Loading surah...
Back to Chechen Quran
20 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْمُزَّمِّلُ
ХIай дIахьаьрчинарг!
قُمِ ٱلَّيْلَ إِلَّا قَلِيلًۭا
ГIатта буьйсана‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаIан/.
نِّصْفَهُۥٓ أَوِ ٱنقُصْ مِنْهُ قَلِيلًا
Цуьнан ах йите‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае.
أَوْ زِدْ عَلَيْهِ وَرَتِّلِ ٱلْقُرْءَانَ تَرْتِيلًا
Я тIетоха цуна. КъурIан деша (меллаша, хазачу) дешарца.
إِنَّا سَنُلْقِى عَلَيْكَ قَوْلًۭا ثَقِيلًا
Оха дуьхьалтухур ду хьуна хала дош.
إِنَّ نَاشِئَةَ ٱلَّيْلِ هِىَ أَشَدُّ وَطْـًۭٔا وَأَقْوَمُ قِيلًا
Баккъалла а, буьйсанан хан езза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгала ю дашца.
إِنَّ لَكَ فِى ٱلنَّهَارِ سَبْحًۭا طَوِيلًۭا
Хьуна дийнахь дехха гIуллакхаш ду /КъурIан деша мукъа ца волу хьо/.
وَٱذْكُرِ ٱسْمَ رَبِّكَ وَتَبَتَّلْ إِلَيْهِ تَبْتِيلًۭا
Хьехае хьуо Кхиош-кхобушволчу /Делан/ цIе. /Дуьненах/ хада Цуна /Далла/ Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца.
رَّبُّ ٱلْمَشْرِقِ وَٱلْمَغْرِبِ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَٱتَّخِذْهُ وَكِيلًۭا
Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобушверг ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал /тIетовжа гIоьнча/.
وَٱصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَٱهْجُرْهُمْ هَجْرًۭا جَمِيلًۭا
Собар де цара /Маккан керастанаша/ олучунна тIехь‚ вада царех хаза вадарца.
وَذَرْنِى وَٱلْمُكَذِّبِينَ أُو۟لِى ٱلنَّعْمَةِ وَمَهِّلْهُمْ قَلِيلًا
Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдешберш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг.
إِنَّ لَدَيْنَآ أَنكَالًۭا وَجَحِيمًۭا
Баккъалла а, Тхоьгахь буржолаш а ю‚ /жоьжахатин/ цIе а ю.
وَطَعَامًۭا ذَا غُصَّةٍۢ وَعَذَابًا أَلِيمًۭا
Лага чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду.
يَوْمَ تَرْجُفُ ٱلْأَرْضُ وَٱلْجِبَالُ وَكَانَتِ ٱلْجِبَالُ كَثِيبًۭا مَّهِيلًا
Оцу /къемат/ дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегар ду /ластор ду/‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу барз.
إِنَّآ أَرْسَلْنَآ إِلَيْكُمْ رَسُولًۭا شَٰهِدًا عَلَيْكُمْ كَمَآ أَرْسَلْنَآ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ رَسُولًۭا
Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ ваийтарх терра.
فَعَصَىٰ فِرْعَوْنُ ٱلرَّسُولَ فَأَخَذْنَٰهُ أَخْذًۭا وَبِيلًۭا
ФирIавн Iеса хилира элчана - тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу лацарца.
فَكَيْفَ تَتَّقُونَ إِن كَفَرْتُمْ يَوْمًۭا يَجْعَلُ ٱلْوِلْدَٰنَ شِيبًا
Шу муха кIелхьарадовлур ду аша керстаналла дича ша бераш къеж бийр болчу дийнах? -
ٱلسَّمَآءُ مُنفَطِرٌۢ بِهِۦ ۚ كَانَ وَعْدُهُۥ مَفْعُولًا
Стигал этIар ю /оцу дийнахь/. Цуьнан /Делан/ ваIда кхочуш хилла.
إِنَّ هَٰذِهِۦ تَذْكِرَةٌۭ ۖ فَمَن شَآءَ ٱتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِۦ سَبِيلًا
Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо ша Кхиош-кхобучуьнга некъ лоцур бу /цунах/.
۞ إِنَّ رَبَّكَ يَعْلَمُ أَنَّكَ تَقُومُ أَدْنَىٰ مِن ثُلُثَىِ ٱلَّيْلِ وَنِصْفَهُۥ وَثُلُثَهُۥ وَطَآئِفَةٌۭ مِّنَ ٱلَّذِينَ مَعَكَ ۚ وَٱللَّهُ يُقَدِّرُ ٱلَّيْلَ وَٱلنَّهَارَ ۚ عَلِمَ أَن لَّن تُحْصُوهُ فَتَابَ عَلَيْكُمْ ۖ فَٱقْرَءُوا۟ مَا تَيَسَّرَ مِنَ ٱلْقُرْءَانِ ۚ عَلِمَ أَن سَيَكُونُ مِنكُم مَّرْضَىٰ ۙ وَءَاخَرُونَ يَضْرِبُونَ فِى ٱلْأَرْضِ يَبْتَغُونَ مِن فَضْلِ ٱللَّهِ ۙ وَءَاخَرُونَ يُقَٰتِلُونَ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ ۖ فَٱقْرَءُوا۟ مَا تَيَسَّرَ مِنْهُ ۚ وَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُوا۟ ٱلزَّكَوٰةَ وَأَقْرِضُوا۟ ٱللَّهَ قَرْضًا حَسَنًۭا ۚ وَمَا تُقَدِّمُوا۟ لِأَنفُسِكُم مِّنْ خَيْرٍۢ تَجِدُوهُ عِندَ ٱللَّهِ هُوَ خَيْرًۭا وَأَعْظَمَ أَجْرًۭا ۚ وَٱسْتَغْفِرُوا۟ ٱللَّهَ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۢ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобушволчунна хууш ду хьо буьйсан кха декъан шина декъал кIеззиг йолчу заманчохь гIеттина /Шен Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха декъан цхьа дакъа заманчохь а‚ хьоьца болчарех цхьа тоба ю /иштта буьйсана гIеттина Iамал еш - иза а хаьа Далла/. Дала барам бийна буьйсан а‚ дийнан а. Цуна хиина аш иза дагар ца дой‚ Цо шун тоба къобал дина. Деша атта дерг КъурIанах. Цуна /Далла/ хиина‚ шух хир ву цомгашверг‚ кхиберш лаьттахула баьлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш /шайна рицIкъ доккхуш/‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу. Деша атта дерг цунах /КъурIанах/. ХIоттаде ламаз‚ ло закат‚ аш ле Далла хаза декхар /юха лург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ дукха йоккха ял а хилла. Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.