Loading surah...
Back to Chechen Quran
19 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ إِذَا ٱلسَّمَآءُ ٱنفَطَرَتْ
Стигал едча‚
وَإِذَا ٱلْكَوَاكِبُ ٱنتَثَرَتْ
Седарчий охьдегча‚
وَإِذَا ٱلْبِحَارُ فُجِّرَتْ
ХIоьрдаш /шайн йисташ дIаяьлла вовшех ийна/ цхьа хIоьрд хилча‚
وَإِذَا ٱلْقُبُورُ بُعْثِرَتْ
Кешнаш тIекIел девлача /белларш хьалгIовтийта/‚ -
عَلِمَتْ نَفْسٌۭ مَّا قَدَّمَتْ وَأَخَّرَتْ
/ТIаккха/ хии сина ша хIун хьалхадаьккхи‚ хIун тIаьхьатаьтти.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلْإِنسَٰنُ مَا غَرَّكَ بِرَبِّكَ ٱلْكَرِيمِ
ХIай адам /хIай керста/! Стено марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-кхобучунна Iесалла ян?
ٱلَّذِى خَلَقَكَ فَسَوَّىٰكَ فَعَدَلَكَ
Иштта ву Иза Ша хьо кхоьллина‚ тIаккха нисвина‚ /хьан массо меже/ вовшашца йогIуш йина волу.
فِىٓ أَىِّ صُورَةٍۢ مَّا شَآءَ رَكَّبَكَ
Шена луучу суртехь хьо дIатарви Цо.
كَلَّا بَلْ تُكَذِّبُونَ بِٱلدِّينِ
ХIан-хIа! Шу харц деш ма ду бекхам хирг хилар /къемат дийнахь/.
وَإِنَّ عَلَيْكُمْ لَحَٰفِظِينَ
Баккъалла а, шуна тIе хIоттийна лардархой ма бу‚
كِرَامًۭا كَٰتِبِينَ
Сийлахь хилла‚ яздеш долу.
يَعْلَمُونَ مَا تَفْعَلُونَ
Царна хаьа аш дийриг.
إِنَّ ٱلْأَبْرَارَ لَفِى نَعِيمٍۢ
Баккъалла а, диканаш /шена чохь массо хIума долу/ наIим цIе йолчу ялсаманехь хир бу.
وَإِنَّ ٱلْفُجَّارَ لَفِى جَحِيمٍۢ
Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатехь хир бу.
يَصْلَوْنَهَا يَوْمَ ٱلدِّينِ
Цу чу гIур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Iовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь.
وَمَا هُمْ عَنْهَا بِغَآئِبِينَ
Цунах къайлабер ма бац уьш.
وَمَآ أَدْرَىٰكَ مَا يَوْمُ ٱلدِّينِ
Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?
ثُمَّ مَآ أَدْرَىٰكَ مَا يَوْمُ ٱلدِّينِ
ТIаккха а хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?
يَوْمَ لَا تَمْلِكُ نَفْسٌۭ لِّنَفْسٍۢ شَيْـًۭٔا ۖ وَٱلْأَمْرُ يَوْمَئِذٍۢ لِّلَّهِ
Оцу дийнахь сино синан цхьанне хIуманна тIехь дола дийр дац. ГIуллакх оцу дийнахь хир ду Делан.