Loading surah...
Back to Chechen Quran
38 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَصَدُّوا۟ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ أَضَلَّ أَعْمَٰلَهُمْ
Шаьш цатешарш а‚ Делан некъах /нах/ тилийнарш а - Цо дIатилина церан Iамалш /цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартехь церан Iамалаш хьесапе оьцур яц/.
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ وَءَامَنُوا۟ بِمَا نُزِّلَ عَلَىٰ مُحَمَّدٍۢ وَهُوَ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّهِمْ ۙ كَفَّرَ عَنْهُمْ سَيِّـَٔاتِهِمْ وَأَصْلَحَ بَالَهُمْ
Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а - иза церан Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдерг ду - Цо дIаийцина цаьргара церан къинош‚ тодина церан гIуллакх.
ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ٱتَّبَعُوا۟ ٱلْبَٰطِلَ وَأَنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّبَعُوا۟ ٱلْحَقَّ مِن رَّبِّهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ ٱللَّهُ لِلنَّاسِ أَمْثَٰلَهُمْ
Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуттуш хиларна харцдолчунна‚ иман диллинарш тIаьхьахIуттуш хиларна шайн Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдолчунна. Иштта дало Дала нахана шайн масалш.
فَإِذَا لَقِيتُمُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَضَرْبَ ٱلرِّقَابِ حَتَّىٰٓ إِذَآ أَثْخَنتُمُوهُمْ فَشُدُّوا۟ ٱلْوَثَاقَ فَإِمَّا مَنًّۢا بَعْدُ وَإِمَّا فِدَآءً حَتَّىٰ تَضَعَ ٱلْحَرْبُ أَوْزَارَهَا ۚ ذَٰلِكَ وَلَوْ يَشَآءُ ٱللَّهُ لَٱنتَصَرَ مِنْهُمْ وَلَٰكِن لِّيَبْلُوَا۟ بَعْضَكُم بِبَعْضٍۢ ۗ وَٱلَّذِينَ قُتِلُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ فَلَن يُضِلَّ أَعْمَٰلَهُمْ
Шаьш дуьхьал кхетча цатешначаьрца - лагах тоха аш уьш гIелбаллалц‚ чIагIъе буржолаш - тIаьхьа къинхетам бер я дуьхьал мах оьцур - тIамо шен муьхь охьабиллалц. Иза Далла лаахьара Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а шун цхьаберш вакхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш - Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш.
سَيَهْدِيهِمْ وَيُصْلِحُ بَالَهُمْ
Цо нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх.
وَيُدْخِلُهُمُ ٱلْجَنَّةَ عَرَّفَهَا لَهُمْ
Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِن تَنصُرُوا۟ ٱللَّهَ يَنصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ
ХIай иман диллинарш! Аша Далла гIо дахь /Цуьнан гIуллакхна/‚ Цо шуна гIо дийр ду‚ шун ког чIагIбийр бу.
وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَتَعْسًۭا لَّهُمْ وَأَضَلَّ أَعْمَٰلَهُمْ
Цатешнарш - хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилина церан Iамалш.
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَرِهُوا۟ مَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ فَأَحْبَطَ أَعْمَٰلَهُمْ
Иза царна ца дийзина дела Дала охьадоссинарг - Цо дIаяйа церан Iамалш.
۞ أَفَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ دَمَّرَ ٱللَّهُ عَلَيْهِمْ ۖ وَلِلْكَٰفِرِينَ أَمْثَٰلُهَا
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу‚ муха хилла царел хьалхалерачаьрийн тIаьхье? Дала аьтира уьш. /ХIокху/ керстанашна а цуьнах тераниг хир ду.
ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱللَّهَ مَوْلَى ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَأَنَّ ٱلْكَٰفِرِينَ لَا مَوْلَىٰ لَهُمْ
Иза Дела иман диллинчаьрийн доладийриг волу дела ду‚ ткъа керстанаш - церан доладийриг вац.
إِنَّ ٱللَّهَ يُدْخِلُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ ۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ يَتَمَتَّعُونَ وَيَأْكُلُونَ كَمَا تَأْكُلُ ٱلْأَنْعَٰمُ وَٱلنَّارُ مَثْوًۭى لَّهُمْ
Баккъалла а, Дала бухкур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу. Ткъа цатешнарш /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма дуу - /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла.
وَكَأَيِّن مِّن قَرْيَةٍ هِىَ أَشَدُّ قُوَّةًۭ مِّن قَرْيَتِكَ ٱلَّتِىٓ أَخْرَجَتْكَ أَهْلَكْنَٰهُمْ فَلَا نَاصِرَ لَهُمْ
Мел юрт‚ шаьш хьо шена чуьра ара ваьккхина хьан юьртал (Маккал) мелхо нуьцIкъала йолуш йолу‚ хIаллакьйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча.
أَفَمَن كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍۢ مِّن رَّبِّهِۦ كَمَن زُيِّنَ لَهُۥ سُوٓءُ عَمَلِهِۦ وَٱتَّبَعُوٓا۟ أَهْوَآءَهُم
Ша Кхиош-кхобушволчуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг шена хазахетачух‚ шайн дезаршна тIаьхьахIоьтинчух?
مَّثَلُ ٱلْجَنَّةِ ٱلَّتِى وُعِدَ ٱلْمُتَّقُونَ ۖ فِيهَآ أَنْهَٰرٌۭ مِّن مَّآءٍ غَيْرِ ءَاسِنٍۢ وَأَنْهَٰرٌۭ مِّن لَّبَنٍۢ لَّمْ يَتَغَيَّرْ طَعْمُهُۥ وَأَنْهَٰرٌۭ مِّنْ خَمْرٍۢ لَّذَّةٍۢ لِّلشَّٰرِبِينَ وَأَنْهَٰرٌۭ مِّنْ عَسَلٍۢ مُّصَفًّۭى ۖ وَلَهُمْ فِيهَا مِن كُلِّ ٱلثَّمَرَٰتِ وَمَغْفِرَةٌۭ مِّن رَّبِّهِمْ ۖ كَمَنْ هُوَ خَٰلِدٌۭ فِى ٱلنَّارِ وَسُقُوا۟ مَآءً حَمِيمًۭا فَقَطَّعَ أَمْعَآءَهُمْ
/Делах/ кхоьручаьрна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучаьрна чIогIа чомехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIеначу мозан татолаш а ду. Царна цу чохь массо стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобушволчуьнгара гечдар а ду. Уьш /ялсаманин дай/ тера бу-й гуттар цIергахь болчарех /жоьжахатин дайх/ шайна кхахкина хи малош болчу - тIаккха цо церан чуьйраш хадош болчу?
وَمِنْهُم مَّن يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ حَتَّىٰٓ إِذَا خَرَجُوا۟ مِنْ عِندِكَ قَالُوا۟ لِلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ مَاذَا قَالَ ءَانِفًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ طَبَعَ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَٱتَّبَعُوٓا۟ أَهْوَآءَهُمْ
Царех хьоьга ладугIурш бу шаьш хьо волчуьра ара ма баьллинехь цара олура шайгахь Iилма долчаьрга: "ХIун элира цо /Мухьаммада/ хIинца хьалха?" Уьш бу Дала шайн дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьабаьлларш.
وَٱلَّذِينَ ٱهْتَدَوْا۟ زَادَهُمْ هُدًۭى وَءَاتَىٰهُمْ تَقْوَىٰهُمْ
Шаьш нисбелларш а - Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар.
فَهَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا ٱلسَّاعَةَ أَن تَأْتِيَهُم بَغْتَةًۭ ۖ فَقَدْ جَآءَ أَشْرَاطُهَا ۚ فَأَنَّىٰ لَهُمْ إِذَا جَآءَتْهُمْ ذِكْرَىٰهُمْ
Уьш хьоьжур бу-й сахьте иза шайна дарх цIеххьана. Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма деъна. Мичара хир бу царна иза шайна деъча шайн хьехам? /Цо гIо дийр дац царна тIаккха/.
فَٱعْلَمْ أَنَّهُۥ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا ٱللَّهُ وَٱسْتَغْفِرْ لِذَنۢبِكَ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُؤْمِنَٰتِ ۗ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ مُتَقَلَّبَكُمْ وَمَثْوَىٰكُمْ
Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI бен‚ гечдар деха хьан къина а‚ муъма божаршна а‚ муъма зударшна а. Дела хууш ву шун дIасхьаийдир /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буьйсана/.
وَيَقُولُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَوْلَا نُزِّلَتْ سُورَةٌۭ ۖ فَإِذَآ أُنزِلَتْ سُورَةٌۭ مُّحْكَمَةٌۭ وَذُكِرَ فِيهَا ٱلْقِتَالُ ۙ رَأَيْتَ ٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ يَنظُرُونَ إِلَيْكَ نَظَرَ ٱلْمَغْشِىِّ عَلَيْهِ مِنَ ٱلْمَوْتِ ۖ فَأَوْلَىٰ لَهُمْ
Иман диллинчаьра олу: "Сурат доьссинехьара". Хьукаме долу сурат доссича‚ цу чохь тIом хьахийча‚ хьуна ги шайн дегнашкахь цамгар ерш хьоьга хьоьжуш шена вала хорша енарг санна. Царна мелхо таме дара -
Page 1 of 2 (38 ayahs)