Loading surah...
Back to Chechen Quran
30 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ وَٱلْفَجْرِ
Сатасарах дуй боу Аса.
وَلَيَالٍ عَشْرٍۢ
Итт буьйсанех а дуй боу Аса.
وَٱلشَّفْعِ وَٱلْوَتْرِ
Шала а‚ шалза а долчух дуй боу Аса.
وَٱلَّيْلِ إِذَا يَسْرِ
Буьйсанах а дуй боу Аса‚ иза дIайолаелча.
هَلْ فِى ذَٰلِكَ قَسَمٌۭ لِّذِى حِجْرٍ
Цу чохь дуй бу-й хьекъал долчунна?
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِعَادٍ
Хьуна ца гира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьо Кхиош-кхобуш волчо Iадашца?
إِرَمَ ذَاتِ ٱلْعِمَادِ
Шайн бIогIамаш долчу ирамашца?
ٱلَّتِى لَمْ يُخْلَقْ مِثْلُهَا فِى ٱلْبِلَٰدِ
Ишттанаш бу уьш шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш.
وَثَمُودَ ٱلَّذِينَ جَابُوا۟ ٱلصَّخْرَ بِٱلْوَادِ
Самудашца а атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?
وَفِرْعَوْنَ ذِى ٱلْأَوْتَادِ
Хьостамаш долчу ФирIавнаца?
ٱلَّذِينَ طَغَوْا۟ فِى ٱلْبِلَٰدِ
Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тIех бевла хилла болчу.
فَأَكْثَرُوا۟ فِيهَا ٱلْفَسَادَ
Алсам дехира цара цигахь боьха хIуманаш.
فَصَبَّ عَلَيْهِمْ رَبُّكَ سَوْطَ عَذَابٍ
Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-кхобучо тайп-тайпана Iазап.
إِنَّ رَبَّكَ لَبِٱلْمِرْصَادِ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш верг /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал еш/.
فَأَمَّا ٱلْإِنسَٰنُ إِذَا مَا ٱبْتَلَىٰهُ رَبُّهُۥ فَأَكْرَمَهُۥ وَنَعَّمَهُۥ فَيَقُولُ رَبِّىٓ أَكْرَمَنِ
Адамо ша Кхиош-кхобуш волчо зийча‚ Цо шена сий дича‚ ниIматаш делча‚ олу: "Со Кхиош-кхобучо сий дина сан".
وَأَمَّآ إِذَا مَا ٱبْتَلَىٰهُ فَقَدَرَ عَلَيْهِ رِزْقَهُۥ فَيَقُولُ رَبِّىٓ أَهَٰنَنِ
Амма Цо ша зийча‚ шена рицIкъ кIеззиг делча‚ цо олу: "Со Кхиош-кхобучо со сийсаза вина".
كَلَّا ۖ بَل لَّا تُكْرِمُونَ ٱلْيَتِيمَ
ХIан-хIа! Боберан сий ца до аш.
وَلَا تَحَٰٓضُّونَ عَلَىٰ طَعَامِ ٱلْمِسْكِينِ
Мискачунна даа хIума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш.
وَتَأْكُلُونَ ٱلتُّرَاثَ أَكْلًۭا لَّمًّۭا
/Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чIогIа даарца.
وَتُحِبُّونَ ٱلْمَالَ حُبًّۭا جَمًّۭا
Дехний дезаш ду шу дукха дезарца.
Page 1 of 2 (30 ayahs)