Loading surah...
Back to Chechen Quran
120 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَوْفُوا۟ بِٱلْعُقُودِ ۚ أُحِلَّتْ لَكُم بَهِيمَةُ ٱلْأَنْعَٰمِ إِلَّا مَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ غَيْرَ مُحِلِّى ٱلصَّيْدِ وَأَنتُمْ حُرُمٌ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ يَحْكُمُ مَا يُرِيدُ
ХIай иман диллинарш! Кхочушбе чIагIамаш; хьанал дина шуна бежанаш, шуна /хьарам ду аьлла/ дийцина хилла доцурш а‚ шу ихьрам дихкина долуш экханна таллар доцург а. Баккъалла а, Дела хьукам деш ву шена луъург.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَا تُحِلُّوا۟ شَعَٰٓئِرَ ٱللَّهِ وَلَا ٱلشَّهْرَ ٱلْحَرَامَ وَلَا ٱلْهَدْىَ وَلَا ٱلْقَلَٰٓئِدَ وَلَآ ءَآمِّينَ ٱلْبَيْتَ ٱلْحَرَامَ يَبْتَغُونَ فَضْلًۭا مِّن رَّبِّهِمْ وَرِضْوَٰنًۭا ۚ وَإِذَا حَلَلْتُمْ فَٱصْطَادُوا۟ ۚ وَلَا يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَـَٔانُ قَوْمٍ أَن صَدُّوكُمْ عَنِ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ أَن تَعْتَدُوا۟ ۘ وَتَعَاوَنُوا۟ عَلَى ٱلْبِرِّ وَٱلتَّقْوَىٰ ۖ وَلَا تَعَاوَنُوا۟ عَلَى ٱلْإِثْمِ وَٱلْعُدْوَٰنِ ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
ХIай иман диллинарш! Аша хьанал ма де Делан Iадаташ /Дала хьарам динарг хьанал ма де/‚ хьарам беттанаш а‚ хьаьжин цIа чу гIурбанна далийна долу бежана а /ма диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу бежанаш а‚ хьарам цIийнан (КаIба‚ хьаьжин цIа) тIебаьхкина нах‚ шайн Кхиош-кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а догдохуш болу /лийра уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьж дихкина девлча‚ таллар де шайна акхарошна. Шу Хьарам Маьждиге (хьалха) ца дуьтуш хилла болчаьрга шун болчу цабезамо шу ма дуьгийла (хIинца) царна тIелатарна (Делан дозанех довларна тIе). Аша вовшийн гIо лаца диканна тIехь‚ Делах кхерарна тIехь. Аша вовшийн гIо ма лаца къин тIехь‚ тIелатарна тIехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, и Дела бекхам чIогIа болуш ву.
حُرِّمَتْ عَلَيْكُمُ ٱلْمَيْتَةُ وَٱلدَّمُ وَلَحْمُ ٱلْخِنزِيرِ وَمَآ أُهِلَّ لِغَيْرِ ٱللَّهِ بِهِۦ وَٱلْمُنْخَنِقَةُ وَٱلْمَوْقُوذَةُ وَٱلْمُتَرَدِّيَةُ وَٱلنَّطِيحَةُ وَمَآ أَكَلَ ٱلسَّبُعُ إِلَّا مَا ذَكَّيْتُمْ وَمَا ذُبِحَ عَلَى ٱلنُّصُبِ وَأَن تَسْتَقْسِمُوا۟ بِٱلْأَزْلَٰمِ ۚ ذَٰلِكُمْ فِسْقٌ ۗ ٱلْيَوْمَ يَئِسَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِن دِينِكُمْ فَلَا تَخْشَوْهُمْ وَٱخْشَوْنِ ۚ ٱلْيَوْمَ أَكْمَلْتُ لَكُمْ دِينَكُمْ وَأَتْمَمْتُ عَلَيْكُمْ نِعْمَتِى وَرَضِيتُ لَكُمُ ٱلْإِسْلَٰمَ دِينًۭا ۚ فَمَنِ ٱضْطُرَّ فِى مَخْمَصَةٍ غَيْرَ مُتَجَانِفٍۢ لِّإِثْمٍۢ ۙ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Шуна хьарам йина къен елла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцчун цIар тIехь дийна /бежана/ а‚ лаг таIийна (са дуькъна) дийнарг а‚ шена хIума тоьхна дийнарг а‚ лакхара охьадоьжна делларг а‚ кхечо маIа тоьхна дийнарг а‚ экхано дийнарг а, аша цIандина доцург (экхано лаьцначул таьхьа аша хьакха деззачу кепара урс хаькхна делахь – мегар ду даа)‚ жIарана тIехь урс хьаькхнарг а‚ аша пхашца декъна хилларг а. И песакъ хIума ду. Тахана дог диллина керстанаша шун динах. Шу царех ма кхера. Шу соьх кхера. Тахана чекхдаьккхина Аса шуна шун дин‚ кхочушдина шуна Сайн ниIмат. Реза хилла Со шуна Ислам дин хиларца. Нагахь санна чIогIачу мацаллехь /царех хIума/ яа кхетахь цхьаннена, ша къа дарна тIегIерташ воцуш‚– баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву /цу хьарам йолчух кIеззиг хIума яа мегар ду цунна ца вала/.
يَسْـَٔلُونَكَ مَاذَآ أُحِلَّ لَهُمْ ۖ قُلْ أُحِلَّ لَكُمُ ٱلطَّيِّبَٰتُ ۙ وَمَا عَلَّمْتُم مِّنَ ٱلْجَوَارِحِ مُكَلِّبِينَ تُعَلِّمُونَهُنَّ مِمَّا عَلَّمَكُمُ ٱللَّهُ ۖ فَكُلُوا۟ مِمَّآ أَمْسَكْنَ عَلَيْكُمْ وَٱذْكُرُوا۟ ٱسْمَ ٱللَّهِ عَلَيْهِ ۖ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَرِيعُ ٱلْحِسَابِ
Хьоьга хоьтту цара: "ХIун хьанал йина ю шайна /яа/?" бохуш. Ахьа ала: "Хьанал йина шуна цIена хIуманаш а‚ Дала шайна Iамийнчух – аша Iамийна хилла долчу дйинато лаьцнарг а‚ аша даа цо шайна лаьцначух‚ Делан цIе хьахае цунна тIехь‚ Делах кхера шу. Баккъалла а, и Дела хьесап сиха деш ву".
ٱلْيَوْمَ أُحِلَّ لَكُمُ ٱلطَّيِّبَٰتُ ۖ وَطَعَامُ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ حِلٌّۭ لَّكُمْ وَطَعَامُكُمْ حِلٌّۭ لَّهُمْ ۖ وَٱلْمُحْصَنَٰتُ مِنَ ٱلْمُؤْمِنَٰتِ وَٱلْمُحْصَنَٰتُ مِنَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ مِن قَبْلِكُمْ إِذَآ ءَاتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ مُحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَٰفِحِينَ وَلَا مُتَّخِذِىٓ أَخْدَانٍۢ ۗ وَمَن يَكْفُرْ بِٱلْإِيمَٰنِ فَقَدْ حَبِطَ عَمَلُهُۥ وَهُوَ فِى ٱلْءَاخِرَةِ مِنَ ٱلْخَٰسِرِينَ
Тахана хьанал йина шуна цIена хIуманаш‚ жайнан оIлан кхача а хьанал бу шуна‚ шун кхача хьанал бу царна‚ муъма нехан цIена гIиллакхе зударий /нахаца ца лелаш берш/‚ шул хьалха шайга жайна доссийначеран цIена гIиллакхе зударий /нахаца ца лелаш берш/ хьанал бу шуна‚ аша церан мах белча‚ шу боьханиг дан гIерташ ца хилча‚ доттагIа лаца гIерташ дацахь. Иман харцдеш милла велахь а – цуьнан Iамал яйна‚ эхартахь и хир ву эшначарех.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا قُمْتُمْ إِلَى ٱلصَّلَوٰةِ فَٱغْسِلُوا۟ وُجُوهَكُمْ وَأَيْدِيَكُمْ إِلَى ٱلْمَرَافِقِ وَٱمْسَحُوا۟ بِرُءُوسِكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ إِلَى ٱلْكَعْبَيْنِ ۚ وَإِن كُنتُمْ جُنُبًۭا فَٱطَّهَّرُوا۟ ۚ وَإِن كُنتُم مَّرْضَىٰٓ أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ أَوْ جَآءَ أَحَدٌۭ مِّنكُم مِّنَ ٱلْغَآئِطِ أَوْ لَٰمَسْتُمُ ٱلنِّسَآءَ فَلَمْ تَجِدُوا۟ مَآءًۭ فَتَيَمَّمُوا۟ صَعِيدًۭا طَيِّبًۭا فَٱمْسَحُوا۟ بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُم مِّنْهُ ۚ مَا يُرِيدُ ٱللَّهُ لِيَجْعَلَ عَلَيْكُم مِّنْ حَرَجٍۢ وَلَٰكِن يُرِيدُ لِيُطَهِّرَكُمْ وَلِيُتِمَّ نِعْمَتَهُۥ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
ХIай иман диллинарш! Шаьш ламазна хIуттуш шайн яххьаш йила‚ куьйгаш а дила гоьлашна тIекхаччалц‚ шайн коьртах хи тоха‚ когаш била хьорканашка кхаччалц. Шайца боьха хи делахь – лийча. Нагахь санна шу цомгуш делахь‚ я новкъахь делахь‚ я шух цхьаъ хинара вахна веънехь‚ я шу зударех хьакхаделлехь‚ шуна хи ца карадахь – тайм де цIенчу лаьттаца‚ аша хьакха цунах шайн яххьийх а‚ куьйгех а. Шуна хало ян лууш вац Дела‚ мухха делахь а, шу цIандан лууш ву И. Шен ниIмат шуна кхочушхилийтархьама‚ шу хилахьара баркалла олуш.
وَٱذْكُرُوا۟ نِعْمَةَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ وَمِيثَٰقَهُ ٱلَّذِى وَاثَقَكُم بِهِۦٓ إِذْ قُلْتُمْ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۖ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلِيمٌۢ بِذَاتِ ٱلصُّدُورِ
Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат‚ Цуьнан барт ша шуьца бина хилла болу‚ шаьш алар /дагадаийта/: "Хезаш ду‚ муьтIахь ду"‚- аьлла. Шу Делах кхералаш баккъалла а, и Дела Ша хууш ма ву дегнашкахь дерг.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ كُونُوا۟ قَوَّٰمِينَ لِلَّهِ شُهَدَآءَ بِٱلْقِسْطِ ۖ وَلَا يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَـَٔانُ قَوْمٍ عَلَىٰٓ أَلَّا تَعْدِلُوا۟ ۚ ٱعْدِلُوا۟ هُوَ أَقْرَبُ لِلتَّقْوَىٰ ۖ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ خَبِيرٌۢ بِمَا تَعْمَلُونَ
ХIай иман диллинарш! Шу хилалаш хIиттина Далла тешаш хилла нийсонца. Цхьана нахе болчу цабезамо шу ма дуьгийла нийсо ца ярна тIе‚ нийсо елаш‚ и герга ю Делах кхерарна‚ шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела сов дика хууш ву аша дийриг.
وَعَدَ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ ۙ لَهُم مَّغْفِرَةٌۭ وَأَجْرٌ عَظِيمٌۭ
Дала ваIда йина: иман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а – царна хир ду гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.
وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَكَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَآ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلْجَحِيمِ
(Дин) керстадина‚ Тхан аяташ харцдинарш – уьш бу жоьжахатин дай.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَتَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ هَمَّ قَوْمٌ أَن يَبْسُطُوٓا۟ إِلَيْكُمْ أَيْدِيَهُمْ فَكَفَّ أَيْدِيَهُمْ عَنكُمْ ۖ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۚ وَعَلَى ٱللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ ٱلْمُؤْمِنُونَ
ХIай иман диллинарш! Аша дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Цхьа къам ма дарий бала кхаьчна шуна тIе куьйгаш кховдо – Цо духатеттира шух церан куьйгаш. Шу Делах кхералаш‚ Далла тIетевжийла муъманах.
۞ وَلَقَدْ أَخَذَ ٱللَّهُ مِيثَٰقَ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ وَبَعَثْنَا مِنْهُمُ ٱثْنَىْ عَشَرَ نَقِيبًۭا ۖ وَقَالَ ٱللَّهُ إِنِّى مَعَكُمْ ۖ لَئِنْ أَقَمْتُمُ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتَيْتُمُ ٱلزَّكَوٰةَ وَءَامَنتُم بِرُسُلِى وَعَزَّرْتُمُوهُمْ وَأَقْرَضْتُمُ ٱللَّهَ قَرْضًا حَسَنًۭا لَّأُكَفِّرَنَّ عَنكُمْ سَيِّـَٔاتِكُمْ وَلَأُدْخِلَنَّكُمْ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ ۚ فَمَن كَفَرَ بَعْدَ ذَٰلِكَ مِنكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَآءَ ٱلسَّبِيلِ
Дала барт бира бану Исраилашца /Исраилан кIенташца/‚ царех шийтта тешаме стаг вахийтира Оха‚ Дала элира: "Со шуьца ву, аша ламаз хIоттадахь а‚ закат лахь а‚ Сан элчанех а тешахь‚ аша церан гIо а лацахь‚ аша Далла /юхалург/ хаза декхар лахь – шун вонаш дойур ма ду Аса‚ бошмашна чу (ялсамане) духкур ма ду шу‚ шена бухахула татолаш оьхуш долчу. Цул тIаьхьа шух керстаналла динарг – тилийнарг ма ву и нийса некъ.
فَبِمَا نَقْضِهِم مِّيثَٰقَهُمْ لَعَنَّٰهُمْ وَجَعَلْنَا قُلُوبَهُمْ قَٰسِيَةًۭ ۖ يُحَرِّفُونَ ٱلْكَلِمَ عَن مَّوَاضِعِهِۦ ۙ وَنَسُوا۟ حَظًّۭا مِّمَّا ذُكِّرُوا۟ بِهِۦ ۚ وَلَا تَزَالُ تَطَّلِعُ عَلَىٰ خَآئِنَةٍۢ مِّنْهُمْ إِلَّا قَلِيلًۭا مِّنْهُمْ ۖ فَٱعْفُ عَنْهُمْ وَٱصْفَحْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يُحِبُّ ٱلْمُحْسِنِينَ
Цара и шайн ваIда (барт) йохорна неIалт аьлла Оха царна‚ церан дегнаш дина къиза‚ дош хийцош бу уьш шен меттигера. Дицдина цара /Дала/ шайга /хьехамца/ доссина хиллачух цхьа дакъа. Хьо (хIай Мухьаммад) дIатилар ма вац цаьргара тешна бехкан тIекхиарх (хIинца а)‚ царех цхьа кIеззиг берш боцурш‚ къинтIера вала царна‚ гечде царна. Баккъалла а, Далла дукхабеза диканиг деш берш.
وَمِنَ ٱلَّذِينَ قَالُوٓا۟ إِنَّا نَصَٰرَىٰٓ أَخَذْنَا مِيثَٰقَهُمْ فَنَسُوا۟ حَظًّۭا مِّمَّا ذُكِّرُوا۟ بِهِۦ فَأَغْرَيْنَا بَيْنَهُمُ ٱلْعَدَاوَةَ وَٱلْبَغْضَآءَ إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْقِيَٰمَةِ ۚ وَسَوْفَ يُنَبِّئُهُمُ ٱللَّهُ بِمَا كَانُوا۟ يَصْنَعُونَ
Оха ваIда ийцира тхо насарой (христианаш) ду аьллачаьргара‚ цара а дицдира цхьа дакъа шеца шайна хьехам бина хилла долчух‚ царна юкъатесира Оха мостагIалла а‚ оьгIазло а къематде хIотталц‚ тIаккха дуьйцур ду Дала‚ хIун деш уьш хилла, аьлла.
يَٰٓأَهْلَ ٱلْكِتَٰبِ قَدْ جَآءَكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ كَثِيرًۭا مِّمَّا كُنتُمْ تُخْفُونَ مِنَ ٱلْكِتَٰبِ وَيَعْفُوا۟ عَن كَثِيرٍۢ ۚ قَدْ جَآءَكُم مِّنَ ٱللَّهِ نُورٌۭ وَكِتَٰبٌۭ مُّبِينٌۭ
ХIай жайнан охIла! Веъна шуьга Тхан элча‚ аша жайнах хьулдеш хилла долу дуккханиг шуна билгалдеш волу‚ дукханиг гучу ца доккхуш а дуьту цо. Деъна шуьга Делера нур а‚ билгала жайна а.
يَهْدِى بِهِ ٱللَّهُ مَنِ ٱتَّبَعَ رِضْوَٰنَهُۥ سُبُلَ ٱلسَّلَٰمِ وَيُخْرِجُهُم مِّنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ بِإِذْنِهِۦ وَيَهْدِيهِمْ إِلَىٰ صِرَٰطٍۢ مُّسْتَقِيمٍۢ
Цуьнца нисво Дала Ша резахиларна тIехьахIоьттинарг машаран некъашка‚ боданашкара нуьре арабоху Цо уьш Шен лаамца‚ нисбо Цо уьш нийсачу новкъа.
لَّقَدْ كَفَرَ ٱلَّذِينَ قَالُوٓا۟ إِنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلْمَسِيحُ ٱبْنُ مَرْيَمَ ۚ قُلْ فَمَن يَمْلِكُ مِنَ ٱللَّهِ شَيْـًٔا إِنْ أَرَادَ أَن يُهْلِكَ ٱلْمَسِيحَ ٱبْنَ مَرْيَمَ وَأُمَّهُۥ وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا ۗ وَلِلَّهِ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَآءُ ۚ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Керстаналла дина шаьш аьллачара: "Баккъалла а, Дела - И ма ву Марьяман кIант Масихь (Христос‚ хьакхийнарг – помазанный)". Ахьа ала: "Делера цхьанне хIуманна дола далуш мила ву, Цунна лиъча хIаллакван Марьяман кIант Масихь а‚ цуьнан нана а‚ лаьттахь мел дерг а?" Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а. Шена луург кхуллуш ву И. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
وَقَالَتِ ٱلْيَهُودُ وَٱلنَّصَٰرَىٰ نَحْنُ أَبْنَٰٓؤُا۟ ٱللَّهِ وَأَحِبَّٰٓؤُهُۥ ۚ قُلْ فَلِمَ يُعَذِّبُكُم بِذُنُوبِكُم ۖ بَلْ أَنتُم بَشَرٌۭ مِّمَّنْ خَلَقَ ۚ يَغْفِرُ لِمَن يَشَآءُ وَيُعَذِّبُ مَن يَشَآءُ ۚ وَلِلَّهِ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ وَإِلَيْهِ ٱلْمَصِيرُ
Жуьгташа а‚ насараша а элира: "Тхо ду Делан кIентий а‚ цуьнан дукхадезарш". Ахьа ала: "Ткъа шуна Iазап хIунда до Цо шун къинош бахьнехь? ХIан-хIа‚ шу адамаш ду Цо кхоьллинчарех. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а‚ Цуьнга ду /массеран тIаьххьара/ дIадерзар".
يَٰٓأَهْلَ ٱلْكِتَٰبِ قَدْ جَآءَكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ عَلَىٰ فَتْرَةٍۢ مِّنَ ٱلرُّسُلِ أَن تَقُولُوا۟ مَا جَآءَنَا مِنۢ بَشِيرٍۢ وَلَا نَذِيرٍۢ ۖ فَقَدْ جَآءَكُم بَشِيرٌۭ وَنَذِيرٌۭ ۗ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
ХIай жайнан охIла! Веъна шуьга Тхан элча билгаладоккхуш шуна (хIуманаш) элчанаш бахкар хединчу муьрехь‚ шуьга ца алийтархьама: "Ца веъна тхоьга кхаъ боккхург‚ ца веъна тхоьга кхерам тосург". Веъна шуьга кхаъ боккхург а‚ веъна шуьга кхерам тосург а. Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِۦ يَٰقَوْمِ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَةَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَعَلَ فِيكُمْ أَنۢبِيَآءَ وَجَعَلَكُم مُّلُوكًۭا وَءَاتَىٰكُم مَّا لَمْ يُؤْتِ أَحَدًۭا مِّنَ ٱلْعَٰلَمِينَ
/Хьахаде/ Мусас ма аьллера шен къоме: "ХIай сан къам‚ дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат: Цо шуна юккъехь пайхамарш хилийтира‚ шух бира паччахьаш, (ФирIавнан йийсарех хьалха дехира шу)‚ шуна делира Iаламах цхьаннена ца делларг.
Page 1 of 6 (120 ayahs)