Loading surah...
Back to Chechen Quran
96 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ إِذَا وَقَعَتِ ٱلْوَاقِعَةُ
Ша хилаза ца долург хилича‚
لَيْسَ لِوَقْعَتِهَا كَاذِبَةٌ
И хилар харцдеш цхьа а /са/ ма дац.
خَافِضَةٌۭ رَّافِعَةٌ
/Дукханаш/ цо охьатаIор бу‚ /дукханаш/ хьалабохур а ма бу.
إِذَا رُجَّتِ ٱلْأَرْضُ رَجًّۭا
Латта ластийча ласторца‚
وَبُسَّتِ ٱلْجِبَالُ بَسًّۭا
Лаьмнаш даржича даржорца‚
فَكَانَتْ هَبَآءًۭ مُّنۢبَثًّۭا
/Царех/ хилча дIасхьаяьржина чан.
وَكُنتُمْ أَزْوَٰجًۭا ثَلَٰثَةًۭ
Шу а хилча кхаа декъе декъаделла:
فَأَصْحَٰبُ ٱلْمَيْمَنَةِ مَآ أَصْحَٰبُ ٱلْمَيْمَنَةِ
Аьтту куьйган дай - муьлш бу и аьтту куьйган дай?
وَأَصْحَٰبُ ٱلْمَشْـَٔمَةِ مَآ أَصْحَٰبُ ٱلْمَشْـَٔمَةِ
Аьрру куьйган дай - муьлш бу и аьрру куьйган дай?
وَٱلسَّٰبِقُونَ ٱلسَّٰبِقُونَ
/Иманца дуьненахь/ хьалхабевлла хилларш - хир бу /ял шайна яларца къемат дийнахь/ хьалхабевлла берш.
أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلْمُقَرَّبُونَ
Уьш хир бу /Далла/ гергахь
فِى جَنَّٰتِ ٱلنَّعِيمِ
НиIматийн бошмашкахь.
ثُلَّةٌۭ مِّنَ ٱلْأَوَّلِينَ
Хьалхарчех цхьа тоба‚
وَقَلِيلٌۭ مِّنَ ٱلْءَاخِرِينَ
ТIаьхьачарех цхьа кIеззиг берш
عَلَىٰ سُرُرٍۢ مَّوْضُونَةٍۢ
/Деших‚ жовхIарех/ тегначу маьнганий тIехь хир бу.
مُّتَّكِـِٔينَ عَلَيْهَا مُتَقَٰبِلِينَ
Царна тIетевжина‚ вовшашна дуьхьарбирзина.
يَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَٰنٌۭ مُّخَلَّدُونَ
Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу гуттар къона кегирхой
بِأَكْوَابٍۢ وَأَبَارِيقَ وَكَأْسٍۢ مِّن مَّعِينٍۢ
Стаькнашца‚ кIудалшца‚ чагIаран шовдан кадаца -
لَّا يُصَدَّعُونَ عَنْهَا وَلَا يُنزِفُونَ
Кортош лезар дац церан цунах‚ бехар а бац уьш.
وَفَٰكِهَةٍۢ مِّمَّا يَتَخَيَّرُونَ
Стоьмаш хир бу царна шаьш хаьржинчех‚
Page 1 of 5 (96 ayahs)