Loading surah...
Back to Chechen Quran
28 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ قُلْ أُوحِىَ إِلَىَّ أَنَّهُ ٱسْتَمَعَ نَفَرٌۭ مِّنَ ٱلْجِنِّ فَقَالُوٓا۟ إِنَّا سَمِعْنَا قُرْءَانًا عَجَبًۭا
Ахьа ала: "Соьга вехьеца хаийтина: "ЛадуьгIийра /КъурIане/ жинийн цхьана тобано‚ тIаккха цара элира: "Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар /КъурIан/!
يَهْدِىٓ إِلَى ٱلرُّشْدِ فَـَٔامَنَّا بِهِۦ ۖ وَلَن نُّشْرِكَ بِرَبِّنَآ أَحَدًۭا
Цо /КъурIано/ нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаш Кхиош-кхобушволчу Делаца цхьа а накъост.
وَأَنَّهُۥ تَعَٰلَىٰ جَدُّ رَبِّنَا مَا ٱتَّخَذَ صَٰحِبَةًۭ وَلَا وَلَدًۭا
Баккъалла а, лекха хили тхо Кхиош-кхобушволчу Делан возалла - ца леци Цо зуда а‚ доьзалхо а.
وَأَنَّهُۥ كَانَ يَقُولُ سَفِيهُنَا عَلَى ٱللَّهِ شَطَطًۭا
Баккъалла а, хили тхан Iовдалниг олуш Далла тIехь кIорггера харцдерг.
وَأَنَّا ظَنَنَّآ أَن لَّن تَقُولَ ٱلْإِنسُ وَٱلْجِنُّ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًۭا
Тхуна меттара цIа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг.
وَأَنَّهُۥ كَانَ رِجَالٌۭ مِّنَ ٱلْإِنسِ يَعُوذُونَ بِرِجَالٍۢ مِّنَ ٱلْجِنِّ فَزَادُوهُمْ رَهَقًۭا
Адамийн цхьа божарий бара ларлуш жинийн божаршца /цаьргара гIо луьйцуш/ - цара совбехира уьш Iовдаллица.
وَأَنَّهُمْ ظَنُّوا۟ كَمَا ظَنَنتُمْ أَن لَّن يَبْعَثَ ٱللَّهُ أَحَدًۭا
Баккъалла а, царна меттара шуна метташ хилларг: "ЦIа а Дала цхьа а денвийр вац"‚ аьлла.
وَأَنَّا لَمَسْنَا ٱلسَّمَآءَ فَوَجَدْنَٰهَا مُلِئَتْ حَرَسًۭا شَدِيدًۭا وَشُهُبًۭا
/Жинаша элира/: "Тхо хьакхаделира стиглах‚ тхуна иза карийра нуьцIкъалчу гIаролах‚ цIе тухучу седарчех юьззина.
وَأَنَّا كُنَّا نَقْعُدُ مِنْهَا مَقَٰعِدَ لِلسَّمْعِ ۖ فَمَن يَسْتَمِعِ ٱلْءَانَ يَجِدْ لَهُۥ شِهَابًۭا رَّصَدًۭا
Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор шена кIело йина Iеш болу цIе туху седа.
وَأَنَّا لَا نَدْرِىٓ أَشَرٌّ أُرِيدَ بِمَن فِى ٱلْأَرْضِ أَمْ أَرَادَ بِهِمْ رَبُّهُمْ رَشَدًۭا
Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш Кхиош-кхобушволу Дела царна нийса некъ лууш ву.
وَأَنَّا مِنَّا ٱلصَّٰلِحُونَ وَمِنَّا دُونَ ذَٰلِكَ ۖ كُنَّا طَرَآئِقَ قِدَدًۭا
Тхоьх диканаш бу‚ тхоьх царел лахарнаш а бу‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш.
وَأَنَّا ظَنَنَّآ أَن لَّن نُّعْجِزَ ٱللَّهَ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَن نُّعْجِزَهُۥ هَرَبًۭا
Тхуна хиира: тхуна цIкъа а ницIкъ кхочур бац Дела (-н омрах довла) лаьттахь а‚ тхуна цIкъа а ницIкъ кхочур бац девдана кIелхьарадалан а.
وَأَنَّا لَمَّا سَمِعْنَا ٱلْهُدَىٰٓ ءَامَنَّا بِهِۦ ۖ فَمَن يُؤْمِنۢ بِرَبِّهِۦ فَلَا يَخَافُ بَخْسًۭا وَلَا رَهَقًۭا
Тхуна нийса некъ /КъурIан/ хезича‚ тхо Цунах /Делах/ тийшира. Ша Кхиош-кхобушволчу шен Делах тешашверг - кхоьрур вац шен миэл эшарах а‚ къа сов даларх а.
وَأَنَّا مِنَّا ٱلْمُسْلِمُونَ وَمِنَّا ٱلْقَٰسِطُونَ ۖ فَمَنْ أَسْلَمَ فَأُو۟لَٰٓئِكَ تَحَرَّوْا۟ رَشَدًۭا
Баккъалла а, тхоьх /Далла/ мукIар берш а бу‚ тхоьх бакъболчу некъах дIабирзинарш а бу. Ткъа шаьш /Далла/ мукIар хилларш - дикачунна тIе нисбелла.
وَأَمَّا ٱلْقَٰسِطُونَ فَكَانُوا۟ لِجَهَنَّمَ حَطَبًۭا
Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш - царех хили жоьжахатина дечиг".
وَأَلَّوِ ٱسْتَقَٰمُوا۟ عَلَى ٱلطَّرِيقَةِ لَأَسْقَيْنَٰهُم مَّآءً غَدَقًۭا
Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь шортта догIа дойтур дара Оха царна)‚
لِّنَفْتِنَهُمْ فِيهِ ۚ وَمَن يُعْرِضْ عَن ذِكْرِ رَبِّهِۦ يَسْلُكْهُ عَذَابًۭا صَعَدًۭا
Цуьнца уьш зерхьама. Ша Кхиош-кхобушволу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг Цо вуьллур ву лан хала долчу Iазапа чу.
وَأَنَّ ٱلْمَسَٰجِدَ لِلَّهِ فَلَا تَدْعُوا۟ مَعَ ٱللَّهِ أَحَدًۭا
Баккъалла а, маьждигаш Делан ду - аш ма кхайкха Делаца цхьа а!
وَأَنَّهُۥ لَمَّا قَامَ عَبْدُ ٱللَّهِ يَدْعُوهُ كَادُوا۟ يَكُونُونَ عَلَيْهِ لِبَدًۭا
Баккъалла а, Делан лай /Мухьаммад/ хIоьттича Цуьнга кхойкхуш уьш /бусулба джинаш/ дисира тIеттIа цуна тIе гулделла /ладогIа лууш/.
قُلْ إِنَّمَآ أَدْعُوا۟ رَبِّى وَلَآ أُشْرِكُ بِهِۦٓ أَحَدًۭا
Ахьа ала: "Баккъалла а, аса кхойкху со Кхиош-кхобушволчу сан Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу аса".
Page 1 of 2 (28 ayahs)