Loading surah...
Back to Chechen Quran
75 Ayahs • Medinan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ يَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْأَنفَالِ ۖ قُلِ ٱلْأَنفَالُ لِلَّهِ وَٱلرَّسُولِ ۖ فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَصْلِحُوا۟ ذَاتَ بَيْنِكُمْ ۖ وَأَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥٓ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Цара хьоьга хоьтту хIонсах лаьцна‚ ахьа ала: "ХIонс Делан /долахь/ ю‚ элчанан а /долахь/ ю". Шу Делах кхера‚ вовшийн юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш (муъма нах).
إِنَّمَا ٱلْمُؤْمِنُونَ ٱلَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ ٱللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَإِذَا تُلِيَتْ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُهُۥ زَادَتْهُمْ إِيمَٰنًۭا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Баккъалла а, тешаш берш /муъма нах/ бу Дела хьехийча шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, иманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжаш берш.
ٱلَّذِينَ يُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَمِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ يُنفِقُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанх сагIа а луш.
أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُؤْمِنُونَ حَقًّۭا ۚ لَّهُمْ دَرَجَٰتٌ عِندَ رَبِّهِمْ وَمَغْفِرَةٌۭ وَرِزْقٌۭ كَرِيمٌۭ
Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъма нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъа ду.
كَمَآ أَخْرَجَكَ رَبُّكَ مِنۢ بَيْتِكَ بِٱلْحَقِّ وَإِنَّ فَرِيقًۭا مِّنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ لَكَٰرِهُونَ
Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонца хьан цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъманахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю /гIазот дан/.
يُجَٰدِلُونَكَ فِى ٱلْحَقِّ بَعْدَمَا تَبَيَّنَ كَأَنَّمَا يُسَاقُونَ إِلَى ٱلْمَوْتِ وَهُمْ يَنظُرُونَ
Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь и билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожална тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш лаьтташ.
وَإِذْ يَعِدُكُمُ ٱللَّهُ إِحْدَى ٱلطَّآئِفَتَيْنِ أَنَّهَا لَكُمْ وَتَوَدُّونَ أَنَّ غَيْرَ ذَاتِ ٱلشَّوْكَةِ تَكُونُ لَكُمْ وَيُرِيدُ ٱللَّهُ أَن يُحِقَّ ٱلْحَقَّ بِكَلِمَٰتِهِۦ وَيَقْطَعَ دَابِرَ ٱلْكَٰفِرِينَ
Дала шуьца ваIда йо шина тобанах цхьаъ шун ю, олий‚ шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а.
لِيُحِقَّ ٱلْحَقَّ وَيُبْطِلَ ٱلْبَٰطِلَ وَلَوْ كَرِهَ ٱلْمُجْرِمُونَ
Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилархьама а, къинош дечарна ца дезахь а.
إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَٱسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّى مُمِدُّكُم بِأَلْفٍۢ مِّنَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ مُرْدِفِينَ
Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: "Аса шу чIагIдийр ду тIеттIа эзар маликашца"‚- аьлла.
وَمَا جَعَلَهُ ٱللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِۦ قُلُوبُكُمْ ۚ وَمَا ٱلنَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِندِ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен‚ гIо дац Далла гергара а бен. Баккъалла а, Дела везза верг‚ хьукма дика деш верг ву.
إِذْ يُغَشِّيكُمُ ٱلنُّعَاسَ أَمَنَةًۭ مِّنْهُ وَيُنَزِّلُ عَلَيْكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ لِّيُطَهِّرَكُم بِهِۦ وَيُذْهِبَ عَنكُمْ رِجْزَ ٱلشَّيْطَٰنِ وَلِيَرْبِطَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ وَيُثَبِّتَ بِهِ ٱلْأَقْدَامَ
Цо шуна тIе ма хьажайора наб озор, шуна Шегара сапаргIато луш‚ доссадора шуна тIе стиглара хи, Шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чIагIбархьама.
إِذْ يُوحِى رَبُّكَ إِلَى ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ أَنِّى مَعَكُمْ فَثَبِّتُوا۟ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ۚ سَأُلْقِى فِى قُلُوبِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ٱلرُّعْبَ فَٱضْرِبُوا۟ فَوْقَ ٱلْأَعْنَاقِ وَٱضْرِبُوا۟ مِنْهُمْ كُلَّ بَنَانٍۢ
Хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе иман диллинарш‚ Аса тIаьхьа ца тешна хиллачерийн дегнашка кхерам кхуссур бу – тоха логах‚ хадайе церан массо пIелган юьхьиг.
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَآقُّوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ ۚ وَمَن يُشَاقِقِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ فَإِنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла‚ цуьнан элчанна дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву.
ذَٰلِكُمْ فَذُوقُوهُ وَأَنَّ لِلْكَٰفِرِينَ عَذَابَ ٱلنَّارِ
Иза (Iазап) ду шуна: "Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду".
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا لَقِيتُمُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ زَحْفًۭا فَلَا تُوَلُّوهُمُ ٱلْأَدْبَارَ
ХIай иман диллинарш! Шаьш цатешачаьрца дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшех кхетча), могIаршца (шайн) баккъаш ма тоха царна /царех кхералой ма довда/.
وَمَن يُوَلِّهِمْ يَوْمَئِذٍۢ دُبُرَهُۥٓ إِلَّا مُتَحَرِّفًۭا لِّقِتَالٍ أَوْ مُتَحَيِّزًا إِلَىٰ فِئَةٍۢ فَقَدْ بَآءَ بِغَضَبٍۢ مِّنَ ٱللَّهِ وَمَأْوَىٰهُ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ ٱلْمَصِيرُ
Оцу дийнахь (гIазотехь кхеравелла вухаваьлларг)‚ царна шен букъ тоьхнарг‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ вон ю дIаваьрзу меттиг!
فَلَمْ تَقْتُلُوهُمْ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ قَتَلَهُمْ ۚ وَمَا رَمَيْتَ إِذْ رَمَيْتَ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ رَمَىٰ ۚ وَلِيُبْلِىَ ٱلْمُؤْمِنِينَ مِنْهُ بَلَآءً حَسَنًا ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
Аша ца байина уьш‚ делахь а Дала байина уьш. Ахьа ца кхоьссина (герз) айхьа кхуссуш делахь а – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъманахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш а, хууш а ву.
ذَٰلِكُمْ وَأَنَّ ٱللَّهَ مُوهِنُ كَيْدِ ٱلْكَٰفِرِينَ
Иза Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш.
إِن تَسْتَفْتِحُوا۟ فَقَدْ جَآءَكُمُ ٱلْفَتْحُ ۖ وَإِن تَنتَهُوا۟ فَهُوَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۖ وَإِن تَعُودُوا۟ نَعُدْ وَلَن تُغْنِىَ عَنكُمْ فِئَتُكُمْ شَيْـًۭٔا وَلَوْ كَثُرَتْ وَأَنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Аша толам бехча – толам беъна шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу духа тIамна юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду, шун тобано шун хIумма тIаьхьара доккхур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъма нахаца ву.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ وَلَا تَوَلَّوْا۟ عَنْهُ وَأَنتُمْ تَسْمَعُونَ
ХIай иман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш (цо дуьйцург).
Page 1 of 4 (75 ayahs)