Loading surah...
Back to Chechen Quran
44 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ سَأَلَ سَآئِلٌۢ بِعَذَابٍۢ وَاقِعٍۢ
Дийхира цхьана доьхучо дужу Iазап
لِّلْكَٰفِرِينَ لَيْسَ لَهُۥ دَافِعٌۭ
Цатешачаьрна яц цуна ян дуьхьало.
مِّنَ ٱللَّهِ ذِى ٱلْمَعَارِجِ
Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна/ хьаладала кензаш йолчу.
تَعْرُجُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ وَٱلرُّوحُ إِلَيْهِ فِى يَوْمٍۢ كَانَ مِقْدَارُهُۥ خَمْسِينَ أَلْفَ سَنَةٍۢ
Хьаладолу маликаш а‚ Са /Джибрил малик/ а Иза волчу‚ шен барам /нахан гергахь/ шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь.
فَٱصْبِرْ صَبْرًۭا جَمِيلًا
Ахьа собар делахь хазачу собарца.
إِنَّهُمْ يَرَوْنَهُۥ بَعِيدًۭا
Баккъалла а, царна иза /Делан Iазап/ гуш ду генахь‚
وَنَرَىٰهُ قَرِيبًۭا
Тхуна иза гуш ду гергахь.
يَوْمَ تَكُونُ ٱلسَّمَآءُ كَٱلْمُهْلِ
Оцу дийнахь стигал хир ю лалина цIеста санна.
وَتَكُونُ ٱلْجِبَالُ كَٱلْعِهْنِ
Лаьмнаш хир ду /бежнийн тIера даьккхина/ цIока санна.
وَلَا يَسْـَٔلُ حَمِيمٌ حَمِيمًۭا
/Оцу дийнахь/ доттагIчо доттагIчух хоттур ма дац /шен бала сов баларна/-
يُبَصَّرُونَهُمْ ۚ يَوَدُّ ٱلْمُجْرِمُ لَوْ يَفْتَدِى مِنْ عَذَابِ يَوْمِئِذٍۭ بِبَنِيهِ
Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хIетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош диначунна оцу дийнахь Iазапах кIелхьара вала шен кIентий дIабелла‚
وَصَٰحِبَتِهِۦ وَأَخِيهِ
Шен зуда а‚ шен ваша дIавелла‚
وَفَصِيلَتِهِ ٱلَّتِى تُـْٔوِيهِ
Ша тIелаьцна волу шен тухум дIаделла а‚
وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا ثُمَّ يُنجِيهِ
Массо лаьттахь мел верг дIавелла а тIаккха кIелхьара вала /луур дара цуна/.
كَلَّآ ۖ إِنَّهَا لَظَىٰ
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /жоьжахати/ алу лепа цIе ю.
نَزَّاعَةًۭ لِّلشَّوَىٰ
Схьаозор долуш ду цо коьртан чIор.
تَدْعُوا۟ مَنْ أَدْبَرَ وَتَوَلَّىٰ
ТIекхойкхур ву цо ша вухаваьлларг а‚ дIаведдарг а.
وَجَمَعَ فَأَوْعَىٰٓ
Цо гулдира /даьхни‚ хьал/‚ дIадиллира иза.
۞ إِنَّ ٱلْإِنسَٰنَ خُلِقَ هَلُوعًا
Адам кхоьллина ду дукха кхоьруш‚ дукха суттар‚
إِذَا مَسَّهُ ٱلشَّرُّ جَزُوعًۭا
Ша балано схьалаьцча дукха сингаттаме‚
Page 1 of 3 (44 ayahs)