Loading surah...
Back to Chechen Quran
24 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۖ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
Тасбахь до Далла стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву.
هُوَ ٱلَّذِىٓ أَخْرَجَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ مِن دِيَٰرِهِمْ لِأَوَّلِ ٱلْحَشْرِ ۚ مَا ظَنَنتُمْ أَن يَخْرُجُوا۟ ۖ وَظَنُّوٓا۟ أَنَّهُم مَّانِعَتُهُمْ حُصُونُهُم مِّنَ ٱللَّهِ فَأَتَىٰهُمُ ٱللَّهُ مِنْ حَيْثُ لَمْ يَحْتَسِبُوا۟ ۖ وَقَذَفَ فِى قُلُوبِهِمُ ٱلرُّعْبَ ۚ يُخْرِبُونَ بُيُوتَهُم بِأَيْدِيهِمْ وَأَيْدِى ٱلْمُؤْمِنِينَ فَٱعْتَبِرُوا۟ يَٰٓأُو۟لِى ٱلْأَبْصَٰرِ
Иза ву Ша арабаьхнарг жайнан охIлех цатешнарш хьалхарчу дIалахкарехь. Шуна ца моьттура уьш арабер бу. Царна моьттура шайн /тIеман/ гIопаша лардийр ду шаьш Делах. Дела веара цаьрга шайна дага а ца догIучухула. Церан дегнашка кхерам тесира Цо - дохадеш шайн цIенош шайн куьйгашца а‚ муъма нехан куьйгашца а. Ойла йе цуна‚ хIай бIаьрсадерш!
وَلَوْلَآ أَن كَتَبَ ٱللَّهُ عَلَيْهِمُ ٱلْجَلَآءَ لَعَذَّبَهُمْ فِى ٱلدُّنْيَا ۖ وَلَهُمْ فِى ٱلْءَاخِرَةِ عَذَابُ ٱلنَّارِ
Дала царна ца яздинехьара мохках бахар Iазап дина хир дара царна дуьненахь. Царна эхартахь а цIеран Iазап ду.
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَآقُّوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ ۖ وَمَن يُشَآقِّ ٱللَّهَ فَإِنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчана а. Милла велахь Далла дуьхьало еш верг - баккъалла а, Дела нуьцIкъала ву-кх бекхамца.
مَا قَطَعْتُم مِّن لِّينَةٍ أَوْ تَرَكْتُمُوهَا قَآئِمَةً عَلَىٰٓ أُصُولِهَا فَبِإِذْنِ ٱللَّهِ وَلِيُخْزِىَ ٱلْفَٰسِقِينَ
Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг Шен орамий тIехь - Делан пурбанца ду‚ песакх нах сийсаза барна а.
وَمَآ أَفَآءَ ٱللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِۦ مِنْهُمْ فَمَآ أَوْجَفْتُمْ عَلَيْهِ مِنْ خَيْلٍۢ وَلَا رِكَابٍۢ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ يُسَلِّطُ رُسُلَهُۥ عَلَىٰ مَن يَشَآءُ ۚ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Дала Шен элчанна елла цаьргара хIонс - шуна ца кхийтира цуна тIаьхьа лахка говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тIехь. Дела массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш ву.
مَّآ أَفَآءَ ٱللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِۦ مِنْ أَهْلِ ٱلْقُرَىٰ فَلِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِى ٱلْقُرْبَىٰ وَٱلْيَتَٰمَىٰ وَٱلْمَسَٰكِينِ وَٱبْنِ ٱلسَّبِيلِ كَىْ لَا يَكُونَ دُولَةًۢ بَيْنَ ٱلْأَغْنِيَآءِ مِنكُمْ ۚ وَمَآ ءَاتَىٰكُمُ ٱلرَّسُولُ فَخُذُوهُ وَمَا نَهَىٰكُمْ عَنْهُ فَٱنتَهُوا۟ ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Дала Шен элчана яртийн нахера яьккхина елла хIонс ю Далла‚ Цуьнан элчана‚ /пайхамара/ гергарчаьрна‚ боберашна‚ мискачаьрна‚ некъан накъостана а шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву таIзар дарехь.
لِلْفُقَرَآءِ ٱلْمُهَٰجِرِينَ ٱلَّذِينَ أُخْرِجُوا۟ مِن دِيَٰرِهِمْ وَأَمْوَٰلِهِمْ يَبْتَغُونَ فَضْلًۭا مِّنَ ٱللَّهِ وَرِضْوَٰنًۭا وَيَنصُرُونَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥٓ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلصَّٰدِقُونَ
МухIажирийн пекъар нахана а /ю и хIонс/‚ шайн цIенойх а‚ бахамах а арабехна хилла болчу‚ Делера къинхетам а резалла а лоьхуш болчу‚ Далла а‚ Цуьнан элчана а гIо деш болчу. Уьш бу бакъберш.
وَٱلَّذِينَ تَبَوَّءُو ٱلدَّارَ وَٱلْإِيمَٰنَ مِن قَبْلِهِمْ يُحِبُّونَ مَنْ هَاجَرَ إِلَيْهِمْ وَلَا يَجِدُونَ فِى صُدُورِهِمْ حَاجَةًۭ مِّمَّآ أُوتُوا۟ وَيُؤْثِرُونَ عَلَىٰٓ أَنفُسِهِمْ وَلَوْ كَانَ بِهِمْ خَصَاصَةٌۭ ۚ وَمَن يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِۦ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ
Царел хьалха шайн цIенош хилларш‚ имана чохь чIагIбелларш безаш бу шайна тIе баьхкинарш‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухIажиршна еллачу хIонс бахьанехь/ хьагI‚ шайл а уьш совбоху цара шайгахь пекъаралла хиллехь а. Шен дегI бIаьрмацагаллех лардинарг - уьш бу-кх баккхийбедар берш.
وَٱلَّذِينَ جَآءُو مِنۢ بَعْدِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا ٱغْفِرْ لَنَا وَلِإِخْوَٰنِنَا ٱلَّذِينَ سَبَقُونَا بِٱلْإِيمَٰنِ وَلَا تَجْعَلْ فِى قُلُوبِنَا غِلًّۭا لِّلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ رَبَّنَآ إِنَّكَ رَءُوفٌۭ رَّحِيمٌ
Царел тIаьхьа баьхкинчаьра олу: "Везан Дела‚ гечделахь тхуна а‚ тхоьл иманца хьалха беллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь иман диллинчаьрна цабезам. Везан Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхоьх/ доглозуш верг а‚ къинхетаме верг а".
۞ أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ نَافَقُوا۟ يَقُولُونَ لِإِخْوَٰنِهِمُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ لَئِنْ أُخْرِجْتُمْ لَنَخْرُجَنَّ مَعَكُمْ وَلَا نُطِيعُ فِيكُمْ أَحَدًا أَبَدًۭا وَإِن قُوتِلْتُمْ لَنَنصُرَنَّكُمْ وَٱللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَٰذِبُونَ
Хьуна гири-й и мунепакъ нах олуш жайнан охIлан юккъера цатешаш хиллачу шайн вежаршка: "Шу арадехна хиллехьара‚ данне тхо арадовлур дара шуьца. Шуна дуьхьал цхьаннена цхьаьллигацIа муьтIахь хир дацара тхо. Шуьца тIом бинехьара - шуна данне гIо дийр ма дара оха". Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харц луьйш бу‚ аьлла.
لَئِنْ أُخْرِجُوا۟ لَا يَخْرُجُونَ مَعَهُمْ وَلَئِن قُوتِلُوا۟ لَا يَنصُرُونَهُمْ وَلَئِن نَّصَرُوهُمْ لَيُوَلُّنَّ ٱلْأَدْبَٰرَ ثُمَّ لَا يُنصَرُونَ
Уьш арабаьхча‚ царца арабовлур а ма бацара уьш. Царца тIом бийча - царна гIо дийр ма дацара цара. Цара царна гIо дийчи а бухабовлур ма бара уьш /бовдар ма бара уьш/‚ тIаккха /церан/ гIо царна хир ма дацара.
لَأَنتُمْ أَشَدُّ رَهْبَةًۭ فِى صُدُورِهِم مِّنَ ٱللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌۭ لَّا يَفْقَهُونَ
Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тIех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу дела ду.
لَا يُقَٰتِلُونَكُمْ جَمِيعًا إِلَّا فِى قُرًۭى مُّحَصَّنَةٍ أَوْ مِن وَرَآءِ جُدُرٍۭ ۚ بَأْسُهُم بَيْنَهُمْ شَدِيدٌۭ ۚ تَحْسَبُهُمْ جَمِيعًۭا وَقُلُوبُهُمْ شَتَّىٰ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌۭ لَّا يَعْقِلُونَ
Цара шуьца тIом бийр бац массара цхьана а чIагIйина ярташкахь бен я пенийн тIехьахь бен. Церан ницIкъ вовшийн юккъехь чIогIа бу. Хьуна моьтту уьш цхьаьна бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза - уьш хьекъал доцу къам долу дела ду.
كَمَثَلِ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ قَرِيبًۭا ۖ ذَاقُوا۟ وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ
Дукха хан йоцуш шайл хьалха хиллачаьрех тера бу уьш: шайн гIуллакхан бала Iевшира цара. Царна ду лазош долу Iазап а /эхартахь/.
كَمَثَلِ ٱلشَّيْطَٰنِ إِذْ قَالَ لِلْإِنسَٰنِ ٱكْفُرْ فَلَمَّا كَفَرَ قَالَ إِنِّى بَرِىٓءٌۭ مِّنكَ إِنِّىٓ أَخَافُ ٱللَّهَ رَبَّ ٱلْعَٰلَمِينَ
ШайтIанах тера бу уьш ша аьллачу адаме: "/Делах/ цатешарг хила!" Иза /Делах/ цатешарг хилча цо элира: "Баккъалла а, со цIени ду хьоьх. Баккъалла а, со кхоьру Делах - Iаламийн Дех!"
فَكَانَ عَٰقِبَتَهُمَآ أَنَّهُمَا فِى ٱلنَّارِ خَٰلِدَيْنِ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَٰٓؤُا۟ ٱلظَّٰلِمِينَ
Цу шиннан тIаьхье хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а лаьтташ. Иза бу зуламхойн бекхам.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَلْتَنظُرْ نَفْسٌۭ مَّا قَدَّمَتْ لِغَدٍۢ ۖ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ خَبِيرٌۢ بِمَا تَعْمَلُونَ
ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш. Хьожийла са‚ ша хIун кечдина-те кханена. Шу кхералаш Делах. Баккъалла а, Дела сов дика хууш ву аш дийриг.
وَلَا تَكُونُوا۟ كَٱلَّذِينَ نَسُوا۟ ٱللَّهَ فَأَنسَىٰهُمْ أَنفُسَهُمْ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْفَٰسِقُونَ
Шу ма хилалаш Дела вицвинчарех тера. ТIаккха Цо бицбайтира цаьрга шаьш а. Уьш песакъ нах бу.
لَا يَسْتَوِىٓ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ وَأَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ ۚ أَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ هُمُ ٱلْفَآئِزُونَ
Цхьатерра бац жоьжахатин дай а‚ ялсаманин дай а. Ялсаманин дай - уьш бу тоьлларш!
Page 1 of 2 (24 ayahs)