Loading surah...
Back to Chechen Quran
75 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ تَنزِيلُ ٱلْكِتَٰبِ مِنَ ٱللَّهِ ٱلْعَزِيزِ ٱلْحَكِيمِ
Жайна доссор /ду хIара/ Ша везза волчу‚ хьукаме волчу Делера.
إِنَّآ أَنزَلْنَآ إِلَيْكَ ٱلْكِتَٰبَ بِٱلْحَقِّ فَٱعْبُدِ ٱللَّهَ مُخْلِصًۭا لَّهُ ٱلدِّينَ
Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Iибадат де‚ Цуьнан дин цIандеш /ширках/.
أَلَا لِلَّهِ ٱلدِّينُ ٱلْخَالِصُ ۚ وَٱلَّذِينَ ٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِهِۦٓ أَوْلِيَآءَ مَا نَعْبُدُهُمْ إِلَّا لِيُقَرِّبُونَآ إِلَى ٱللَّهِ زُلْفَىٰٓ إِنَّ ٱللَّهَ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ فِى مَا هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَهْدِى مَنْ هُوَ كَٰذِبٌۭ كَفَّارٌۭ
Ткъа Делан дац цIена дин? Иза воцург гIоьнчий лаьцнарш‚ /олуш/: оха царна Iибадат ца до цаьрга тхо Далла гергадахийтарна а бе гергарлонца - баккъалла а, Дала хьукам дийр ду царна юкъахь церан хилпало йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца во ша харцверг а‚ керста а.
لَّوْ أَرَادَ ٱللَّهُ أَن يَتَّخِذَ وَلَدًۭا لَّٱصْطَفَىٰ مِمَّا يَخْلُقُ مَا يَشَآءُ ۚ سُبْحَٰنَهُۥ ۖ هُوَ ٱللَّهُ ٱلْوَٰحِدُ ٱلْقَهَّارُ
Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена луург. Вонах цIена ву Иза. Иза АллахI ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тIех сов нуьцIкъала волу.
خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ بِٱلْحَقِّ ۖ يُكَوِّرُ ٱلَّيْلَ عَلَى ٱلنَّهَارِ وَيُكَوِّرُ ٱلنَّهَارَ عَلَى ٱلَّيْلِ ۖ وَسَخَّرَ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ ۖ كُلٌّۭ يَجْرِى لِأَجَلٍۢ مُّسَمًّى ۗ أَلَا هُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْغَفَّٰرُ
Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта бакъдолчуьнца. Цо хьавзайо буьйса дийне‚ де хьовзадо буьйсане‚ муьтIахь бина малх а‚ бутт а - массо а дIасхьа лелаш бу шен хан тIекхаччалц. Ткъа Иза вац везза верг а‚ тIех сов гечдеш верг а?
خَلَقَكُم مِّن نَّفْسٍۢ وَٰحِدَةٍۢ ثُمَّ جَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَأَنزَلَ لَكُم مِّنَ ٱلْأَنْعَٰمِ ثَمَٰنِيَةَ أَزْوَٰجٍۢ ۚ يَخْلُقُكُمْ فِى بُطُونِ أُمَّهَٰتِكُمْ خَلْقًۭا مِّنۢ بَعْدِ خَلْقٍۢ فِى ظُلُمَٰتٍۢ ثَلَٰثٍۢ ۚ ذَٰلِكُمُ ٱللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ ٱلْمُلْكُ ۖ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُصْرَفُونَ
Цо шу кхоьллина цхьана синах /Адамах/‚ тIаккха Цо йина цуьнах цуьнан зуда /Хьава/‚ Цо доссина шуна дехнех борхI - борша а‚ сте а. Шу кхуллу Цо шун нанойн кийрахь цхьана кхолларца /кхечу/ кхолларан тIаьхьа кха /хIуманан/ боданехь. Иза ву АллахI - шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург - ма дIатилина шу /Цунах/.
إِن تَكْفُرُوا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَنِىٌّ عَنكُمْ ۖ وَلَا يَرْضَىٰ لِعِبَادِهِ ٱلْكُفْرَ ۖ وَإِن تَشْكُرُوا۟ يَرْضَهُ لَكُمْ ۗ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌۭ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۗ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُم مَّرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۚ إِنَّهُۥ عَلِيمٌۢ بِذَاتِ ٱلصُّدُورِ
Аша керстаналла дахь - баккъалла а, Дела шух цIена ву. Иза реза вац Шен лешна керстаналла дарна. Аша шукур дахь - цуьнан реза ву Иза шуна. Хьур бац хьочо кхечун мохь. ТIаккха шун Кхиош-кхобучунна тIе шун дIадерзар ду. Цо дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
۞ وَإِذَا مَسَّ ٱلْإِنسَٰنَ ضُرٌّۭ دَعَا رَبَّهُۥ مُنِيبًا إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَا خَوَّلَهُۥ نِعْمَةًۭ مِّنْهُ نَسِىَ مَا كَانَ يَدْعُوٓا۟ إِلَيْهِ مِن قَبْلُ وَجَعَلَ لِلَّهِ أَندَادًۭا لِّيُضِلَّ عَن سَبِيلِهِۦ ۚ قُلْ تَمَتَّعْ بِكُفْرِكَ قَلِيلًا ۖ إِنَّكَ مِنْ أَصْحَٰبِ ٱلنَّارِ
Адам цхьана бохамо схьалаьцча - шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цо Цуьнан тIе воьрзий /тоба дарца/. ТIаккха Цо Ша паргIат ваьккхича Шегара ниIматаца - дицдо цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама. Ахьа ала: "Бахам бе шайн керстаналлица цхьа кIеззиг. Баккъалла а, хьо ву цIеран дайх".
أَمَّنْ هُوَ قَٰنِتٌ ءَانَآءَ ٱلَّيْلِ سَاجِدًۭا وَقَآئِمًۭا يَحْذَرُ ٱلْءَاخِرَةَ وَيَرْجُوا۟ رَحْمَةَ رَبِّهِۦ ۗ قُلْ هَلْ يَسْتَوِى ٱلَّذِينَ يَعْلَمُونَ وَٱلَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ ۗ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
Ша Далла гIуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужд деш‚ /ламазаш деш/ хIоьттина верг эхартах кхоьруш шен Кхиош-кхобучун къинхетаме дог дохуш /ву-й и тера Далла Iесалла ечух/? Ахьа ала: "Цхьа терра бу-й хууш берш а‚ ца хууш берш а?" Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчаьра.
قُلْ يَٰعِبَادِ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّقُوا۟ رَبَّكُمْ ۚ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا۟ فِى هَٰذِهِ ٱلدُّنْيَا حَسَنَةٌۭ ۗ وَأَرْضُ ٱللَّهِ وَٰسِعَةٌ ۗ إِنَّمَا يُوَفَّى ٱلصَّٰبِرُونَ أَجْرَهُم بِغَيْرِ حِسَابٍۢ
Ахьа ала: "ХIай сан иман диллина болу лай! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух. Диканиг динчунна хIокху дуьненахь - диканиг ду. Делан латта шортта ду. Собар диначаьрна шайн ял лур ма ю цхьа а хьесап доцуш".
قُلْ إِنِّىٓ أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ ٱللَّهَ مُخْلِصًۭا لَّهُ ٱلدِّينَ
Ахьа ала: "Баккъалла а, суна омра дина аса Далла Iибадат дан Цуьнан дин а цIандеш /ширках/.
وَأُمِرْتُ لِأَنْ أَكُونَ أَوَّلَ ٱلْمُسْلِمِينَ
Суна омра дина со цхьалгIа бусулба хила".
قُلْ إِنِّىٓ أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّى عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍۢ
Ахьа ала: "Бакъалла а со кхоьру аса сан Кхиош-кхобучунна Iесалла йича деззачу /къемат/ дийнан Iазапах".
قُلِ ٱللَّهَ أَعْبُدُ مُخْلِصًۭا لَّهُۥ دِينِى
Ахьа ала: "Далла Iибадат до аса сан дин Цуна цIандеш.
فَٱعْبُدُوا۟ مَا شِئْتُم مِّن دُونِهِۦ ۗ قُلْ إِنَّ ٱلْخَٰسِرِينَ ٱلَّذِينَ خَسِرُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ وَأَهْلِيهِمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۗ أَلَا ذَٰلِكَ هُوَ ٱلْخُسْرَانُ ٱلْمُبِينُ
Аша Iибадат де шайна ма луу Иза воцучунна". Ахьа ала: "Баккъалла а, дайнарш бу шаьш а‚ шайн доьзал а дайинарш къемат дийнахь". Иза бац ткъа билгал эшам?
لَهُم مِّن فَوْقِهِمْ ظُلَلٌۭ مِّنَ ٱلنَّارِ وَمِن تَحْتِهِمْ ظُلَلٌۭ ۚ ذَٰلِكَ يُخَوِّفُ ٱللَّهُ بِهِۦ عِبَادَهُۥ ۚ يَٰعِبَادِ فَٱتَّقُونِ
Царна шайн тIехула а цIеран гIат хир ю‚ шайн бухахула а гIат ю. Ишта цуьнца кхерабо Дала шен леш: хIай сан леш! Соьх кхерийш.
وَٱلَّذِينَ ٱجْتَنَبُوا۟ ٱلطَّٰغُوتَ أَن يَعْبُدُوهَا وَأَنَابُوٓا۟ إِلَى ٱللَّهِ لَهُمُ ٱلْبُشْرَىٰ ۚ فَبَشِّرْ عِبَادِ
ТIагIут генадаьккхинарш цуьнан Iибадат дарх‚ Далла тIе бирзинарш - царна кхаъ бу - ахьа кхаъ баккха Сан лешна.
ٱلَّذِينَ يَسْتَمِعُونَ ٱلْقَوْلَ فَيَتَّبِعُونَ أَحْسَنَهُۥٓ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ هَدَىٰهُمُ ٱللَّهُ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمْ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
/Уьш/ даше ладугIуш берш бу‚ тIаккха цуьнан уггар дикачунна тIехьабаьзаш берш - уьш бу Дала шаьш нисбинарш. ХIорш - уьш бу хьекъал дерш!
أَفَمَنْ حَقَّ عَلَيْهِ كَلِمَةُ ٱلْعَذَابِ أَفَأَنتَ تُنقِذُ مَن فِى ٱلنَّارِ
Ткъа Шена тIехь Iазапан дош /жоьжахате гIур ву аьлла/ бакъхилларг - /нисло дика Iамал ечуьнца/ ахьа хьалха воккхур вуй цIаргахь верг?
لَٰكِنِ ٱلَّذِينَ ٱتَّقَوْا۟ رَبَّهُمْ لَهُمْ غُرَفٌۭ مِّن فَوْقِهَا غُرَفٌۭ مَّبْنِيَّةٌۭ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ ۖ وَعْدَ ٱللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ ٱللَّهُ ٱلْمِيعَادَ
Делахь а шайн Кхиош-кхобучух кхиринарш - царна хIусамаш хир ю‚ шайн тIехула а дина даьлла цIенош долуш‚ шайн бухахула татолаш а лелаш - Делан ваIда ю /иза/. Дала харц ца йо ваIда.
Page 1 of 4 (75 ayahs)