахь лаьттачарех могIарца.
فَٱلزَّٰجِرَٰتِ زَجْرًۭا
/Аса дуй боу/ лохкучарех лахкарца.
فَٱلتَّٰلِيَٰتِ ذِكْرًا
/Аса дуй боу/ доьшучарех хьехам.
إِنَّ إِلَٰهَكُمْ لَوَٰحِدٌۭ
Баккъалла а, шун Дела цхьаъ ву.
رَّبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَرَبُّ ٱلْمَشَٰرِقِ
Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да волу‚ малхбалийн а Да волу.
إِنَّا زَيَّنَّا ٱلسَّمَآءَ ٱلدُّنْيَا بِزِينَةٍ ٱلْكَوَاكِبِ
Баккъалла а, Оха хаздина гергара стигал седарчийн хазаллица.
وَحِفْظًۭا مِّن كُلِّ شَيْطَٰنٍۢ مَّارِدٍۢ
Iалашдарца а массо карзах даьллачу шайтIанах.
لَّا يَسَّمَّعُونَ إِلَى ٱلْمَلَإِ ٱلْأَعْلَىٰ وَيُقْذَفُونَ مِن كُلِّ جَانِبٍۢ
Цара ладогIур дац Лакхарчу Кхеташоне‚ духатухур ду массо агIорхьара
دُحُورًۭا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌۭ وَاصِبٌ
Генадаккхарца‚ царна гуттарена долу Iазап ду.
إِلَّا مَنْ خَطِفَ ٱلْخَطْفَةَ فَأَتْبَعَهُۥ شِهَابٌۭ ثَاقِبٌۭ
Сихха /цхьа дош/ схьалаьцнарг доцург‚ цуна тIаьхьакхуьу /стиглара/ охьабужу цIе туху седа.
فَٱسْتَفْتِهِمْ أَهُمْ أَشَدُّ خَلْقًا أَم مَّنْ خَلَقْنَآ ۚ إِنَّا خَلَقْنَٰهُم مِّن طِينٍۢ لَّازِبٍۭ
Ахьа хаттал цаьрга: "Уьш бу вуно чIогIа кхолла‚ я Оха кхоьллинарг ду? Баккъалла а, Оха кхоьллина уьш /церан бух - Адам/ леташ болчу поппарах.
بَلْ عَجِبْتَ وَيَسْخَرُونَ
ХIаъ‚ цецваьлла хьо? Уьш ца бешаш бу /хьан цецваларх/.
وَإِذَا ذُكِّرُوا۟ لَا يَذْكُرُونَ
Шайна /КъурIанца/ кхерам тесчи а, цара тидам ца бо.
وَإِذَا رَأَوْا۟ ءَايَةًۭ يَسْتَسْخِرُونَ
Шайна делил гичи а тIех ца бешаш хуьлу.
وَقَالُوٓا۟ إِنْ هَٰذَآ إِلَّا سِحْرٌۭ مُّبِينٌ
Цара элира: "ХIара билгала бозбуанчалла а бен дац.
أَءِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًۭا وَعِظَٰمًا أَءِنَّا لَمَبْعُوثُونَ
Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча вай духадендийр ду?
أَوَءَابَآؤُنَا ٱلْأَوَّلُونَ
Я вайн хьалхалера дай?"
قُلْ نَعَمْ وَأَنتُمْ دَٰخِرُونَ
Ахьа ала: "ХIаъ‚ шу кIелдуьсур ма ду".
فَإِنَّمَا هِىَ زَجْرَةٌۭ وَٰحِدَةٌۭ فَإِذَا هُمْ يَنظُرُونَ
Иза-м цхьа аз бен дац - уьш хьоьжуш хир бу.
وَقَالُوا۟ يَٰوَيْلَنَا هَٰذَا يَوْمُ ٱلدِّينِ
Шаьш олуш: "Ма бала бу вайна! ХIара ду-кх и бекхаман де".
Page 1 of 10 (182 ayahs)