Loading surah...
Back to Chechen Quran
20 Ayahs • Meccan
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ لَآ أُقْسِمُ بِهَٰذَا ٱلْبَلَدِ
ХIан-хIа! Дуй боу Аса хIоккху гIалах /Макках/.
وَأَنتَ حِلٌّۢ بِهَٰذَا ٱلْبَلَدِ
Хьо /хIай Мухьаммад/ хьанал ву-кх цу гIалахь!
وَوَالِدٍۢ وَمَا وَلَدَ
Дех /Адамах/ дуй боу Аса‚ цо дуьнена ваьккхиначух а /цуьнан доьзалах - нахах/:
لَقَدْ خَلَقْنَا ٱلْإِنسَٰنَ فِى كَبَدٍ
Оха кхоьллина адам халонгахь.
أَيَحْسَبُ أَن لَّن يَقْدِرَ عَلَيْهِ أَحَدٌۭ
Цуна метта-те шена тIехь цхьаннена ницIкъ кхочур бац?
يَقُولُ أَهْلَكْتُ مَالًۭا لُّبَدًا
Цо олу: "Аса дуккха даьхни хIаллак дина".
أَيَحْسَبُ أَن لَّمْ يَرَهُۥٓ أَحَدٌ
Цуна метта-те ша цхьаннена гина вац?
أَلَمْ نَجْعَل لَّهُۥ عَيْنَيْنِ
Оха цуна ши бIаьрг ца бина?
وَلِسَانًۭا وَشَفَتَيْنِ
Мотт а‚ ши балда а /ца дина/?
وَهَدَيْنَٰهُ ٱلنَّجْدَيْنِ
Оха нисвина иза /дикачунна а‚ вочунна а тIе боьдучу/ шина новкъа.
فَلَا ٱقْتَحَمَ ٱلْعَقَبَةَ
Ирхо яхьан хьала ца гIирти иза.
وَمَآ أَدْرَىٰكَ مَا ٱلْعَقَبَةُ
Хьоьга стено хаийтина‚ иза хIун ирхо яхьар ду?
فَكُّ رَقَبَةٍ
Лай азат ваккхар ду.
أَوْ إِطْعَٰمٌۭ فِى يَوْمٍۢ ذِى مَسْغَبَةٍۢ
Я хIума яор ду мацалла йолчу дийнахь
يَتِيمًۭا ذَا مَقْرَبَةٍ
Шен гергара долчу боберана‚
أَوْ مِسْكِينًۭا ذَا مَتْرَبَةٍۢ
ЧIогIа къоьлла йолчу мискачунна.
ثُمَّ كَانَ مِنَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَتَوَاصَوْا۟ بِٱلصَّبْرِ وَتَوَاصَوْا۟ بِٱلْمَرْحَمَةِ
ТIаккха /иза дахь/ хир ву иза иман диллинчарех а‚ вовшашка собаре хила олуш весет диначарех а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш весет диначарех а.
أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلْمَيْمَنَةِ
Уьш бу аьтту агIонан /ялсаманин/ дай.
وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا هُمْ أَصْحَٰبُ ٱلْمَشْـَٔمَةِ
Тхан аятех цатешнарш - уьш бу аьрру агIонан /жоьжахатин/ дай.
عَلَيْهِمْ نَارٌۭ مُّؤْصَدَةٌۢ
Царна хир ю /шен неIарш царна тIехь/ къевлина цIе.