Loading surah...
Back to Chechen Quran
88 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ صٓ ۚ وَٱلْقُرْءَانِ ذِى ٱلذِّكْرِ
Сад. Шегахь хьехам болчу КъурIанах /дуй боу Аса/.
بَلِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فِى عِزَّةٍۢ وَشِقَاقٍۢ
ХIаъ‚ цатешнарш куралла чохь а‚ мостагIалла чохь а бу-кх.
كَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَبْلِهِم مِّن قَرْنٍۢ فَنَادَوا۟ وَّلَاتَ حِينَ مَنَاصٍۢ
Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царел хьалха‚ цара кхийкхира - яцара и /кIелхьара баьлла/ бовдаран хан.
وَعَجِبُوٓا۟ أَن جَآءَهُم مُّنذِرٌۭ مِّنْهُمْ ۖ وَقَالَ ٱلْكَٰفِرُونَ هَٰذَا سَٰحِرٌۭ كَذَّابٌ
Цецбелира уьш шайга шайн юккъера кхерамча варх. Цатешачаьра элира: "ХIара харцволу бозбуанча ву.
أَجَعَلَ ٱلْءَالِهَةَ إِلَٰهًۭا وَٰحِدًا ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَىْءٌ عُجَابٌۭ
Цо делех цхьа дела вина? И тамаше хIума ду!"
وَٱنطَلَقَ ٱلْمَلَأُ مِنْهُمْ أَنِ ٱمْشُوا۟ وَٱصْبِرُوا۟ عَلَىٰٓ ءَالِهَتِكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَىْءٌۭ يُرَادُ
Царех хьалдолу тоба дIаяхара /олуш/: "Шу дIалела‚ собар а де шайн делий тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума".
مَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِى ٱلْمِلَّةِ ٱلْءَاخِرَةِ إِنْ هَٰذَآ إِلَّا ٱخْتِلَٰقٌ
Тхуна ца хезна оцунах тIаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац.
أَءُنزِلَ عَلَيْهِ ٱلذِّكْرُ مِنۢ بَيْنِنَا ۚ بَلْ هُمْ فِى شَكٍّۢ مِّن ذِكْرِى ۖ بَل لَّمَّا يَذُوقُوا۟ عَذَابِ
"Цуьнга боссина хьехам вайна юккъера?". ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iевшина Сан Iазап.
أَمْ عِندَهُمْ خَزَآئِنُ رَحْمَةِ رَبِّكَ ٱلْعَزِيزِ ٱلْوَهَّابِ
Ткъа цаьргахь ю хьан везза волчу‚ /пайхамарна ниIмат/ луш волчу Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнаш?
أَمْ لَهُم مُّلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ فَلْيَرْتَقُوا۟ فِى ٱلْأَسْبَٰبِ
Я церан ду стигалнийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигла/ гIирсашца.
جُندٌۭ مَّا هُنَالِكَ مَهْزُومٌۭ مِّنَ ٱلْأَحْزَابِ
/Паймарна дуьхьал вовшех тоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш –бохор бу хьуна иза.
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍۢ وَعَادٌۭ وَفِرْعَوْنُ ذُو ٱلْأَوْتَادِ
Харцбира /пайхамарш/ царел хьалха Нухьан къамо а‚ Iадаша а‚ ФирIавно а‚ хьостамаш долчу.
وَثَمُودُ وَقَوْمُ لُوطٍۢ وَأَصْحَٰبُ لْـَٔيْكَةِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلْأَحْزَابُ
Самудаша а‚ ЛутIан къамо а‚ Айкатан дайша а - цу /ерриге/ тобанаша.
إِن كُلٌّ إِلَّا كَذَّبَ ٱلرُّسُلَ فَحَقَّ عِقَابِ
Массара харцбира элчанаш - бакъхилира Сан бекхам.
وَمَا يَنظُرُ هَٰٓؤُلَآءِ إِلَّا صَيْحَةًۭ وَٰحِدَةًۭ مَّا لَهَا مِن فَوَاقٍۢ
Уьш хьоьжур ма бац цхьана мохье бен - цуна хан яхъяр хир дац.
وَقَالُوا۟ رَبَّنَا عَجِّل لَّنَا قِطَّنَا قَبْلَ يَوْمِ ٱلْحِسَابِ
Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ сих де тхуна тхан дакъа Хьесапан де дале".
ٱصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَٱذْكُرْ عَبْدَنَا دَاوُۥدَ ذَا ٱلْأَيْدِ ۖ إِنَّهُۥٓ أَوَّابٌ
Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницIкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/ тIевоьрзуш верг вара.
إِنَّا سَخَّرْنَا ٱلْجِبَالَ مَعَهُۥ يُسَبِّحْنَ بِٱلْعَشِىِّ وَٱلْإِشْرَاقِ
Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш - цуьнца цхьана тасбахь деш суьйранца а‚ /малх/ дIакхетарца а.
وَٱلطَّيْرَ مَحْشُورَةًۭ ۖ كُلٌّۭ لَّهُۥٓ أَوَّابٌۭ
Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ - массо а Цуна тIедоьрзу /муьтIахь хиларца, тасбахь дарца/.
وَشَدَدْنَا مُلْكَهُۥ وَءَاتَيْنَٰهُ ٱلْحِكْمَةَ وَفَصْلَ ٱلْخِطَابِ
Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цуна хьекъалла а‚ дов къастон хаар а.
Page 1 of 5 (88 ayahs)