Loading surah...
Back to Chechen Quran
22 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ قَدْ سَمِعَ ٱللَّهُ قَوْلَ ٱلَّتِى تُجَٰدِلُكَ فِى زَوْجِهَا وَتَشْتَكِىٓ إِلَى ٱللَّهِ وَٱللَّهُ يَسْمَعُ تَحَاوُرَكُمَآ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌۢ بَصِيرٌ
Хезина Далла шен майрачух лаьцна хьоьца дуьхьаллуьйш йолчун дош‚ цо Деле балхабо шен болх‚ и Дела хозуш ма ву шун шиннан къамел. Баккъалла а, и Дела хозуш верг а ма ву‚ гуш верг а ма ву.
ٱلَّذِينَ يُظَٰهِرُونَ مِنكُم مِّن نِّسَآئِهِم مَّا هُنَّ أُمَّهَٰتِهِمْ ۖ إِنْ أُمَّهَٰتُهُمْ إِلَّا ٱلَّٰٓـِٔى وَلَدْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَيَقُولُونَ مُنكَرًۭا مِّنَ ٱلْقَوْلِ وَزُورًۭا ۚ وَإِنَّ ٱللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌۭ
Шух шайн зударшка "шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду"‚ бохурш - уьш церан наной ца хуьлу /цара иза бахарх/. Церан наной уьш дуьнена баьхнарш бен бац. Баккъалла а, цара дуьйцург ца деза дош ма ду‚ харцдерг ма ду. Баккъалла а, Дела /уьш дохкобевла и къа дитича/ бехк ца буьллург а ву‚ гечедешверг а ву.
وَٱلَّذِينَ يُظَٰهِرُونَ مِن نِّسَآئِهِمْ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا قَالُوا۟ فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍۢ مِّن قَبْلِ أَن يَتَمَآسَّا ۚ ذَٰلِكُمْ تُوعَظُونَ بِهِۦ ۚ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌۭ
И шайн зударшка "шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду"‚ олурш‚ тIаккха шаьш аьллачунна тIе бухабоьрзуш берш - цхьа лай азат ваккха веза цара шаьш /майрий а‚ зуда а/ вовшех хьакхабалале. Цуьнца хьехам беш бу шуна. Дела аш дийриг сов дика хууш ву.
فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ مِن قَبْلِ أَن يَتَمَآسَّا ۖ فَمَن لَّمْ يَسْتَطِعْ فَإِطْعَامُ سِتِّينَ مِسْكِينًۭا ۚ ذَٰلِكَ لِتُؤْمِنُوا۟ بِٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦ ۚ وَتِلْكَ حُدُودُ ٱللَّهِ ۗ وَلِلْكَٰفِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ
И ца карийначо марха лоцур ду ши бутт тIеттIа шаьш шиъ вовшех хьакхадалале. И ца мегначо‚ кхузткъа мискачунна даа хIума лур ду. Иза ду шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешийтархьама. Уьш Делан дозанаш ду /тIех ма довла царна/. /Делах/ цатешачаьрна лазош долу Iазап ду.
إِنَّ ٱلَّذِينَ يُحَآدُّونَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ كُبِتُوا۟ كَمَا كُبِتَ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ وَقَدْ أَنزَلْنَآ ءَايَٰتٍۭ بَيِّنَٰتٍۢ ۚ وَلِلْكَٰفِرِينَ عَذَابٌۭ مُّهِينٌۭ
Баккъалла а, и Далла‚ Цуьнан элчана а дуьхьал бовлуш берш бохор ма бу‚ царел хьалха хилларш бохорах терра. Оха доссина билгала долу аяташ. Цатешачаьрна сийсаза долу Iазап ма ду.
يَوْمَ يَبْعَثُهُمُ ٱللَّهُ جَمِيعًۭا فَيُنَبِّئُهُم بِمَا عَمِلُوٓا۟ ۚ أَحْصَىٰهُ ٱللَّهُ وَنَسُوهُ ۚ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ شَهِيدٌ
Оцу дийнахь Дала гIовтор бу уьш берриге /кешнаш чуьра/‚ Цо дуьйцур ду цаьрга цара дина хилларг /дуьненахь/. Дала тергалдина иза‚ цара дицдина. И Дела массо хIуманна тIехь теш ву-кх.
أَلَمْ تَرَ أَنَّ ٱللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۖ مَا يَكُونُ مِن نَّجْوَىٰ ثَلَٰثَةٍ إِلَّا هُوَ رَابِعُهُمْ وَلَا خَمْسَةٍ إِلَّا هُوَ سَادِسُهُمْ وَلَآ أَدْنَىٰ مِن ذَٰلِكَ وَلَآ أَكْثَرَ إِلَّا هُوَ مَعَهُمْ أَيْنَ مَا كَانُوا۟ ۖ ثُمَّ يُنَبِّئُهُم بِمَا عَمِلُوا۟ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌ
Хьуна ца го и Дела хууш ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кханнен къайлахь хабар хир ма дац воьалгIаниг Иза волуш бен‚ пхеннан а - йолхалгIаниг Иза волуш бен. Цул /кIеззиг/ дерг а‚ цул дукха дерг а хир ма дац Иза цаьрца волуш бен уьш миччахьа а хилчи. ТIаккха Цо цаьрга дуьйцур ду цара дина хилларг къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ма ву.
أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ نُهُوا۟ عَنِ ٱلنَّجْوَىٰ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا نُهُوا۟ عَنْهُ وَيَتَنَٰجَوْنَ بِٱلْإِثْمِ وَٱلْعُدْوَٰنِ وَمَعْصِيَتِ ٱلرَّسُولِ وَإِذَا جَآءُوكَ حَيَّوْكَ بِمَا لَمْ يُحَيِّكَ بِهِ ٱللَّهُ وَيَقُولُونَ فِىٓ أَنفُسِهِمْ لَوْلَا يُعَذِّبُنَا ٱللَّهُ بِمَا نَقُولُ ۚ حَسْبُهُمْ جَهَنَّمُ يَصْلَوْنَهَا ۖ فَبِئْسَ ٱلْمَصِيرُ
Хьуна ца го и къайлах хабар дийцар шайна наьхI дина хилларш? ТIаккха юха а тIебоьрзуш шайна наьхI диначунна‚ вовшашка къайлах хабарш дуьйцуш къа дарций а‚ мостагIаллиций а‚ элчана Iесалла ярций а. Хьо волчу шаьш баьхкича хьоьга салам ло цара Дала хьоьга салам ца лучу кепара. Шайга олу цара: "ХIунда Iазап ца до вайна Дала вай бохучуьнца?" Кхачо ю царна жоьжахати - бегар бу уьш цу чохь. Ма вон дIавоьрзу меттиг ю-кх иза!
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا تَنَٰجَيْتُمْ فَلَا تَتَنَٰجَوْا۟ بِٱلْإِثْمِ وَٱلْعُدْوَٰنِ وَمَعْصِيَتِ ٱلرَّسُولِ وَتَنَٰجَوْا۟ بِٱلْبِرِّ وَٱلتَّقْوَىٰ ۖ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ٱلَّذِىٓ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
ХIай иман диллнарш! Шаьш къайлах хабар дийцахь‚ ма дица иза къаций а‚ мостагIаллиций а‚ элчана Iесалла ярций а. Аш дийца къайлах хабар диканций а‚ /Делах/ кхерарций а. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе дIагулдийр долчу.
إِنَّمَا ٱلنَّجْوَىٰ مِنَ ٱلشَّيْطَٰنِ لِيَحْزُنَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَلَيْسَ بِضَآرِّهِمْ شَيْـًٔا إِلَّا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۚ وَعَلَى ٱللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ ٱلْمُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, къайлах хабар дийцар шайтIанера ду иман диллнарш пошме хилийтархьама. Царна цуьрриг зен дийр дац цо Делан пурбанций бен. Далла тIе тевжийла муъма нах!
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا قِيلَ لَكُمْ تَفَسَّحُوا۟ فِى ٱلْمَجَٰلِسِ فَٱفْسَحُوا۟ يَفْسَحِ ٱللَّهُ لَكُمْ ۖ وَإِذَا قِيلَ ٱنشُزُوا۟ فَٱنشُزُوا۟ يَرْفَعِ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مِنكُمْ وَٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ دَرَجَٰتٍۢ ۚ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌۭ
ХIай иман диллинарш! Шайга аьлча: "Меттиг хилийта /дIасхьахилий/ мажлисехь‚ меттиг хилийта. Дала шорто йийр ю шуна. "ХьалгIовта!" аьлча хьала гIовта. Дала лакха боху шух иман диллинарш а‚ шайна Iилма делларш а даржаца. И Дела аш дийриг сов дика хууш ма ву.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا نَٰجَيْتُمُ ٱلرَّسُولَ فَقَدِّمُوا۟ بَيْنَ يَدَىْ نَجْوَىٰكُمْ صَدَقَةًۭ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ وَأَطْهَرُ ۚ فَإِن لَّمْ تَجِدُوا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌ
ХIай иман диллинарш! Аш къайлах хабар дийцинехь элчанца цу шайн къайлах хабарна хьалхадаккхалаш сагIа. Иза шуна дика а ду‚ вуно цIена а ду. И /сагIа/ шуна ца карадахь - тIаккха баккъалла а, и Дела гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву.
ءَأَشْفَقْتُمْ أَن تُقَدِّمُوا۟ بَيْنَ يَدَىْ نَجْوَىٰكُمْ صَدَقَٰتٍۢ ۚ فَإِذْ لَمْ تَفْعَلُوا۟ وَتَابَ ٱللَّهُ عَلَيْكُمْ فَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُوا۟ ٱلزَّكَوٰةَ وَأَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ ۚ وَٱللَّهُ خَبِيرٌۢ بِمَا تَعْمَلُونَ
Шу кхирина шайн къайлах хабарал хьалха сагIа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/. ТIаккха аш иза ца дахь‚ - Дала шуна гечдина - ламаз /мукъане/ хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь а хилла. И Дела дика хууш верг а ву аш дийриг.
۞ أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ تَوَلَّوْا۟ قَوْمًا غَضِبَ ٱللَّهُ عَلَيْهِم مَّا هُم مِّنكُمْ وَلَا مِنْهُمْ وَيَحْلِفُونَ عَلَى ٱلْكَذِبِ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Хьуна гой и Дела шайна оьгIаз ваханчу къамаца доттагIалла тосуш берш? Уьш шух бац‚ царех а бац. Харцдолчунна тIехь дуй боуш бу уьш шайна хуушехь.
أَعَدَّ ٱللَّهُ لَهُمْ عَذَابًۭا شَدِيدًا ۖ إِنَّهُمْ سَآءَ مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг.
ٱتَّخَذُوٓا۟ أَيْمَٰنَهُمْ جُنَّةًۭ فَصَدُّوا۟ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ فَلَهُمْ عَذَابٌۭ مُّهِينٌۭ
Цара лецира шайн дуйнаш /нехан довах а‚ бехках а‚ шайн къинойх/ дуьхьало йина‚ иштта цара дIатилира /нах/ Делан некъах. Царна сийсаза долу Iазап ду-кх.
لَّن تُغْنِىَ عَنْهُمْ أَمْوَٰلُهُمْ وَلَآ أَوْلَٰدُهُم مِّنَ ٱللَّهِ شَيْـًٔا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Делера цхьанне хIуманах уьш хьалхабохур ма бац церан бахамо а‚ церан доьзало а. Уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу-кх. Уьш цу чохь гуттар хир бу.
يَوْمَ يَبْعَثُهُمُ ٱللَّهُ جَمِيعًۭا فَيَحْلِفُونَ لَهُۥ كَمَا يَحْلِفُونَ لَكُمْ ۖ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ عَلَىٰ شَىْءٍ ۚ أَلَآ إِنَّهُمْ هُمُ ٱلْكَٰذِبُونَ
Цхьана дийнахь Дала хьалагIовтор бу уьш берриге‚ тIаккха цара Цуна дуйнаш боур бу шуна шаьш дуйнаш баарх терра. Царна моттур ду шаьш цхьана бухана тIехь ду. Ткъа баккъалла а, уьш бац харц луьйш берш?!
ٱسْتَحْوَذَ عَلَيْهِمُ ٱلشَّيْطَٰنُ فَأَنسَىٰهُمْ ذِكْرَ ٱللَّهِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ حِزْبُ ٱلشَّيْطَٰنِ ۚ أَلَآ إِنَّ حِزْبَ ٱلشَّيْطَٰنِ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
ШайтIано доладина царна тIехь‚ цо дицдайти цаьрга Дела хьехавар. Уьш шайтIанан тоба ю. Ткъа шайтIанан тоба яц гIорасазниг /эшнарг/?
إِنَّ ٱلَّذِينَ يُحَآدُّونَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥٓ أُو۟لَٰٓئِكَ فِى ٱلْأَذَلِّينَ
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчана а дуьхьал буьйлурш - уьш бу-кх уггар сийсаза хиллачерийн юккъехь.
Page 1 of 2 (22 ayahs)