Loading surah...
Back to Chechen Quran
129 Ayahs • Medinan
بَرَآءَةٌۭ مِّنَ ٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦٓ إِلَى ٱلَّذِينَ عَٰهَدتُّم مِّنَ ٱلْمُشْرِكِينَ
Делера а‚ Цуьнан элчанера а шаьш цIена хилар ду аша барт бина хилла болчу мушрикунашка.
فَسِيحُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍۢ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِى ٱللَّهِ ۙ وَأَنَّ ٱللَّهَ مُخْزِى ٱلْكَٰفِرِينَ
ДIа-схьа лела лаьттахула беа баттахь‚ тIаккха шуна хаалаш, Далла тIехь шун ницкъ кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш.
وَأَذَٰنٌۭ مِّنَ ٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦٓ إِلَى ٱلنَّاسِ يَوْمَ ٱلْحَجِّ ٱلْأَكْبَرِ أَنَّ ٱللَّهَ بَرِىٓءٌۭ مِّنَ ٱلْمُشْرِكِينَ ۙ وَرَسُولُهُۥ ۚ فَإِن تُبْتُمْ فَهُوَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۖ وَإِن تَوَلَّيْتُمْ فَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِى ٱللَّهِ ۗ وَبَشِّرِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаьж доьхкучу дийнахь. И Дела цIена ву мушрикунех‚ Цуьнан элча а /цIена/ ву, аьлла‚ аша тоба дахь – и шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь – шуна хаалаш, шуна Далла тIехь ницкъ боцийла. Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Iазапаца.
إِلَّا ٱلَّذِينَ عَٰهَدتُّم مِّنَ ٱلْمُشْرِكِينَ ثُمَّ لَمْ يَنقُصُوكُمْ شَيْـًۭٔا وَلَمْ يُظَٰهِرُوا۟ عَلَيْكُمْ أَحَدًۭا فَأَتِمُّوٓا۟ إِلَيْهِمْ عَهْدَهُمْ إِلَىٰ مُدَّتِهِمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يُحِبُّ ٱلْمُتَّقِينَ
Аша шайца барт бина хилла берш боцучарех‚ тIаккха шуна цхьанне хIуманца эшам бина хилла боцучарех‚ шуна тIехь цхьаннена гIо дина хилла боцучарех – цаьрца бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш.
فَإِذَا ٱنسَلَخَ ٱلْأَشْهُرُ ٱلْحُرُمُ فَٱقْتُلُوا۟ ٱلْمُشْرِكِينَ حَيْثُ وَجَدتُّمُوهُمْ وَخُذُوهُمْ وَٱحْصُرُوهُمْ وَٱقْعُدُوا۟ لَهُمْ كُلَّ مَرْصَدٍۢ ۚ فَإِن تَابُوا۟ وَأَقَامُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتَوُا۟ ٱلزَّكَوٰةَ فَخَلُّوا۟ سَبِيلَهُمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Деза /хьаьж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца маслаIате ца богIу, шуьца мостагIалла лелош болу/ мушрикунаш байа, шайна уьш карабоьллачохь‚ схьалеца уьш‚ гуо бе царна‚ охьаховша царна кIелонна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг ву‚ къинхетам бийриг ву.
وَإِنْ أَحَدٌۭ مِّنَ ٱلْمُشْرِكِينَ ٱسْتَجَارَكَ فَأَجِرْهُ حَتَّىٰ يَسْمَعَ كَلَٰمَ ٱللَّهِ ثُمَّ أَبْلِغْهُ مَأْمَنَهُۥ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌۭ لَّا يَعْلَمُونَ
Мушрикунех цхьаммо хьоьга ша тIеэцар дехахь – тIеэца иза цунна Делан дош хаззалц‚ тIаккха дIакхачаве иза кхерам боцучу меттиге /шен даймахка‚ цунна лаахь/, – иза уьш ца хууш къам хиларна ду.
كَيْفَ يَكُونُ لِلْمُشْرِكِينَ عَهْدٌ عِندَ ٱللَّهِ وَعِندَ رَسُولِهِۦٓ إِلَّا ٱلَّذِينَ عَٰهَدتُّمْ عِندَ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ ۖ فَمَا ٱسْتَقَٰمُوا۟ لَكُمْ فَٱسْتَقِيمُوا۟ لَهُمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يُحِبُّ ٱلْمُتَّقِينَ
Муха хир бу мушрикунашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚ Хьарам-маьждиган гергахь аша шайца барт бинарш боцучаьрца? Уьш шуьца нийса ма хилла‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш.
كَيْفَ وَإِن يَظْهَرُوا۟ عَلَيْكُمْ لَا يَرْقُبُوا۟ فِيكُمْ إِلًّۭا وَلَا ذِمَّةًۭ ۚ يُرْضُونَكُم بِأَفْوَٰهِهِمْ وَتَأْبَىٰ قُلُوبُهُمْ وَأَكْثَرُهُمْ فَٰسِقُونَ
Муха..? Шаьш шуна тIехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь гергарло а‚ барт а‚ шу реза до цара шайн багенашца‚ куралла йо церан дегнаша‚ царех дукхахберш песакъ /вон лела‚ Iесалла еш болу нах/ бу.
ٱشْتَرَوْا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ ثَمَنًۭا قَلِيلًۭا فَصَدُّوا۟ عَن سَبِيلِهِۦٓ ۚ إِنَّهُمْ سَآءَ مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Делан аяташ доьхкина цара кIеззигчу мехах‚ Цуьнан новкъах /дуккха а нах/ тилий цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг.
لَا يَرْقُبُونَ فِى مُؤْمِنٍ إِلًّۭا وَلَا ذِمَّةًۭ ۚ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُعْتَدُونَ
Тергал ца до цара муъма стагехь гергарло а‚ барт а‚ уьш дозанех белларш бу.
فَإِن تَابُوا۟ وَأَقَامُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتَوُا۟ ٱلزَّكَوٰةَ فَإِخْوَٰنُكُمْ فِى ٱلدِّينِ ۗ وَنُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَعْلَمُونَ
Нагахь санна цара тоба дахь‚ ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – тIаккха шун вежарий бу уьш динехь, (иштта) къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана.
وَإِن نَّكَثُوٓا۟ أَيْمَٰنَهُم مِّنۢ بَعْدِ عَهْدِهِمْ وَطَعَنُوا۟ فِى دِينِكُمْ فَقَٰتِلُوٓا۟ أَئِمَّةَ ٱلْكُفْرِ ۙ إِنَّهُمْ لَآ أَيْمَٰنَ لَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَنتَهُونَ
Нагахь санна цара шайн дуйнаш къардахь, шайн барт хиллачун тIаьхьа‚ Iиттарш яхь шун динна – керсталлин кортош дайа‚ – баккъалла а, церан дуйнаш бан а бац‚ – уьш совца мегара /шайн коьртехь берш байича/.
أَلَا تُقَٰتِلُونَ قَوْمًۭا نَّكَثُوٓا۟ أَيْمَٰنَهُمْ وَهَمُّوا۟ بِإِخْرَاجِ ٱلرَّسُولِ وَهُم بَدَءُوكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ أَتَخْشَوْنَهُمْ ۚ فَٱللَّهُ أَحَقُّ أَن تَخْشَوْهُ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Шу ца лета шаьш шайн дуйнаш бохийначу къомах‚ элча араваккха гIайгIа беш хилла долчу‚ шаьш юьхьанцара шуьца и (тIом) болийна хиллачу? Царех кхоьру шу? Дела там болуш ма вара шу Шех кхера‚ шу муъма нах хиллехь!
قَٰتِلُوهُمْ يُعَذِّبْهُمُ ٱللَّهُ بِأَيْدِيكُمْ وَيُخْزِهِمْ وَيَنصُرْكُمْ عَلَيْهِمْ وَيَشْفِ صُدُورَ قَوْمٍۢ مُّؤْمِنِينَ
ТIом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Iазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна тIехь шуна гIо дийр ду‚ тодийр ду муъма нехан (къоман) дегнаш.
وَيُذْهِبْ غَيْظَ قُلُوبِهِمْ ۗ وَيَتُوبُ ٱللَّهُ عَلَىٰ مَن يَشَآءُ ۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
ДIайоккхур ю церан дегнийн оьгIазло‚ Дала гечдо Шена луучунна (бусулба дине верзош Абу-Суфьян санна)‚ Дела хууш верг а‚ /нийса/ хьукма дийриг а ву.
أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تُتْرَكُوا۟ وَلَمَّا يَعْلَمِ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ جَٰهَدُوا۟ مِنكُمْ وَلَمْ يَتَّخِذُوا۟ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَلَا رَسُولِهِۦ وَلَا ٱلْمُؤْمِنِينَ وَلِيجَةًۭ ۚ وَٱللَّهُ خَبِيرٌۢ بِمَا تَعْمَلُونَ
Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца лоцуш)? Далла хIинца а шух гIазот динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъма нах а битина, кхин доттагIий ца лаьцнарш а ца бевзина (нахана гучабохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аша дийриг.
مَا كَانَ لِلْمُشْرِكِينَ أَن يَعْمُرُوا۟ مَسَٰجِدَ ٱللَّهِ شَٰهِدِينَ عَلَىٰٓ أَنفُسِهِم بِٱلْكُفْرِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَٰلُهُمْ وَفِى ٱلنَّارِ هُمْ خَٰلِدُونَ
Оьшуш дац мушрикунаш Делан маьждигашкахь Iен, керстанаш шаьш хиларан тешалла а деш‚ церан Iамалш дIатили‚ уьш цIергахь гуттар лаьттар бу.
إِنَّمَا يَعْمُرُ مَسَٰجِدَ ٱللَّهِ مَنْ ءَامَنَ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ وَأَقَامَ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتَى ٱلزَّكَوٰةَ وَلَمْ يَخْشَ إِلَّا ٱللَّهَ ۖ فَعَسَىٰٓ أُو۟لَٰٓئِكَ أَن يَكُونُوا۟ مِنَ ٱلْمُهْتَدِينَ
Делан маьждигашкахь Iийр ву Делах а‚ эхарт дийнах а тешна верг‚ ламаз хIоттийнарг‚ закат делларг‚ Дела воцчух ца кхоьрург – уьш хила там бу нисбеллачарех.
۞ أَجَعَلْتُمْ سِقَايَةَ ٱلْحَآجِّ وَعِمَارَةَ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ كَمَنْ ءَامَنَ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ وَجَٰهَدَ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ ۚ لَا يَسْتَوُۥنَ عِندَ ٱللَّهِ ۗ وَٱللَّهُ لَا يَهْدِى ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Аша хилийти хьаьжина хи далар а‚ Хьарам-маьждигехь Iар а Делах а‚ эхарт дийнах а тешначух а‚ Делан новкъах къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала ца нисдо зуламе къам.
ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَهَاجَرُوا۟ وَجَٰهَدُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ بِأَمْوَٰلِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ أَعْظَمُ دَرَجَةً عِندَ ٱللَّهِ ۚ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْفَآئِزُونَ
Иман диллинарш‚ дIакхелхинарш‚ (пайхамарца Маккара Мединате ислам Iалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн дохнаца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш.
Page 1 of 7 (129 ayahs)